Российн Ӏилман де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
8 февраль — Российн Ӏилман де

Российн Ӏилман де8 февраль. Юкъадаьккхина Российн президентан Б. Н. Ельцинан омарца 1999 шеран 7 июнехь[1].

Ӏида дуьххьара даздан долийна Российн Ӏилман академин 275 шо кхачар даздечу хенахь.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

И Ӏида Российн Ӏилман академи а, Академин университет (хӀинца — Пиетарбухан пачхьалкхан университет) а кхолларан терхьан лерина ду, уьш кхоьллина император Пётр I-рачун лаамца, урхалла дечу Сенатан омарца 1724 шеран 28 январехь (8 февралехь керлачу рузманца).

ССРСхь Ӏилман де даздора апрелан кхоалгӀачу кӀиран дийнахь, хӀунда аьлчи 1918 шарахь 18 - 25 апрелехь В. И. Ленина «Набросок плана научно-технических работ» цӀе йолу болх язбина дера. Тахана а дуккха Ӏилман коллективаш Ӏилман де даздо «ширачу рузманца», аьлча а апрелан кхоалгӀачу кӀирандийнахь (2018 шарахь Ӏида нисделира 15 апрелехь).

Хьажа кхин а[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]