Ривадавия, Бернардино

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Бернардино де ла Тринидад Гонсалес Ривадавия и Ривадавия
Rivadavia.jpg
Аргентинан президент
 — 9 август 1827
Хьалха хилларг Агирре Хуан Педро
Когаметтаниг Лопес и Планес Висенте
 
Пачхьалкх: Flag of Argentina (alternative).svg Аргентина
Вина: 1780 шеран 20 май({{padleft:1780|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Буэнос-Айрес, Аргентина
Кхелхина: 1845 шеран 2 сентябрь({{padleft:1845|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (65 шо)
Кадис, Испани
Бакъ цӀе: Bernardino de la Trinidad Gónzalez Rivadavia y RivadaviaBernardino de la Trinidad Gónzalez Rivadavia y Rivadavia
Зуда: Хуана дель Пино[d]
Парти: Унитаран парти[d]
 
ТӀеман гӀуллакх

Бернардино Ривадавия (юьззина цӀе Бернардино де ла Тринидад Гонсалес Ривадавия и Ривадавия, испан. Bernardino de la Trinidad Gónzalez Rivadavia y Rivadavia; 20 май 1780(17800520), Буэнос-Айрес, Аргентина, — 2 сентябрь 1845, Кадис, Испани) — Къилба Американ испанин олаллех маршо къовсаман куьйгалхойх цхьаъ, 1811—12 шерашкахь Триумвиратан — аргентинан правительствон декъашхо, дуьххьарлера 1826 шеран 8 февралера 1827 шеран 9 август кхаччалц Аргентинан президент.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Вина Буэнос-Айресехь 1780 шарахь. Цуо жигара дакъалецира 1806 шарахь а, 1810 шеран майхь а Аргентинан британис тӀелатарш дечу хенахь Аргентина марша яккхаран революцин боламехь. 1811 шарахь, Ривадавия хилира куьйгаллера триумвиратан коьрта декъашхо ша финансийн министр а волуш. 1812 шарахь дуьйна — чоьхьарчу а, арахьарчу а гӀуллакхийн министр. 1815—1821 шерашкахь коьртехь вара Ла-Платан Цхьаьнатоьхна провинцийн дипломатин миссин Европехь. Кехаташ дӀасакхоьхуьйтуш вара Йоккха Британин арахьарчу гӀуллакхийн министрашка лорд Каслрига а, граф К. В. Нессельродега а, кхин гӀарабевллачу дипломаташка а, европан монархеш Испанин шен хӀордал дехьарчу колонешца долчу девна юкъа ца гӀертийта хьожуш, ткъа цул тӀаьхьа сихъян дипломатин къобалъяр къона къилбаамерикан пачхьалкхаш. 1821 шеран майхь иза вухавоьрзу Аргентине, июнехь хуьлу пачхьалкхан министр Буэнос-Айресан губернаторан Мартин Родригесан правительствехь. Оцу даржехь цуо бира цхьа могӀа политикан а, экономикан а хийцамаш (дакъошкахь юьртабахаман реформа, банкан система кхоьллина), ткъа кхин а тӀеман а, килсан а реформа, халкъан дешаран реформа. Цуо кхоьллина Буэнос-Айресан университет, масех академи, дуьххьара континент тӀехь Ӏаламийн Ӏилманийн музей, ткъа иштта шорйина къоман библиотекан фондаш.

1826 шеран февралехь, Ривадавия хаьржира, 1826 шеран декабрехь Аргентинан Конфедераци йина йолу, Ла-Платан Цхьаьнатоьхна провинцийн президент. Цуьнан правительствон дукха баланаш бара, уггар хьалха Уругвайн мохк къийсарехь Бразилица болу тӀом а, гучуюьйлуш йолу провинцийн Ӏедалийн сепаратизм а. Иккхина тӀеман гӀаттам бахьнехь Ривадавияс дарж дитира 1827 шеран 29 июнехь. Хьалха иза вирзира шен дахаре, амма 1829 шарахь кхелхира Европе. 1834 шарахь Ривадавия гӀиртира Аргентине юхаверза, амма юха а эккхийра: хьалха Бразили, ткъа тӀехьа Испани, цигахь иза 1845 шеран 2 сентябрехь велира.

Иэс[нисъе | нисъе чухулара]

Цуьнан цӀарах Аргентинан уггара дехачу ураман цӀе тиллина Авенида Ривадавия (Буэнос-Айресехь). Цуьнан дохалла 14 км сов хуьлу.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]