Сайдумова Зулай

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Сайдумова Зулай
Сайдумова, Зулай Мадаевна.jpg
ГӀуллакхан тайпа культурин гӀуллакххо
Вина терахь 1952 шеран 6 февраль({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (67 шо)
Вина меттиг Чиили станци Кзыл-Ордан область, Кхазакхийн ССР
Да Магомадов Мада
Нана Магомадова Зугаша
Майра Хьамид
Бераш кӀентий: Сайдумов Джамбулат, Сайдумов Марат[1]
СовгӀаташ

Нохчийн Республикин сийлахь культурин белхахоЗаслуженный работник культуры Российской Федерации.Нагрудный знак.jpgМедаль «За высокие достижения» (Министерство культуры Чеченской Республики)М.Ю. Лермонтовн 200-шо" иэсаллин мидалМедаль «За ратную доблесть»Медаль «100 лет профсоюзам России»Знак «Директор года»Медаль «60 лет Российскому профсоюзу работников культуры».

Сайдумова Зулай (йина 1952 шеран 6 февраль, Чиили станци, Кзыл-Ордан область, Кхазакхийн ССР) — Российн а, нохчийн а культурин гӀуллакххо.

Директор Республикан берийн библиотекин, Российн сийлахь культурин белхахо[2][3][4], Нохчийчоьнан сийлахь культурин белхахо[5][4], Российн берийн фондан урхаллин декъашхо[6][5][4]. „Культурехь болчу кхиамашна“ мидалца Зулайн совгӀат дина[7]. Советийн центран а, федералан а библиотекийн арахецаршна юкъаяханчу Ӏилманан-методикан публикацийн автор: „Библиотекарь“, „Информацин бюллетень РБА“.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Къоналла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йина 1952 шеран 6 февралехь, Кхазакхийн ССР-н Кзыл-Ордан областехь, Чиили станцехь махкахбаьхначу дукха бераш долчу доьзалехь. Доьзалехь йиъ йиша а, цхьа ваша дара. Сайдумова Зулайн дайн юрт ламанан ГӀуш-корт лаьтта Нохчийчоьнан Шуьтан кӀоштахь лаьтта[6]. 1957 шарахь доьзал цӀабирзира Нохч-ГӀалгӀайн АССРе. Дас-нанас оьзда кхиира шайн доьзал, царна массаьрга дешийта а гӀерташ[6]. 1959 шарахь Сайдумова Зулай хьалхарчу классе яхара Соьлжа-ГӀалин № 2 йолчу интернат-школехь. 1968 шарахь Соьлжа-ГӀалин № 38 йолчу школехь чекхъяьккхира юккъера школа[6]. 1969 шарахь дуьйна „Комсомольское племя“ цӀе йолчу газетан редакцица белхан зӀе латтийна (Нохч-ГӀалгӀайн ВЛКСМ-н обкоман зорбанан орган), журналистикин курсаш чекхъехира газетан редакцехь дӀайиллинчу къоначу корреспондентийн школехь[6]. 1971 шарахь чекхъяьккхира Соьлжа-ГӀалин культурни-серлонан училище (библиотечни отделени)[6]. 1979 шарахь дешна СССР-н ДОСААФехь йолчу Соьлжа-ГӀалин радиотехнически школехь (Ленинан ерригсоюзан орденан, ЦӀечу Байракхан орденан армин, авиацин, флотан гӀо лацаран шен лааме юкъаралла,) тӀехдика кхиамца дешар чекх а даьккхира[6]. 1993 шарахь чекхъяьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологически факультет[6]. 2001 шарахь Российн Федерацин къоман библиотекаш бохучу Российн пачхьалкхан библиотекин базехь йолчу „Библиотековедени“ леринчу программица йолу квалификаци лакхаяккхаран курсаш а, стажировка а чекхъяьккхира Сайдумова Зулайс[1].

