Реджо-ди-Калабри провинци
| ДӀайаьккхина провинци | |||||
| Реджо-ди-Калабри | |||||
|---|---|---|---|---|---|
| итал. Provincia di Reggio Calabria | |||||
| | |||||
|
|||||
| 38°06′41″ къ. ш. 15°39′43″ м. д.HGЯO | |||||
| Пачхьалкх | Итали | ||||
| Адм. центр | Реджо-ди-Калабри | ||||
| Корта | Giuseppe Morabito | ||||
| Истори а, географи а | |||||
| Кхоллар | 1860 | ||||
| ДӀайаккхар | 2016 | ||||
| Латта | 3184 км² | ||||
| Сахьтан аса | +1 | ||||
| Бахархой | |||||
| Бахархой | 559 759 стаг (2014) | ||||
| Луьсталла | 175,8 стаг/км² | ||||
| Официалан мотт | Италин | ||||
| Идентификаторан терахьаш | |||||
| Телефонан код | 0964, 0965, 0966 | ||||
| Поштан индексаш | 89010—89018, 89020—89036, 89039—89050, 89052, 89054, 89056—89058, 89060, 89063—89065, 89069 | ||||
| Автомобилан код | RC | ||||
|
|
|||||
| Официалан сайт | |||||
|
|
|||||
Ре́джо-ди-Кала́бри (итал. Provincia di Reggio Calabria, сиц. pruvincia di Riggiu Calabbria) — Италин Калабри регионера дӀайаьккхина провинци йу. 2016-чу шарахь цуьнан метта Реджо-ди-Калабри метрополан гӀала кхоьллина.
Физико-географин характеристика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Провинци йу малхбалехьа Ионийн хӀордан а, къилбехьа а, малхбузехьа а Тирренийн хӀорд а йукъахь, Мессинан хидоькъен йистехь. Тирренийн хӀордан йистошца йолу меттигах олу Costa Viola (Шишануьйран берд) — малх бузачу хенахь хӀордан бос хийцабалар бахьна долуш. Реджо-ди-Калабрин къилба-седехьа Вибо-Валенти а, Катандзаро а провинцеш йу[1].
Провинцин латтан тӀехь дукхахберш каштанан, безан, тӀулган нажан, цхьа бос болу баганан хьаннаш йу. Лам хин харшаш а, хӀорд йистера тархаш а чураш а, дрокайишчеран а, цӀазаман диттийн а, миртан а, олеандран а, хӀиндин опунцин а ораматаша дӀалаьцна йу[2]. Тирренийн хӀордан йистера ломан татолаш оцу регионан ша-тайпа башхалла йу[1].
Провинцин доккхаха долу дакъа Аспромонте къоман парко дӀалоцу, цуьнан дозанаш Тирренийн а, Ионийн а хӀордашка кхочу[2].
Бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]Реджо-ди-Калабри регионан бахархой уггаре луьста бехаш йолу провинци йу[2]. 2014-чу шеран 1 январехь ларарца, къоман статистикин институтан хаамашца, провинцин бахархойн дукхалла 559 759 стаг, царах зударий — 287 883, божарий — 271 876[3].

Провинцин йукъа йогӀу 97 коммуна[4]:
Экономика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Провинцин йукъахь Джоя-Тауро порт йу — Суэцан а, Гибралтаран а йукъара хӀордан коридоран уггаре йаккхийчу портех цхьаъ[1]. Вилла-Сан-Джованнин а, Джойоза-Йоникан а йукъарчу хӀордан йистехь бергамот кхиадо, иштта провинцин йукъахь оливан дитташ, кемс, цитрусан орамстоьмаш леладо[2].
Культура
[бӀаьра нисйан | нисйан]Реджо-ди-Калабрехь Йоккхачу Желтойчоьнан къоман музей йу, иза кхоьллина 1882-чу шарахь.
1981-чу шарахь, Риачера борзан тӀеманхойн скульптураш карийначул тӀаьхьа, музейн йукъахь хибухара археологин дакъа кхоьллина[5].
Галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]
- Реджо-ди-Калабрера Кафедралан собор
- Реджо-ди-Калабрера Испанин гӀала
- Шиллин (РК) «Руффон гӀала»
- Пентедаттило
- Локрин археологин ахкарш
- Гроттеря
- Паззано
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 3 Reggio Calabria province Архивйина 2015-03-18 — Wayback Machine // Understanding Italy
- 1 2 3 4 Reggio Calabria: Description Архивйина 2015-06-11 — Wayback Machine // Discover Italy
- ↑ Resident population on 1st January of each year by sex, province and year. ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 29 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 14 июнехь // Istat - Istituto nazionale di statistica
- ↑ Province of Reggio Calabria Архивйина 2015-05-21 — Wayback Machine // Comuni-Italiani.it
- ↑ Reggio Calabria: What to see Архивйина 2015-06-11 — Wayback Machine // Discover Italy