Рождествон гӀайре (Кирибати)

1°51′ къ. ш. 157°24′ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Рождествон гӀайре
инг. Christmas Island
Амалш
Майда388,39 км²
Уггар лаькха меттиг13 м
Бахархой5586 стаг (2010)
Луьсталла14,38 стаг/км²
Лаьтта меттиг
1°51′ къ. ш. 157°24′ м. д.HGЯO
АкваториТийна Ӏапказ
Пачхьалкх
Кирибати
Рождествон гӀайре
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Рождество́н гӀайре́ я Киритимати (инг. Christmas Island, кириб. Kiritimati) — Лайн архипелагера маржанийн гӀайре, Кирибатин йукъахь ду. Лаьтта Табуаэран гӀайренан 285 км генахь, Гонолулун 2500 км генахь, Таити 2700 км генахь. Лаьттан майда — 388,39 км². Айман майда — 324 км². Ӏапказан тӀегӀанал 13 м лекха ду.

Рождествон гӀайрен тӀехь дуьненахь уггаре йоккха концентраци ю хӀордан олхазарийн. ГӀайрен тӀехь пхиъ къевлина мохк бу.

ШолгӀа дуьненан тӀом болуш гӀайре дӀалаьцнера бартхойн эскарш, йира кема гӀаттаран-охьахааран аса. 19561958 шерашкахь 50 км гӀайренан генахь Йоккха Британис хӀоьънан герз зийра. Дукха гӀишлош йохийра, амма йисина инфраструктуро таро елира Киритиматех Лайн гӀайренан административан йукъ ян.

Рождествон гӀайренан шиъ векал ву пачхьалкхан парламентехь. Кхузахь иштта ю Лайн а, Феникс а гӀайренийн Министералла.

Физикин структура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шеш лаьтта чӀапа кегийра гӀайренаш маржанах кхоллам болуш ду, ткъа ша гӀайре хин буха доьду 30-120 м кӀорге, гӀурту тӀапломан тархашна тӀе. ГӀайренан йоккха хи тӀедолу айма ю, цуьнан майда 16 000 га ю, иза Ӏапказах кхета къилбаседа-малхбузехь. ГӀайренан малхбален агӀора ю масех бӀе кегийра айманаш, церан майда 16 800 га ю, хӀордах кхеташ йац уьш. Хин дуралла оцу айманашкахь чӀогӀа башхалла йолуш ю. Айманаш чохь бӀенаш кегийра гӀайренаш ю. Лаьттан тӀегӀа дийнан дохаллехь къаьста: хӀорд тӀебогӀуш дукхаха долу гӀайренаш хин буха доьду. ГӀайрен тӀехь чаьмза хин хьост ду, хица туьха чӀогӀа кӀезиг ду, 2 м кӀоргехь а доллу иза. ГӀайренан уггаре лакхара меттиг — гӀамаран ломан бохь бу, иза лаьтта къилба-малхбален ахгӀайренан къилбаседа бердан йисттехь.

ГӀайре лаьтта субэкваторан асанехь. Шеран йочанийн юккъера барам — 873 мм (цу тӀе наггахь 177 тӀиера 2621 мм кхаччалц). ДогӀанийн мур мартан а, апрелан а йукъахь бу. Уггаре довха денош октябрехь-ноябрехь ду. Шеран дохаллехь гӀайрен тӀиера температура чӀогӀа ца хийцало, шеран йукъара тӀемпература — 24-30 °C. Мехаш алсама ду малхбалехьара.

ГӀайренан фауна а, флора а[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀайренан куьг Ӏоттанза хьаннаш лаьтта 10 м лекха хуьлу йоккха пизонин (Pisonia grandis) кхаа боьлаках. И боьлакаш ю къилба-малхбален мерехь, Моту-Табун гергахь а, къилбаседа-малхбуза меран гергахь а. ГӀайрен тӀехь алсама йолу колла сцевола таккада (Scaevola taccada) ю, цара кхуллу цхьаьна тайпана къух я мессершмиди детинчух (Messerschmidia argentea) а, Суриана хӀордйисттерачух (Suriana maritima) а ийна. Гомха йолчу айманаш чохь алсама ю суриана, 2 м лакха йолуш йолу. Мессершмиди ган таро ю дукхах дерг берд йисттерачу аренашкахь. 2 метр лакха йолу сида (Sida fallax), кхуьу къилбан бердашца йолчу аренашкахь, гӀамаран латта тӀехь массанхьа а. Гелиотроп аномалино (Heliotropium anomalum) берд йисттехь а, тархаш тӀехь а варш кхуллу. Къилба-Малхбален мерехь алсама ю сидин, гелиотропан, тиекха бергавин (Boerhavia repens), можа портулакан а, тиекха дуткъа цӀоган (Lepturus repens) варш. ГӀайренан малхбузехь дийна 5200 га гергга кокосан пальма (Cocos nucifera). Кхин меттигера йоцу ораматаш чудеина адамо XX бӀешарахь.