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нохчийн Республикин кхолламечу процессашкахь З. М. СайдумовгӀеран доьзало гуттар жигара дакъа лоцу. Кхиийна ши кӀант: Сайдумов Хьамидан Джамбулат — юридически Ӏилманан доктор, Нохчийн Республикин сийлахь Ӏилманан гӀуллакххо, РИНЦ-н системана юкъаялийнчу, Нохчийн Республикин пачхьалкхан-бакъонийн кхиорна леринчу 150 сов Ӏилманан публикацин автор[1]. Сайдумов Хьамидан Марат — Российн Ӏилманийн академин Х. И. Ибрагимовн цӀарахчу Комплексни Ӏилманан-талламан институтан Ӏилманан белхахо, Нохчийн Республикин коьртачу шахьарана — Соьлжа-ГӀалина 200 шо кхачарна леринчу „Город Грозный — символ чеченского народа“ цӀе йолчу книгин автор (Грозный, 2018). Соьлжа-ГӀалина 200 шо кхачаран даздаршна леринчу Ӏилманан-талламан конкурсан толамхо. Коьртачу шахьаран цхьа меттиг а къастийна, шайггара масал гойтуш, мехала дакъа лаьцна Соьлжа-ГӀала кечъярехь[1].

Къинхьегаме гӀуллакхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Шен къинхьегаме некъ болийна 1972 шарахь А. П. Гайдаран цӀарахчу Республикански берийн библиотекехь (НГӀАССР)[6]. Шен белхан корматалла ца хуьйцуш, 46 шарахь сов болх бина библиотечни системехь. Ма-дарра аьлча, Нохчийн Республикин коьртачу шина библиотекин исторех цхьаъ йозуш ю З. М. Сайдумован цӀарца[6]. Шен белхан некъан бохаллехь методистана тӀера Нохчийн Республикин коьртачу берийн библиотекин директоран дарже кхиъна иза. Шеггарчу корматаллин дакъалацарна а, Сайдумова къинхьегамна тӀера хиларна а берашца болхбаран методически центр хила дӀахӀоьттира библиотека (ХХ бӀешеран 90 шш. уггаре халачу а, чолхечу а шерашкахь.). Сайдумован корматаллин а, къинхьегаме а гӀуллакх хьажийна дара книгица а, ешарца а дуьненаюкъара юкъаметтиг а, Российн къаьмнашна юкъара зӀенаш а чӀагӀъярна. 1994 шерийн хиламаш хиллачул тӀаьхьа Сайдумовас шен балхаца а, доггах къахьегарца а Нохчийн Республикин берийн библиотека юхаметтахӀотто аьтто бира, книгийн фонд гулъяран а, Ӏалашъяран а болх дӀанисбира. Соьлжа-ГӀаларчу куьйган стадионехь цо тарйинчу хӀусамехь, цуьнан белхан бахьанина 1995 шеран апрелехь йохийнчу Соьлжа-ГӀалахь юха а болх бан йолаелира берийн библиотека[6]. Берийн библиотека шолгӀа юхаметтахӀоттор З. М. Сайдумовас кхочушдира 2000 шеран мартехь. Цуьнан куьйгаллехь йолу Республикан берийн библиотека республика дуьххьарлера культурин учреждени яра, чолхе хенаш дӀаевллинчул тӀаьхьа юхаметтахӀоттийна[6].

