Салас-е Бабаджани (шахӀрестан)
| ШахӀрестан | |
| Салас-е Бабаджани шахӀрестан | |
|---|---|
| гӀаж. شهرستان ثلاث باباجانی | |
| | |
| 34°49′ къ. ш. 46°02′ м. д.HGЯO | |
| Пачхьалкх | Иран |
| Йукъайоду | КерманшахӀ |
| Адм. центр | ТазехӀабад |
| Истори а, географи а | |
| Сахьтан аса | UTC+3:30 |
| Бахархой | |
| Бахархой | 35 219 стаг (2016) |
|
|
|
Салас-е Бабаджани шахӀрестан (гӀаж. شهرستان ثلاث باباجانی) — Иранан КерманшахӀ останехь йолу административан кӀошт (шахӀрестан) йу. Цуьнан административан центр йу ТазехӀабад гӀала[1].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шира истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дарне — кӀоштара историн меттиг йу, иза хьахийна Геродота (в. э. й. V бӀешо) а, Птолемейс а (в. э. I бӀешо). Итт бӀешаршкахь Дарне Дертенг, ХӀулван а, Баджалан а династийн коьрта гӀала хилла, амма хӀинца иза Йуккъера бахш йукъара Доли Дере кӀоштара жима йуьрт йу.
Административан истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]2011 шеран халкъан ларар дӀадаьллачул тӀаьхьа, Джейгаран а, СаркъалӀа а йуьртан гуонаш Эзгеле бахш йукъара дӀа а йаьхна, Сарпол-е ЗахӀаб шахӀрестан йукъа дехьайехира[2].
2019 шарахь Замкан йуьртан гуо Йуккъера бахшах дӀахадийра, керла Замкан бахш кхуллуш[3].
2017 шеран мохкбегор
[бӀаьра нисйан | нисйан]2017 шеран 12 ноябрехь Иранан-Иракъан дозанехь 7,3 магнитуда йолу мохкбегор хилира. Цуьнан эпицентр Салас-е Бабаджани шахӀрестанан Эзгеле кӀоштахь йара.
Бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бахархойн дукхалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]2006 шеран ларарца шахӀрестанан бахархой бара 37 056 стаг (7 734 доьзал)[4]. 2011 шеран рогӀера ларарца бахархойн дукхалла хилира 38 475 стаг (8 830 доьзал)[5]. 2016 шеран лараро гайтира шахӀрестанехь 35 219 стаг (9 270 доьзал) вехаш хилар[6].
Административан йекъайалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Салас-е Бабаджани шахӀрестанан бахархойн истори а, административан структура а кхаа лараран жамӀашца лахахь гайтина йу.
| Административан декъаш | 2006 | 2011 | 2016 |
|---|---|---|---|
| Йуккъера бахш | 29 931 | 31 352 | 31 761 |
| Дашт-е ХӀор ЙГӀ | 7 831 | 6 806 | 5 434 |
| Хане Шур ЙГӀ | 7 623 | 6 253 | 6 556 |
| Замкан ЙГӀ[lower-alpha 1] | 6 998 | 6 213 | 5 070 |
| ТазехӀабад (гӀала) | 7 479 | 12 080 | 14 701 |
| Эзгеле бахш | 7 125 | 7 032 | 3 311 |
| Джейгаран ЙГӀ[lower-alpha 2] | 2 867 | 3 202 | |
| Эзгеле ЙГӀ | 2 710 | 1 943 | 1 809 |
| СаркъалӀа ЙГӀ[lower-alpha 2] | 609 | 631 | |
| Эзгеле (гӀала) | 939 | 1 256 | 1 502 |
| Замкан бахш[lower-alpha 3] | |||
| Къилба Замкан ЙГӀ[lower-alpha 4] | |||
| Къилбаседа Замкан ЙГӀ[lower-alpha 3] | |||
| Йерриге | 37 056 | 38 475 | 35 219 |
| ЙГӀ — Йуьртан гуо | |||
ГӀарабевлла нах
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хана Къубади (1700–1759) — таханлера Салас-е Бабаджани шахӀрестанан махкахь хиллачу Дертенг а, Баджалан а династийн коьрта гӀалахь Дарнехь вехаш хилла ву. Цуо исторехь дуьххьара Къуръан курдийн матте дехьадаьккхина.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Викилармера Салас-е Бабаджани (шахӀрестан) темица йолу медиафайлаш
Комментареш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 2016 шеран ларар хиллачул тӀаьхьа Замкан бахш йукъа дехьайаьккхина
- 1 2 Сарпол-е ЗахӀаб шахӀрестан йукъа дехьайаьккхина[2]
- 1 2 2016 шеран ларар хиллачул тӀаьхьа кхоьллина[3]
- ↑ Хьалха — Замкан йуьртан гуо[3]
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Aref, Mohammad Reza (2021). Divisional reforms in Kermanshah province (Proposal 1.4.42.109582). rc.majlis.ir (Report)(гӀаж.). Ministry of the Interior, Political-Defense Commission of the Government Board. Архивйина 2021 ш. 11 июлехь. ТӀекхачаран де: 2024 ш. 29 январехь.
- 1 2 Jahangiri, Ishaq (2023). Letter of approval regarding national divisions in Sarpol-e Zahab County (Proposal 188518). qavanin.ir (Report)(гӀаж.). Ministry of the Interior. Архивйина 2023 ш. 18 июлехь. ТӀекхачаран де: 2023 ш. 18 июлехь.
- 1 2 3 Jahangiri, Ishaq Letter of approval regarding national divisions in Kermanshah province (Proposal 42331) (гӀажар.). sdil.ac.ir. Ministry of the Interior, Council of Ministers (2019 шеран 14 апрель). ТӀекхочу дата: 2023 шеран 17 июль. Архивйина 2023 шеран 17 июлехь Архивйина 2019-06-29 — Wayback Machine
- ↑ Census of the Islamic Republic of Iran, 1385 (2006): Kermanshah Province. amar.org.ir (Report)(гӀаж.). The Statistical Center of Iran. Архивйина 2011 ш. 20 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2022 ш. 25 сентябрехь.
- ↑ Census of the Islamic Republic of Iran, 1390 (2011): Kermanshah Province. irandataportal.syr.edu (Report)(гӀаж.). The Statistical Center of Iran. Архивйина 2023 ш. 18 январехь. ТӀекхачаран де: 2022 ш. 19 декабрехь.
- ↑ Census of the Islamic Republic of Iran, 1395 (2016): Kermanshah Province. amar.org.ir (Report)(гӀаж.). The Statistical Center of Iran. Архивйина 2022 ш. 03 апрелехь. ТӀекхачаран де: 2022 ш. 19 декабрехь.