Сабельников, Фёдор Сидорович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Фёдор Сидорович Сабельников
Вина терахь 1908 шеран 9 май({{padleft:1908|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:9|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1947
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж подполковник[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Суворова III степени орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды

Фёдор Сидорович Сабельников (1908 шеран 9 май, Караични (Харьковн область), Харьковская губерния[d]1947, Соьлжа-ГӀала) — кхиссархойн полкан куьйгалхо, подполковник, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1908 шеран 26 апрелехь (9 майхь) Караичное юртахь (хӀинца Украинан Харькован областан Волчански кӀошт) ахархон доьзаллехь. Иза оьрси вара. Цо ворхӀ класс чекхйаьккхира, цул тӀаьхьа Харьковехь гӀишлоярхо болх бира[1].

1930—1937 шерашкахь иза ЦӀен Эскарехь болх бира. 1932 шо кхаччалц иза вара Ленинградан эскаран округан 6-гӀа доза лардаран отрядехь. 1934 шарахь цо чекхйаьккхира ОГПУн а, доза лардаран а 3-гӀа школан гӀашсалтийн дакъа. 1937 шо кхаччалц иза вара 25-гӀа доза лардаран отрядан заставан кхиссархойн взводан куьйгалхо[1].

1939 шо кхаччалц Сабельников вара тӀаьхьаллоне веккхина — иза туберкулёзан дарба лелош вара. 1939 шеран сентябрехь иза йуха а эскаре дӀакхайкхира. Иза вара лакхара лейтенантан даржехь 18-гӀа армин 147-гӀа кхиссархойн дивизин 600-гӀа кхиссархойн полкан ротан куьйгалхо. Цуьнан полка йара Станислав гӀалан уллехь. Иза кхузахь волуш хенахь болабелира тӀом[1].

Сабельниковс дакъа лецира Станислав а, Умань а, Запорожье а уллехь хилла тӀемашкахь. Запорожьен уллехь цунна чов йира, иза госпитале дӀавигира. 1941 шеран декабрехь Сабельников фронте йуха а хьавеара. 1942 шеран 2 январехь цунна делира капитанан дарж. 18-гӀа армин 216-гӀа кхиссархойн дивизин 467-гӀа кхиссархойн полкан батальонан куьйгалхо волуш цо дакъа лецира Донбасс ларйаран тӀамехь. 1942 шеран июль дуьйна иза хилира Фрунзен цӀарах йолу эскаран академин ладогӀархо. 1942 шеран ноябрехь майор Сабельников Сталинградан фронте хьажийра. Сабельников 64-гӀа армин 422-гӀа кхиссархойн дивизин 1326-гӀа кхиссархойн полкан куьйгалхо волуш дакъа лецира вермахтан 6-гӀа арми хӀаллакйарехь. Сталинградан тӀамехь гайтина майраллина Сабельникован ЦӀен Байракхан орденан йелира, 422-гӀа кхиссархойн дивизехь 81-гӀа гвардин дивизи йира[1].

1943 шеран аьхкен Сабельников 222-гӀа гвардин кхиссархойн полкан кортехь цо дакъа лецира Курскан тӀамехь. Белгород схьайоккхуш куьйгалла говза даран цунна йелира ЦӀен Седан орден[1].

1943 шеран 25 сентябрехь Сабельниковс Новый Орлик — Бородаевка юрташна уллехь шен полк Днепрел дехьа еккхира. Полкас 2 км шуьйра а, 4 км къорга а плацдарм схьа а йаьккхира, мостагӀан доккха зен а дира, кхоьчу дивизин полкашна хих дехьайовла аьтту а бира. 1943 шеран 23 октябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Сабельникован Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1].

1943 шеран декабрехь Сабельникован цамгар меттах йелира. И цамгар бахьнехь цхьана шарахь иза госпиталехь Ӏиллира[1].

1945 шеран 25 январехь подполковник Сабельников йуха а фронте веара. Иза хӀоттийра 2-гӀа Украинан фронтан 7-гӀа гвардин армин 36-гӀа кхиссархойн дивизин 104-гӀа гвардин полкан куьйгалхо. Цо тӀом бира Венгрехь а, Чехословакехь а, Австрехь а. Эстергом уллехь тӀом беш цунна куьган чов йинера, амма иза тӀамера йукъара ца велира. Будапешт а, Братислава а схьайоккхуш говза тӀом бар бахьнехь цунна йелира 3-гӀа даржан Суворован орден[1].

Цо дакъа лецира Квантунски армин хӀаллакйарехь. Иза вара Монголин эскарийн тобанан штабехь Забайкальски фронтан Лакхара Советан векалан гӀонча[1].

1946 шо дуьйна Сабельников вара Соьлжа-Г1алан Молотован военкоматан военком болх беш. И болх цо цхьана шарахь гергга бира. Цуьна цамгар йуха а меттахйелира. 1947 шеран 17 мартехь иза велира. Иза дӀавоьллира Соьлжа-ГӀалин Йукъара кешнашкахь. Цуьнан каш ду регионан даржан хӀоллам лоруш. 2010 шарахь оцу хӀолламан хьал дика дацар[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1988. — Т. 2 /Любов — Ящук/. — 863 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-203-00536-2.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]