Сайдумова Зулайс кхиамца юкъаялийра юхаметтахӀоттийна Нохчийчоьнан Республикан берийн библиотека библиотечни шортенашка Российн Федераци, эвсараллица кхочушдо Российн берийн а, иштта кхийолчу библиотекашца декъахалла[6]. Цуьнан шеггара вовшахтохараллин похӀмалло, ша хаьржинчу корматалле болу цӀена даггарчу безамо а, тешамо а С. Михалковн цӀарахчу Республикански берийн библиотеках йира республикин кегийчу ешархойн юкъаметтигаллин синан-серлонан центр[6]. ТӀом сецначул тӀаьхьа дӀаяьхьанчу Нохчийн Республикехь библиотекийн ешархойн юкъахь „Мы мечтой о мире живем“ цӀе йолчу конкурсан вовшахтохархо ю Сайдумова. ТӀом сецначул тӀаьхьа библиотекийн ешархойн юкъахь дӀаяьхьана „Мы мечтой о мире живем“ цӀе йолу конкурс»[6]. З. М. Сайдумовас боккха тидам тӀебохуьйту заьӀап-берийн библиотечни гӀуллакхе хьажарехь. 2000 чу шарера 2005 чу шаре кхаччалц кечйинчу а, юкъаялийнчу а «Дорогу осилит идущий» цӀе йолчу программин автор ю и[6]. З. М. Сайдумован кхиаме зеделларг гайтина ду № 33 йолчу «Бюллетень РБА» цӀе йолчу 2005 шеран библиотечни арахецарехь[6]. Юхакхолларан чолхечу муьрехь Республикин библиотечни юкъараллин консолидаци ярна хьажийнчу «Библиотекарь года — 2005 г.» цӀе йолчу дуьххьарлерчу Нохчийн Республика республикански конкурсан инициатор а, кечйийриг а, вовшахтохархо а хилира[6].

Конкурсех лаьцна дийцира республикански прессехь а, № 37 йолчу Информационный бюллетень РБА бохучу 2006 шеран федеральни библиотечни журналехь а[6]. Сайдумова Зулайс кеч а йира, кхочуш а йира Республикански берийн библиотекийн балхахь «Детские уроки толерантности» цӀе йолу проект, цуьнан чулацам цо кхиамца гайтира Геленджик гӀалахь 2007 шеран июнехь Российн берийн библиотекийн 13-чу кхоллараллин лабораторехь[6] 2000 шерийн юьххьехь Нохчийн Республика юхаметтахӀотторан чолхечу хьелашкахь къона тӀаьхье кхетош-кхиорехь З. М. Сайдумован хьуьнарийн пусар а, лерам а карийра Нохчийн Республикехь а, Российн Федерацехь а. 2001 шарера 2009 шаре кхаччалц болчу муьрера З. М. Сайдумован корматаллин гӀуллакхалла шадерриге хьажийна дара библиотекехь машаран кхерч дӀахӀотторна. Цуьнан гӀараяьллачу корматаллин девизех ю «Массо тоьлларг берашна кхачо хьовса тхо», "Хьан сийлалла-Книга! Баркалла хьуна, адам хила гӀо дарна, ткъа уггаре коьртаниг сайн корматаллин харжам къастий. Книгица ду сан дахар, со — библиотекарь ю. Со йоккхайо цунах![6]. 2012 шарахь З. М. Сайдумовас куьйгалла ден библиотека «Российн культурин тоьлла учрежденеш» цӀе йолчу къоман реестр юкъаяхара. Республикин тайп-тайпанчу дешаран учрежденийн дешархойн культурни-эстетически кхиорехь цхьана системехь дӀахьуш ду юкъаметтиг лелор. И гӀуллакх Российн Федерацин чоьхьарчу гӀуллакхийн Министерствоно Баркаллин кехатца къастийра письмом Соьлжа-ГӀаларчу Суворовн училищин[6]. Цо Нохчийн Республикин библиотечни система юхаметтахӀотторан а, дӀахӀотторан а муьрехь гайтинчу кхиамечу зеделлачух а, лакхарчу корматаллех а лаьцна 2015 шарахь Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин «Вестникехь» (№ 3 (28) 2015 араелира комплексни статья[6]. Библиотекин культурни-серлонан гӀуллакхехь уггаре коьртачу хиламех бу З. М. Сайдумовас кечйина а, кхиаме зийна культурни-серлонан ловзаран телевизионный проект «Гаьнгали» (оьрс. м. «Качели»). З. М. Сайдумован авторский проектана инновационни хиларх терра 2015 шарахь Российн Федерацин Президентан грант елира[6]. З. М. Сайдумован кхиамечу зеделлачух кест-кеста пайдаоьцу Российн Федерацин субъектийн кхийолчу библиотекин коллегаша. Цуьнан цӀе евзаш ю пачхьалкхан библиотечни гонашкахь, Российн Федерацин коллегийн цуьнга лерам а, пусар а ду, шуьйрачу хаамийн зорбанийн гӀирсашкахь цуьнан амалех хьахориг ю хьекъал, гӀиллакх, бакъхьара адам хилар а[6]. З. М. Сайдумован къинхьегаме гӀуллакхалла, керла зеделларг а, корматалла а гайтина республикански а, региональни а зорбанан, электронни арахецаршкахь язйинчу дуккха а публикацешкахь а, интернет-ресурсийн телевизионни каналашкахь а[6]. Коьртачу центральни советскийн а, федеральни библиотечни а арахецаршкахь цхьамоггӀа Ӏилманан-методически публикацийн автор ю Сайдумова Зулай: «Библиотекарь» № 9 (1990 г.), № 10 (1991 г.), Информационный бюллетень РБА № 33 (2005), № 51 (2009)[6]. 1972 шарера дуьйна таханлерчу дийне кхаччалц масийта шеран З. М. Сайдумован къинхьегаман гӀуллакх хьажийна ю библиотекарийн корматаллин сий шордарна а, кегийчу гражданашца жоьпаллин юкъаметтиг лелорна. Цо кест-кеста дӀахьо кегийрхой кхетош-кхиорна хьажийна культурина а, ламасташна а, къоман Ӏадаташна лерина мероприятеш[6].

