Салес, Рубенс
Йуьззина цӀе | Салес Рубенс де Мораэс | |||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1891 шеран 14 октябрь | |||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Сан-Мануэл, Бразили | |||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 1934 шеран 21 июль (42 шо) | |||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Сан-Паулу, Бразили | |||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
|||||||||||||||||||||
Позици | тӀелатархо | |||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||
|
Салес Рубенс де Мораэс (порт.-браз. Rubens de Moraes Salles; 1891 шеран 14 октябрь, Сан-Мануэл — 1934 шеран 21 июлехь, Сан-Паулу), цхьацца хьосташкахь Саллес — бразилин футболист, тӀелатархо. Бразилин гулйина командин исторехь хьалхара капитан а, тренер а[1][2]. «Декъа гӀа» цӀе тиллина буьрка тоьхна дуьххьарлера футболист, авторалла тӀаьхьо Дидин тӀейазйина[3]. Бразилин футболан исторехь дозанал арахьарчу клуьо шайна йукъахь ловзар кховдийна дуьххьарлерачу футболистех цхьаъ[1].
Карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]
Рубенс Салес, къаьхьу кхиочу хьалдолу фермеран а, Сан-Мануэл гӀала йинчу Салес Отавио де Мораэсан кӀант[2], ловза волавелла 11 шо долуш шен доттагӀашца[1]. 1902 шарахь дуьйна иза ловза волавелира «Паулистанон» кегийрхойн клубашна йукъахь, ткъа 1906 шарахь дуьйна коьртачу командехь[4]. 1910 шарахь ингалсан «Коринтиан» клуб ловза йеира Бразили. Матч чекхйаьлчи Салеса боккха битам бира британин векалийн коьртана, Ингалсехь оцу клубехь ловза таро а, контракт а кховдийра. Рубенсан хаза-м хийтира, амма реза ца хилира[1]. Оццу шарахь тӀелатархо хилира уггаре дика бомбардир Сан-Паулу штатан чемпионатан. «Паулистано» йукъахь Рубенс левзира 1920 шо кхаччалц, йаьккхира штатан чемпионан 6 титул[5] а, 5-зза йаьккхира шолгӀа меттиг[6].
1914 шеран 21 июлехь Салес, капитан а, коьрта тренер а волуш (цуо кхочушйора техникин комиссин председателан роль, цунна йукъахь, масала, Лагрека Силвио), Бразилин гулйина команда арайаьккхира исторера дуьххьарлерачу матче, оцу матчехь цуьнан команда туьйлира ингалсан «Эксетер Сити» клубал. Гулйина командехь левзина кхаа матчехь, тӀаьххьарчу матчехь цуьнан командо иэшийра Аргентина, ткъа цхьаъ бен тоьхна йоцу буьрка туьйхира Салеса. Цул сов, и буьрка бахьнехь гулйина командо йаьккхира исторехь шен дуьххьарлера хӀонс — Рокан Кад[7]. Иштта, цул хьалхарчу шина шарахь, Салес левзира цхьа матч, туьйхира цхьа гол гулйина командехь, цунах элира Бразилин цхьаьнатоьхна команда, и матчаш къобал йеш йац Бразилин футболан конфедерацис[8].
Ловзархочуьнан карьера чекхйаьккхина, Салесахь тренер хилира. 1930 шарахь дуьйна иза тренер вара «Сан-Паулу да Флореста» клубан. Цуьнан хьалхарчу ловзарехь, 9 мартехь, «Сан-Паулу» хӀаллакйира «Ипиранга» 3:0 чоьтаца. Ткъа тӀаьххьарчу матчехь, 1934 шеран 8 июлехь, «Коринтиансца» 0:0 левзира. Салесан куьйгаллехь «Сан-Паулу» левзина 116 матчехь, 71-за тоьлла, 29 – цхьан а ца тоьлла, 16 – иэшна. Оцу ловзаршкахь Рубенсан командо чутоьхна 431 гол, ткъа чутохийтина 169 буьрка[9]. Оцу муьрехь клубо, командин исторехь, йаьккхира штатан чемпионан титул[1].
Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Салес Рубенс зуда йалийна вара. Цуьнан йоӀ йара Элена Салесceen, цунах неканча хилира, бразилин командин йукъахь дакъалецира 1936 шеран Олимпийн ловзаршкахь Берлинехь[2].
Дуьненайукъара статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]
Бразилин гулйина командера Салес Рубенсан матчаш | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
№ | Терахь | Дуьхьала йерг | Чот | Голаш | ||
1 | 21 июль 1914 | ![]() |
2:0 | — | ||
2 | 24 сентябрь 1914 | ![]() |
3:1 | — | ||
3 | 27 сентябрь 1914 | ![]() |
1:0 | 1 |
Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ловзархочуьнан[нисйе бӀаьра | нисйе]
Командин[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Сан-Паулу штатан чемпион (6): 1908, 1913, 1916, 1917, 1918, 1919
Долара[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Сан-Паулу штатан чемпионатан уггаре дика бомбардир: 1910 (10 гол)
Тренеран[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Сан-Паулу штатан чемпион: 1931
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 3 4 5 Rubens Salles, the first Brazilian leader Архивйина 2017-03-05 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 Historiador resgata memória do primeiro técnico e capitão da Seleção
- ↑ Игорь Фесуненко. Бразили, футбол, торсида. — Олма-Пресс, 2003. — 544 с. — 3000 экз. — ISBN 5-224-03297-0.
- ↑ Rubens Salles desenhado em 1928 Архивйина 2017-03-06 — Wayback Machine
- ↑ Primeiro técnico na história da Seleção Brasileira de Futebol é de São Manuel Архивйина 2017-03-06 — Wayback Machine
- ↑ O Primeiro técnico da seleção Brasileira de futebol é de São Manuel
- ↑ Seleção Brasileira (Brazilian National Team) 1914—1922
- ↑ Pré-Seleção Brasileira (Pre-Brazilian National Team) 1906—1913
- ↑ Rubens Salles (1930/1934)
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Профиль на sambafoot.com(ТӀе цакхочу хьажорг)
ХӀара Бразилин футболистах лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
- Бинарш 14 октябрехь
- Бинарш 1891 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Сан-Мануэлехь
- Белларш 21 июлехь
- Белларш 1934 шарахь
- Белларш Сан-Паулухь
- Википеди:Суьрташ доцу футболистех йаззамаш
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- Бразилин футболисташ
- Футболех ловзаран Бразилин гулйина командин ловзархой
- ФК «Паулистано» ловзархой
- Бразилин футболан тренераш
- Футболех ловзаран Бразилин гулйина командин тренераш
- ФК «Сан-Паулу» тренераш