Чулацаман тӀегӀо

Россин Ӏилманан де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
8 февраль — Россин Ӏилманан де

Россин Ӏилманан де8 февраль. Юкъадаьккхина Россин президентан Б. Н. Ельцинан омарца 1999 шеран 7 июнехь[1].

Ӏида дуьххьара даздан долийна Россин Ӏилманийн академин 275 шо кхачар даздечу хенахь.

И Ӏида Россин Ӏилманийн академи а, Академин университет (хӀинца — Петарбухан пачхьалкхан университет) а кхолларан терхьан лерина ду, уьш кхоьллина император Пётр I-рачун лаамца, урхалла дечу Сенатан омарца 1724 шеран 28 январехь (8 февралехь керлачу рузманца).

ССРСхь Ӏилманан де даздора апрелан кхоалгӀачу кӀиран дийнахь, хӀунда аьлчи 1918 шарахь 18 - 25 апрелехь В. И. Ленина «Набросок плана научно-технических работ» цӀе йолу болх язбина дера. Тахана а дуккха Ӏилманан коллективаш Ӏилманан де даздо «ширачу рузманца», аьлча а апрелан кхоалгӀачу кӀирандийнахь (2018 шарахь Ӏида нисделира 15 апрелехь).

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]