1960 шеран декабрехь Рождествон гӀайре кхайкхийна Гилбертан гӀайрен а, Эллис гӀайрен а колонин олхазарийн заповедник. Кхо гӀайре — Кукан, Моту-Табу, Моту-Упуа — кхайкхийра тӀебахаран бехкамаш болу мехкаш ду аьлла. 1975 шеран майхь заповедникаш аьлла юха а кхайкхийра Кукан гӀайренан мохк (19 га); Моту-Табу гӀайре (3,5 га) пизонин хьаннашца; Моту-Упуа гӀайре (19 га) мессершмидин, гелиотропан, сурианан, сцеволан къухашца а, кокосан пальмашца а; Нгаонтетааке гӀайре (2,7 га) — юккъера айман малхбален декъера гӀайре; Къилбаседа-малхбузан мара, крачкаш бенаш до меттиг. Цига вахара луьра хьарам дина ду, кехатан пурба деза цига ваха.

ГӀайрен тӀехь хааделла 37 тайпана олхазарш, 20 царех бен туху гӀайрен тӀехь. ГӀайрен тӀехь деха тропикан олхазарийн тайпанийн барам дуьненахь уггаре боккха бу. Кхузахь ган тарло иштта олхазарийн тайпанаш: кӀайн тайфунник (Pterodroma alba), зайлцӀоган буревестник (Puffinus pacificus), рождествон буревестник (Puffinus nativitatis), кӀайн лаг долу качурка (Nesofregetta albigularis), цӀиен цӀоган фаэтон (Phaethon rubricauda), маскан олуша (Sula dactylatra), цӀиен когаш болу олуша (Sula sula), доккха фрегат (Fregata minor), жима фрегат (Fregata ariel), таьӀна крачка (Sterna fuscata), куьзганийн крачка (Sterna lunata), сира крачка (Procelsterna cerulea), жима крачка (Anous minutus), кӀайн крачка (Gygis alba). Рождествон гӀайрен тӀехь дуьненан уггаре йоккха таьӀна крачкин популяци ю. ГӀайрен тӀехь наггахь нисло рубинан лори-халбатхо (Vini kuhlii). Кхелха олхазарех кхузахь бен туху боьра терсарг (Pluvialis fulva), таитийн кроншнеп (Numenius tahitiensis), камнешарка (Arenaria interpres). 1778 шеран январехь гӀайрен тӀехь даьхна Prosobonia cancellatus тайпанех цхьа тайпа, амма оцу хенахь дуьйна кхи цхьанне а гина дац иза.

Цхьаъ бен йоцу гӀайренан екхаш йолу дийнат — жима мукхдахк (Rattus exulans). Кхин а хаало баьццара уьнтӀапхьид (Chelonia mydas) а, масех кхин дийнат а.

ГӀайренан истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кирибатин гергахь эккхийтина водородан бумба, сурт даьккхина хин бухахула лела кеман перископ чухула
  • 24 декабрь 1777 шо — капитан Кук Джеймса а, цуьнан «Резольюшн» а, «Дискавери» кеманаша а дӀадоьллу гӀайре, цунна 2 январехь Рождествон гӀайре олий цӀе туьллу Кука;
  • 1834 шо — гӀайрен тӀехь хилла «Тускан» (Tuscan) кеман экипаж;
  • 1834 шо — гӀайрен тӀехь хилла «Тускан» (Tuscan) кеман экипаж;
  • 10 октябрь 1836 шо — бӀаьччаллехь капитан Джордж Бенсон (Captain George Benson) волу «Бритон» (Briton) кема духу гӀайренан къилбаседа-малхбален мерехь;
  • 1842 шо — британин ТӀХӀН «Самаранг» (Samarang) кеманахь гӀайре теллина капитана Дж. Скотта (Captain J. Scott);
  • декабрь 1847 шо — гӀайренан гергахь духу бременан «Моцарт» цӀе йолу кема;
  • 1857 шо — гӀайре теллина капитана Джон Стетсона (Captain John Stetson) олхазарийн боьхаллаш лохуш;
  • ноябрь 1858 шо — олхазарийн боьхалш яха бакъо кхочу америкин компанин;
  • 1865 шо — оцу хенахь дуьйна гӀайрен тӀехь, экологин бохам бина, фосфориташ доху ингалсан-австралийн компанис. Тахана гучудаьлла, гӀайрен тӀиера фосфоритийн цхьан а уьйр йац олхазарийн боьхалашца[1];
  • 17 март 1888 шо — гӀайре дӀалаьцна Британис;
  • 1911 шо — гӀайрен тӀе биссина японин таллархой, цара эзарна олхазарш дайина;
  • февраль 1937 шо — гӀайрен тӀекхочу британин радиостанци;
  • 1950—1960 шераш — гӀайрен тӀехь ю Йоккха британин тӀеман база, цуо терго йо хоьънан герз зиеран;
  • май 1957 шо — гӀайренан гена доццуш зийна дуьххьарлера британин водородан бумба;
  • 1962 шо — АЦШс Доминик проектан гуранчохь 22 хоьънан зиер до.