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 2001 шарахь «Книги строят мосты» цӀе йолчу регионашна юкъара берийн фестивалехь жигара дакъа лацарна Ростовн областан культурин министерствон а, Ростовн областан берийн библиотекин сийлаллин диплом делира[1].
  • Нохчийн Республикин сийлахь культурин белхахо 2003 шарахь Нохчийн Республикин сийлахь культурин белхахо лакхара цӀе елира[1].

• 2003 ш. Нохчийн Республикин Конституци тӀеэцаран республикански референдум дӀаяхьарехь мехала дакъа лацарна РФ Президента В. В. Путинас Баркаллин кехат делира[1].

  • Медаль "Мидал «Российн профсоюзийн 100 шо» 2004 ш. дуккха а шерашкахь корматаллин гӀуллакх дӀадахьарна совгӀат дира «Российн профсоюзийн 100 шо» юбилейн мидалца. (Российн профсоюзийн цхьаннах йозуш йоцу Федераци)[1].
  • 2005 ш. къоман культура ларъярехь, кхиорехь, пропаганда ярехь мехала гӀуллакх дарна а, иштта Москвахь Нохчийн Республикин культурин Де дӀадахьарна Нохчийн Республикин Президентан Баркаллин кехат[1].
  • 2006 ш. къона тӀаьхье кхетош-кхиорехь мехала гӀуллакх дарна Нохчийн Республикин Парламентан Республикин Кхеташонан Сийлаллин грамотица совгӀат дира.

2008 ш. Нохчийн Республикин культура а, искусство а кхиорехь мехала гӀуллакх дарна Нохчийн Республикин Парламентан Халкъан Гуламан Сийлаллин грамотица совгӀат дина[1].

  • Заслуженный работник культуры Российской Федерации.Нагрудный знак.jpg 200 8 ш. Российн Президента Российн елира лакхара сийлаллин цӀе Российн Федерацин сийлахь культурин белхахо[1].
  • В 2011 ш. Интеллектуальни къинхьегаман кхоченан сонешкахь ша ца кхоош гӀуллакх дарна «Нохчийн Республикин интеллектуальни центр» цӀе йолчу Региональни юкъараллин организацино «Ша ца кхоорна» (За подвижничество) цӀе йолчу номинацехь преми елира.
  • Мидал «Лакхарчу кхиамашна» (Нохчийн Республикин культурин Министерство) 2012 ш. Нохчийн Республикин культурин министерствоно Зулай Сайдумован совгӀат дира «Лакхарчу кхиамашна» бохучу мидалца[1][8][9].

2014 ш. гражданаш патриотически кхиорехь жигара болх барна а, къоначу тӀахьенехь хьомечу Даймахкана патриотизм кхиорехь гайтинчу лакхарчу кхиамашна а, корматаллина а Российн Федерацин Правительствохь йолчу Российн пачхьалкхан тӀеман историкин-культурин центро Сайдумова Зулайна елира сийлаллин знак «Российн Федерацин гражданаш патриотически кхиорехь жигара дакъа лацарна» аьлла[1].

