Российн Федералан маьӀнин автомобилан некъаш
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Перспективная сеть скоростных автомобильных дорог до 2035 года (2019) |
Российн Федералан маьӀнин автомобилан некъаш — Российн Федерацин коьрта шахьар — Москох республикийн коьрта шахьаршца а, пачхьалкхан ладаме промышленни а, оьздангаллин а центрашца а; республикийн а, мехкийн а, областийн а административан йаккъаш; : курорташ, заповедникаш, историн а, оьздангаллин а иэсаш, Ӏилманан йаккъаш, царех тера Федералан маьӀнин объектташ республикийн коьрта шахьаршца а, мехкийн а,обпастийн а административан йаккъаш, гергарчу цӀерпоштнекъан станцешца, аэропорташца, хӀордан а, эркан а порташца цхьаьнатуху автомобилийн некъаш.
2007 шеран 8 ноябрера «Россий Федерацин автомобилан некъех а, некъан гӀуллакхех а, кхин а Российн Федерацин цхьацца законийн акташна хийцамаш барех лаьцна» цӀе йолчу N 257-ФЗ Федералан законаца федералан некъийн машанан йукъадоьлху некъаш:
- Москох гергарчу кхечу мехкийн коьрта шахьаршца а, РФ субъектийн административан йаккъашца а цхьаьаьнатуху;
- РФ дуьненайукъара берташца дуьненайукъара автомобилийн некъийн испискин йукъатоьхна ;
- Российн субъектийн административан йаккъаш шайна йукъахь цхьаьнатуху;
- даккхийра транспортан шодмаш беш: хӀордан а, эркан а порташ, аэропорташ, цӀерпоштнекъан станцеш, ткъа кхин а федералан маьӀнин башха объекташна тӀедогӀу некъаш федералан маьӀна долу некъаш цхьаьнакхетачера;
- Москохаца некъан уьйр йоцу Российн Федерацин субъектийн административан йаккъашна царна гергара хӀордан а, эркан а порташна, аэропорташна, цӀеропоштнекъийн станцешна тӀедогӀу некъаш.
Федералан маьӀна долу автомобилийн йукъара лело некъийн исписка чӀагӀйина 2010 шеран 17 ноябран N 928 йолу «Федералан маьӀна долу автомобилийн йукъара лело некъийн испискех лаьцна» цӀе йолчу РФ Правительствон сацамца.
Федералан некъан машанан бохалла, Пачхьалкхан «Автодор» компанин тешаман урхалле дӀаделла автонекъаш доцуш (механ некъаш), хуьлу 50 133,822 км. 2017 шеран йуьххьерачу хаамашца 86,1 % федералан некъан маша — силманбетонан некъаш ду, 7,6 % некъаш тӀон-жагӀан ду, 3,1 % — цеманцан-бетонан ду, 2,7 % — Ӏаьржа тӀох ду, 0,5 % — лаьттан ду. Некъашна тӀехь ду 5938 тӀай а, 46 автонекъийн тоннель, 286 тайп-тайпана тӀегӀанан гӀашлойн дехьаволийла.
Копин кечам
[нисйан]Дакъа хила тарло 1 тӀера 15 кхаччалц, кхин тӀе дакъа «Дисинарш». Дакъа тӀетоха , кхаа могӀан копи йаккха: дийцар, маьӀна, бос, тӀаккха хийца декъан лоьмар.
{{Гоьрга диаграмма |латтар = |шоралла = |корта = |other = |дийцар1 = |маьӀна1 = |бос1 = |дийцар2 = |маьӀна2 = |бос2 = |дийцар3 = |маьӀна3 = |бос3 = |дийцар4 = |маьӀна4 = |бос4 = }}
Россера некъан маша баран истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шира Русь а, Москохан паччахьалла а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьххьара Шира Русин некъех лаьцна хьахийна Лаврентийн куьйгайозанехь, цигахь киевн элин Владимиран (980—1015) кхайкхам бу: «Некъаш дахка, тӀайнаш дахка». X—XII бӀешарахь шина тайпана некъаш бен дацара: меттигера «проселкаш» а, «даккхий хьешан цӀенош» — аренан асанера даккхий махлелоран некъаш. «Нисса доьлху» некъаш Русехь чӀогӀа кӀезиг ду.
