Российн Федерацин чоьхьарчу гӀуллакхийн меженийн белхалойн де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Росси Эмблема Российн ЧГӀМ.

Российн Федерацин чоьхьарчу гӀуллакхийн меженийн белхалойн де (1991 шо кхаччалц — Советийн милицин; 2011 шо кхаччалц — Российн милицин де) — Российн Федерацин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллин белхалойн говзаллин Ӏида (1991 шо кхаччалц — ССРС ЧГӀМ). Даздо хӀора шеран 10 ноябрехь.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Милицин дийнахь РФ ЧГӀМ куьйгалло совгӀат до дикачу белхалошна. Москох, Пачхьалкхан Кремлан гӀала, 2001 шеран 10 ноябрь.

1917 шеран [[шо|]] шеран 28 октябрехь (10 ноябрехь) Чоьхьарчу гӀуллакхийн халкъан комиссара А. И. Рыковс куьг яздира «Белхалойн милицех» сацамна[1].

1962 шарахь дуьйна и терахь билгалдоккху говзаллин Ӏида санна, 1962 шеран 26 сентябрехь ССРС Лакхара Кхеташонан Президиуман омар лела даьлча дуьйна.

1980 шарахь дуьйна Советийн милицин де буьйлабелира официалан Ӏида лара, ССРС Лакхара Кхеташонан Президиуман № 3018-Х йолу 1980 шеран 1 октябран «Ӏиданийн а, иэсийн а денойх» цӀе йолу омарца[2], ССРС Лакхара Кхеташонан Президиуман № 9724-XI йолу 1988 шеран 1 ноябран «Ӏиданийн а, иэсийн а денойх долу ССРС законашна хийцам барах» долчу омаранв редакцехь[3].

ХӀора шарахь оцу дийнахь Москохахь даздаран йоккха концерт ло, телевизион чохь а гойтуш. 2000-гӀа шерашкахь дуьйна концерт дӀахьо Пачхьалкхан Кремлан гӀалахь.

2011 шеран 1 мартехь «Полицех» цӀе йолу Федералан закон леладаьлча, 10 ноябран рогӀера Ӏида тӀекхочуш, 2011 шеран 13 октябран Российн Федерацин Президентан № 1348 омарца Ӏидан цӀе хийцира Российн Федерацин чоьхьарчу гӀуллакхийн меженийн белхалойн де аьлла[4].

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «МВД России, энциклопедия». Москва, Объединённая редакция МВД России, 2002.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]