Нах беха меттигаш а, церан барам а[нисйе бӀаьра | нисйе]

2005 шеран бахархой багарбаран жамӀашца 5115 ст. хилира, ткъа 2010 шарахь 5586 стаг.

Эвла (нохч.) Эвла (инг.) Бахархой,
ст. (2005)[2]
Население,
чел. (2010)[3]
1 Табвакэа Tabwakea 1881 2311
2 Лондон London 1829 1879
3 Банана Banana (Banana Wells) 1170 955
4 Поланд Poland 235 441
Всего Total 5115 5586

Экономика[нисйе бӀаьра | нисйе]

1858 шеран июнехь гӀайре хилира АЦШн мохк, оцу хенахь дуьйна цу тӀехь дохура фосфаташ. 1886 шарахь гӀайрен тӀе дийра 18 000—20 000 кокосан пальманаш, даьккхира 50 т жовхар. XIX бӀешарахь гӀайрен тӀе дийна кхин а 70 000 кокосан пальманаш, царех тӀеэцна 25 % чӀогӀа йокъаллаш хиларна. 1905 - 1912 шерийн муьрехь гӀайрен тӀехь адам дацара, амма юха а денйира кокосан пальмийн бошмаш. Тахана гӀайрен тӀиера коьрта экономикин гӀуллакх — копра кхиор (пачхьалкхан бошмаша дӀалоцу мехкан 5170 га). ХӀинца гӀайрен тӀиера дӀакхоьхьу шелбина Ӏапказан чӀара. 1971 шарахь Гавайн гӀайренийн университет гӀоьртира гӀайренан айманчохь кхио искогберш Artemia salina, амма 1978 шарахь и проет йицйира. Кхочуш йина хӀордан хих туьха доккху проект. ТӀаьхьарчу шерашкахь куьуш ю туризм.

Экологин бала[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кокосан бошмаш дӀатеттина меттигера ораматаш, гӀайренан кхоалгӀа декъа тӀиера. Цхьацца проекташ кхочушъеш хӀаллакйина дукха детин мессершмиди (Messerschmidia argentea). Цул сов чуеина дукха мехкара йоцу ораматаш. ШолгӀа дуьненан тӀом болуш гӀайрен тӀе еина Плухея хьожа йогӀу (Pluchea odorata), иза шуьйра йаьржина атолл тӀехь, кхоьллина дукха боьлакаш. Адамо чуеина йолу якорцо (Tribulus cistoides), хӀинца кхуллу дийнна кузанаш, уьш чӀогӀа пайден ю бенаш бечу олхазарашна. 1978 шарахь гӀайрен тӀехь хилла 50 гергга экзотикан ораматаш. ХӀоьънан зиераш дар бахьнехь цхьадолу олхазарш деба таро йоцуш дисина, оцу балхо чӀогӀа гӀуо Ӏаткъам бо хӀордан олхазарийн популяци.

XIX бӀешарахь гӀайрен тӀехь цицигаш гучудевлира, цара кхерам латтабо бенаш тоьхначу олхазарашна. Цицигийн барам 2000 кхьаьчна. Цуьнан жамӀ, 18 тайпанах 11 тайпана олхазараш бенаш тоьхна айман гӀайренаш тӀехь, цицигаш доцучехь. Уьш лаца гӀертарх башха гӀуллакх хуьлуш дац, цундела тӀаьхьарчу хенахь эвланашкахь лоьцу уьш, ткъа бахархошна дихкина даьӀна доцу цицигаш лело.

Боккха кхерам бу бенаш динчу крачекашна хьакхарчий, тӀаьхьарчу заманахь церан барам цӀеххьана охьабаккха таро хилла.

ТӀекхетта браконьераш хӀордан олхазарш лоьцу меттигаш а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Shkol’nik, E.L., Baturin, G.N. & Zhegallo, E.A. On the origin of phosphorites from Christmas Island in the Indian Ocean. Oceanology (2008) 48: 94. doi:10.1134/S0001437008010116
  2. Volkszählung 2005 (анг)
  3. Kiribati Census Report 2010 Volume 1. National Statistics Office, Ministry of Finance and Economic Development, Government of Kiribati. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 17 март. Архивйина 2014 шеран 10 августехь Архивйина 2013-09-30 — Wayback Machine

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]