  • М.Ю. Лермонтовн 200-шо" иэсаллин мидал 2014 ш. Российн Федерацин культурин министра «200 лет со дня рождения М. Ю. Лермонтова» иэсаллин мидал елира[1].
  • Знак «Директор года» 2015 ш. «Российн 100 тоьлла библиотека» цӀе йолчу конкурсехь (РФ Пачхьалкхан Думин ФС вовшахтоьхначу) совгӀат дира «Директор года» аьлла диплом а, знак а яларца.
  • 2016 ш. «Российн Символ» цӀе йолу региональни муьран Ерригроссийн олимпиада вовшахтохарна баркалла кхайкхийра Российн пачхьалкхан берийн библиотеко[1].

2016 ш. къоначу тӀахьенехь гӀиллакх-оьздангаллин а, синан мехаллин кепаш дӀахӀотторехь дӀахьучу жигара болх бахьанехь Российн Федерацин культурин министра баркалла элира[1]. 2017 ш. Нохчийн Республикин библиотечни гӀуллакх кхиорехь мехала гӀуллакх дарна, тешаме а, даггара къахьегарна Нохчийн Республикин культурин министра сийлаллин грамотица совгӀат дира[1].

  • 2017 «Российн символаш. Ӏаламан хазна» цӀе йолу региональни муьран Ерригроссийн литературни-географин проект вовшахтохарна къастийна ю Баркаллин кехатца[1].
  • Мидал «Культурин белхахойн российн профсоюзан 60 ш»..

2018 ш. культура кхиорна доккха мехала гӀуллакх дарна «Культурин белхахойн российн профсоюзан 60 ш» юбилейн мидал елира[1]. 2018 ш. 25 октябрехь Нохчийн Республикин культурин министерствон коллегин кхеташонехь, дуккха а шерашкахь кхиаме а, даггара къахьегарна, цхьана бартаца кхаж тасарца Российн Федерацин Къинхьегаман Турпалхо цӀе яла къастийра.

  • Медаль «Файл: Мидал „БӀахаллин хьуьнаршна“» 2019 ш. дуккха а шерашкахь доггаха къахьегарна а, серлонан гӀуллакхаллина а, контртеррористически операцин чолхечу хьелашкахь Нохчийн Республикин республикански берийн библиотека юхаметтахӀотторна а Афганистанан а, локальни тӀемийн а, Нохчийн Республикин тӀеман конфликтийн а ветеранийн Союзо совгӀат дира «БӀахаллин хьуьнаршна» мидалца[10].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 Сайдумова Зулай Мадаевна
  2. Российн Федерацин пачхьалкхан совгӀаташца совгӀат даран РОССИЙН ФЕДЕРАЦИН ПРЕЗИДЕНТАН У К А З искусствехь а, дуккха шерашкахь кхоллараллин а, юкъараллин а гӀуллакхдарехь а кхочушдинчу даккхийчу гӀуллакхашна совгӀат де
  3. В добрый путь, «Гаьнгали»! 2012
  4. 1 2 3 Сайдумова Зулай: « Со тешна ю: книга цкъа а лийр яц аьлла 2016
  5. 1 2 С. Михалковн цӀарахчу Республикански берийн библиотека 2015 шерийн Российн библиотекех тоьллачу иттана юкъа яхана
  6. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 Сайдумова Мадин Зулай Социалистийн Къинхьегаман Турпалхочун Сергей Владимирович Михалковн цӀарахчу Республикански берийн библиотекин директор
  7. „Суна дукхаеза сайн корматалла“
  8. Сайдумова Зулайн — 60 шо
  9. С. В. Михалковн цӀарахчу Республикански берийн библиотекин — 70 шо 20016 ш.
  10. «Афганистан — вайн синъиэс» боху къонахаллин урок дӀаяьхьира Республикански берийн библиотекехь 12.02.2019