Российн Федерацин тӀемалойн чот

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
№ 6307 Василий Сергеевич Веселайн Ополченхочун билетан 14 а, 15 а агӀонаш, тӀемлойн чоте хӀоттийна билгало Кронштадт а, Пиетарбух гӀаланашкахь, Мариуполан уезда 2-гӀа станехь (станци Волноваха), 1901 шеран кеп.

Российн Федерацин — Российн тӀемалойн чотРоссийн Федерацин гражданийн тӀеман декхараллин коьрта дакъа, цуо латтайо адамийн ресурсийнкхайкхаран а, мобилизацин регистрацин пачхьалкхан система, цунна юкъахь йо мероприятийн комплекс гулъеш, цхьаьна тухуш, хаамийн дукхаллин а, дикаллин а бараман анализ еш.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀемлойн чот Россехь хилла цуьнан кхиаран массо а муьрашкахь, амма хилла тайп-тайпана кепаш а, башхаллаш а.

ТӀеман чоьте хӀитто беза гражданаш[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀеман комиссариаташкахь, меттигера шеш шайн урхаллин меженашкахь, кхолламашкахь тӀеман чоьте хӀиттабо[1]:
а) массо а 18 - 27 шо кхаьчна боьрша, тӀеман чоьтехь латта декхарийлахь болу, запасехь (кхайкхархой) боцу, гражданаш;
б) запасехь болу гражданаш (тӀеман декхархой):

  • запасехь болу боьршанарш;
  • Российн Федерацин ТӀеман Ницкъашка запасе хӀиттош, тӀеман гӀуллакхера мукъа баьхнарш;
  • пачхьалкхан, муниципалан я оьш-оьшу агӀонашца говзаллин пачхьалкхан аккредитаци йолу, пачхьалкхан йоцу дешаран меттигашкахь лакхарчу говзаллин дешаран тӀеман кафедрашкахь запасан эпсаран кечаман программица дешар аьттонца чекхдаьккхинарш а, и йийцина дешаран меттигашкар дешар чекхдаьккхинарш;
  • тӀеман гӀуллакхе кхайкхарах мукъа баьхна тӀеман гӀуллакхехь ца хилларш;
  • тӀеман гӀуллакхех цхьаьна ханна дӀатоьттуш я цхьацца бахьнашца тӀеман гӀуллакхе ца кхойкхуш, 27 шо а кхаьчна бисина, тӀеман гӀуллакхехь ца хилларш;
  • тӀеман чоьте а ца хӀиттош тӀеман гӀуллакхера мукъа баьхнарш, ткъа тӀаьхьа тӀеман комиссариаташкахь тӀеман чоьте хӀиттийнарш;
  • альтернативан гражданийн гӀуллакх чекхдаьккхинарш;
  • тӀеман-чоьтан говзалла йолу зударий.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Постановление Правительства Российской Федерации от 27.11.2006 № 719 (ред. от 14.02.2009) «Об утверждении Положения о воинском учёте»