Иван Калита (1325—1340) волуш оьрсийн латташна тӀехь долоделира цхьанакхетаран хьесап, цуо чехка кхио таро йира махлелоран уьйранаш, кхоллайелира Российн пачхьалкхан йукъара лаьттан некъийн система Москохахь йукъ а йолуш. Коьрта шахьрийн урамех хуьлура даккхий тракташ: Тверанчо вуьгура Твере а, Велики Новгороде а, Сретенских хилира Ярославлан тракт, Рогожан эвланара болалора некъ Нижни Новгороде а, Казане а, гӀалин йистера Коломенски эвлара — Туле боьду некъ, ткъа Арбат йукъахула Смоленске боьдура Можайскера некъ. 1595 шарахь паччахьан Фёдор Ивановичан омарца лаха болийра Соликамскера Тюмень а, Тобольск а кхечу гӀаланашка а боьду боцца некъ Уралан лаьмнаш тӀехула.
Дуьххьарлера некъаш лелорах а, дахкарх а законаш ду 1589 шеран «Судебник» тӀехь. Цунна тӀаьхь дуьххьара хӀоттабо некъийн лелачу декъан шоралла (цхьаъ ах сажа), меттигера бахархоша и некъаш дикачу хболехь лело дезар а.
Российн некъаш тодаран хаъал роль тойира 1665 шарахь поштан гӀуллакх йукъадаккхаро. XVII бӀешарахь билгалдаьхна некъаш а, некъийн объекташ а йахкарехь Ӏилманан хьесапаш лелор. Уьш хилира 1643 шарахь Москохахь Доккха ТӀулгийн тӀай дилла долоран йуьхьанцарчу муьрехь.
Российн импери
[бӀаьра нисйан | нисйан]Некъийн гӀуллакх хийцаран зама йеира петран хийцамийн муьрехь. Петр I-чун ладаме болам хилира «тӀаьхьалон некъаш» дахкар,масала — Москох а, Петарбух а вовшахтосу нисса некъ. «гӀап а, гӀала а йолчу Петарбухех а, жимачу гӀопах Кроншлотах а, церан йистех а нисса хаам» (1713) жайнара «…цкъа хезира: цуьнан сийлалло шен дагадарца керла некъ буьллур бу Москох гӀалара Петарбухе кхаччалц,бохалла 200 миль йолуш; иза шуьйра хила Ӏан ца беза, амма нийса хила беза йаккхий къора хьаннаш йуккъехула, лаьмнашна а, атагӀашна а, уьшалашна а, хишна а йукъахула. Цул сов, цунна тӀехь хӀитто гӀерта шина поштан станцешна йукъахь трактираш а, эвланаш а, новкъахошна аьтту бархьама, аьттонца уьш кхин дӀабахийтархьама».
Петарбухера Волхов кхаччалц долу дуьххьарлера лаьттан некъан дакъа дан долийра Петр I-чун 1720 шеран 11 январан омарца, цуо тӀедуьллура хьун кечйар «Волхов кхаччалц тӀехьалонан некъаш тодан а, дахка а», 1723 шо кхаччалц «тӀаьхьалонан некъаш» дахкар тӀедуьллура меттигерачу ахархошна. Петр I-чун ойла йерриг кхочуш ца йира, Волхов боьду некъан хьалхара дакъа бен ца дира, цул тӀаьхьа некъ Новгородехула Москохбахара. 1746 шарахь и некъ лело баьккхира, хилира дуьхьарлера 728 чаккхарма беха (770 км гергга) некъ.
Международные маршруты на территории России
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Российн автомобилан некъаш
- Панъевропин транспортан учи
- Европин автомобилийн маршрутийн исписка
- Дуьненайукъара азин маша
- Российн регионийн маьӀнин автомобилан некъаш
- Российн автомагистралийн исписка
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Фролов В. Н. Некъаш России: Страницы истории дорожного дела/В. Н. Фролов [и др.] — Москох — Санкт-Петербург: «Лики России», 1996. — 197 с. — 100 экз. — ISBN 5-87417-029-4.
- Главный атлас автомобильных дорог России. Гл. редактор Артемьев Ю. М. — СПб.: ЗАО «Карта», 2008. — 580 с. ISBN 978-5-903819-03-4
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Урхаллаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Правительство РФ
- Минтранс РФ Архивйина 2022-09-13 — Wayback Machine
- Федеральное дорожное агентство Архивйина 2022-03-02 — Wayback Machine
Документаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Постановление Правительства РФ от 17.11.2010 № 928 (ред. от 21.01.2021) «О перечне автомобильных дорог общего пользования федерального значения»
- Приказ Минтранса РФ от 7 февраля 2007 г. N 16 «Об утверждении Правил присвоения автомобильным дорогам идентификационных номеров»
- Карта европейских автомобильных маршрутов. Европейская экономическая комиссия ООН
- Карта азиатских автомобильных маршрутов. Экономическая и социальная комиссия для Азии и Тихого океана
- Каталог федеральных и региональных трасс России
- Актуальная информация о строительстве и реконструкции федеральных автомобильных дорог Росии — форум Roads.ru