Чулацаман тӀегӀо

Савадкух (шахӀрестан)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ШахӀрестан
Савадкух шахӀрестан
гӀаж. شهرستان سوادکوه
Вереск тӀай
Реза-шахӀан цӀа
Ладжим бӀов
Шапур
Алашт
Алборз дамба
36°06′ къ. ш. 52°56′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Иран
Йукъайоду Мазандаран
Адм. центр Пол-е Сефид
Истори а, географи а
Латта
  • 2078 km²
Сахьтан аса UTC+3:30
Йаккхий гӀаланаш Пол-е Сефид, Зираб, Алашт
Бахархой
Бахархой 43 913 стаг (2016)
Къаьмнийн хӀоттам Мазандаранхой
Савадкух шахӀрестан картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Савадкух шахӀрестан (гӀаж. شهرستان سوادکوه) — Иранан Мазандаран останан административан дакъа (шахӀрестан) йу. Административан центр — Пол-е Сефид гӀала йу[1].

Савадкух шира регион йу. Йоккха Дарий паччахьо Бехистунан йозанехь хьахайо хӀара латташ ПӀатишвареш (Pâtišvâreš) цӀарца. Сасанидхойн заманахь Шапур I-чо Кааба-и Зартоштехь хьахайо ПӀадешхӀар (Pâdešxâr) цӀе.

Административан хийцамаш: 2012 шарахь Каселийан а, СорхӀкола а йуьртан гуонаш, иштта Зираб гӀала Йукъара бахш йукъара хьаькхна, Зираб бахш кхоьллина[2]. 2013 шарахь шахӀрестанах хьаькхна ШиргахӀ бахш, цунах кхоьллина Къилбаседа Савадкух шахӀрестан[3].

2006 шеран халкъан ларарца шахӀрестанан бахархойн дукхалла йара 66 430 стаг (17 918 доьзал)[4]. 2011 шарахь — 64 378 стаг (19 506 доьзал)[5]. 2016 шеран лараро гайтира бахархой 43 913 стаг хилар (14 956 доьзал)[6].

Административан йекъайалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Савадкух шахӀрестанан бахархойн дукхаллин истори а, административан хӀоттам а кхаа ларарца гайтина таблицехь.

Савадкух шахӀрестанан бахархой
Административан йекъайалар2006[4]2011[5]2016[6]
Йукъара бахш42 67940 96922 537
Каселийан й. г.3 8724 064
Раступей й. г.7 0847 5577 529
СорхӀкола й. г.520552
Валупей й. г.3 5384 5355 521
Алашт (гӀала)9768741 193
Пол-е Сефид (гӀала)8 4737 7088 294
Зираб (гӀала)18 21615 679
ШиргахӀ бахш[a]23 75123 409
Лафур й. г.4 8264 493
Малхбален а, Малхбузен а ШиргахӀ й. г.10 39610 787
ШиргахӀ (гӀала)8 5298 129
Зираб бахш21 376
Каселийан й. г.4 217
СорхӀкола й. г.968
Зираб (гӀала)16 191
Йерриг66 43064 37843 913
й. г. = Йуьртан гуо

Савадкух Мазандаран остан йуккъехь йу. Майда 2078 км² йу. ШахӀрестанан лакхара бохь — ХӀеро-Нару (3620 м). Коьрта хиш — Талар а, Бабол-руд а.

Сийлахь меттигаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Вереск тӀайРеза-шахӀан заманахь дуьненан шолгӀа тӀом бале хьалха австрихойн инженерша дина тӀай.
  • Ладжим бӀов — 1022 шарахь йина цилиндран кепара бӀов.
  • КангӀело гӀалаСасанидхойн заманахь йина чӀагӀо.

ГӀарабевлла нах

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Савадкух йу Реза-шахӀанПӀахӀлавийн династи кхоьллинчун — кӀант вина меттиг йу.

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Комментареш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Habibi, Hassan. Approval of the organization of Mazandaran province divisions (гӀажар.). Ministry of the Interior (1990 шеран 12 сентябрь).
  2. Rahimi, Mohammad Reza. Divisional reforms in Mazandaran province (гӀажар.). Ministry of the Interior (2012 шеран 25 июль).
  3. 1 2 Rahimi, Mohammad Reza. North Savadkuh County was established (гӀажар.). Council of Ministers (2013 шеран 9 апрель).
  4. 1 2 General Population and Housing Census 2006: Mazandaran Province (гӀажар.). Statistical Centre of Iran.
  5. 1 2 General Population and Housing Census 2011: Mazandaran Province (гӀажар.). Statistical Centre of Iran.
  6. 1 2 General Population and Housing Census 2016: Mazandaran Province (гӀажар.). Statistical Centre of Iran.

Кеп:Мазандаран остан