Джабна Руми

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Руми нехча тӀера хьажжина кхуза)
Джабна Руми
масри جبنة رومى Gebna Rūmi
Схьаяьлла мохк

Джабна Руми (масри جبنة رومى Gebna Rūmi)Мисаран нехчан сортех коьртачех цхьаъ, уггаре гӀараяьлла Мисрара онда нехча[1]. ЧӀогӀа хьожа ю, тайп-тайпана тӀегӀанера дуьро чам хуьлу (чомалахь латторе хьаьжжина)[2].

Схьаялар ду грекийн нехчанах Кефалотири. Манчего, Идиасабаль, Пекорино Романо нехчанийн доьзалера ю[3]. Йо цӀена аьттан шурех я аьттан шура гомаш шуьрийца иэйой[4]. Шо боллар ца леладо[5]. ТӀетоха мега Ӏаьржа бурч[4]. Кийча сурсат арахоьцу экъан кепара 10 кг барам болуш я вакуум йолу пхьегӀан чохь цастаршкахь. Еттача кӀадло, кӀеззиг даьтта а долуш, амма шен кеп ца хуьйцу[4]. Дааран мехалла — 100 г чохь 353 ккал, хьоналла — 28 %[6].

3—4 бутт баьлча цаста мега. 3 шо гергга хан яьлчи юккъера кхиаран тӀегӀане кхочу, 8—12 шо даьлча «шира» лору. Хан алсама мел ели кӀуон а, цуьргаш дуьйлуш а хуьлу[4].

Эксперимент еш лакхара 70 - 75 °C температурехь цӀиййеш, лахарчу 4 % - 2 % хьоналла йолчу шуьрех йора дика мегар йолуш нехча. Чекхъяьккхина шуран ультрафильтрат тӀетоьхча даьтта а, тӀуналла а охьаяьккхича, тӀекхетара белок, цуо нехчан консистенции алсама чӀагӀйо[7].

Аспергилл (Aspergillus ochraceus) матар ца тасийтархьама а, охратоксинан биосинтез ца хилийтархьама а, нехча шоврахь йоллучу хенахь лелайо шалмаз[8].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Fox, 1999, p. 431.
  2. African Cheese(ингалс.). iFood.tv.
  3. Fox, 2004, p. 11.
  4. 1 2 3 4 Varieties of Cheese(ингалс.). Clovegarden.
  5. Tamime, 2011, p. 143.
  6. Egyptian Roomy Cheese: пищевая ценность. MyFitnessPal, Inc (2012).
  7. Липиды. Архиван копи 2014 шеран 25 декабрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь Всё о технологии молока.
  8. Применение прополиса в медицине // «Её величество пчела» : международный пчеловодческий журнал. — 2013. — № 3. — С. 23.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]