Чулацаман тӀегӀо

Рахимов, Рашид Маматкулович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Рашид Маматкулович Рахимов
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1965 шеран 18 март({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})[1] (60 шо)
Вина меттиг
Гражданалла  ССРС
 Таджикистан
 Росси
Локхалла 180 см см
Позици турсло
Лоьмар коьрта тренер
Кегийрхойн клубаш
Клубнан карьера[* 1]
1982—1991  ССРС Памир 277 (24)
1992  Росси Спартак (Москва) 11 (0)
1992   Росси Спартак-Д (Москва) 4 (2)
1992—1993 Испани Реал Вальядолид 29 (2)
1993—1994  Росси Локомотив (Москва) 14 (0)
1994—1995  Росси Спартак (Москва) 15 (1)
1995—2000 Австри Аустрия (Вена) 120 (12)
2000—2001 Австри Адмира Ваккер 33 (0)
2001—2002 Австри Рид 16 (0)
1982—2002 Дерриг 519 (41)
Тренеран карьера
2002—2004 Австри Адмира Ваккер
2006—2007 Росси Амкар
2007—2009 Росси Локомотив (Москва)
2009—2011 Росси Амкар
2013—н.в. Росси Терек
Дуьненайукъара мидалш
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Раши́д Маматку́лович Рахи́мов (тадж. Рашид Маҳматқулович Раҳимов / Rashid Mahmatqulovich Rahimov; 1965 шеран 18 март; Душанбе, Таджикийн ССР, ССРС) — ССРС а, Таджикистанан а, Россин а футболист (турсло, ахтурсло). ССРС спортан говзанча (1988). 2013 шеран 7 ноябрь дуьйна «Терекан» коьрта тренер.

Ловзархон карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Иза кхиина Душанбера «Трудовые резервы» цӀе йолу клубехь. Цуьнан хьалхара тренер вара Сергей Мусалимович Насыров.

1980 шарахь волавелира Душанбера «Памирехь» ловза. 1982 шарахь иза «Памиран» коьрта тобанан йукъа а вахана ССРС чемпионатехь дакъа лаца волавелира. Хьажархош цунна цӀе тиллира «Садди Искандарий»[2]. Иза левзира «Памирехь» 1991 шо кхаччалц. Иза «Памиран» 277 ловзарашкахь а левзира, 24 гол а чуьтуьхира. 1991 шо дуьйна 1992 шо йуккъе кхаччалц Москвара «Спартакехь» левзира. Оцу хенахь иза «Спартакехь» 11-за левзира. 1992-1993 шерашкахь иза левзира Испанера «Реал Вальядолид» клубехь (29 ловзар, 2 гол). Цул т1аьхьа иза левзира Москвара «Локомотивехь» а (14 ловзар), «Спартакехь» а (15 ловзар, 1 гол). 1995-2000 шерашкахь левзира "Аустрия" (Вена) клубехь (120 ловзар, 12 гол). И бахьнехь иза хилира Аустрин исторехь тоьллачарех футболист. 2000-2001 шерашкахь левзира Мёдлингера «Адмира Ваккер» клубехь (33 ловзар). 2001-2002 шерашкахь левзира Австрера "Рид" клубехь. Цул т1аьхьа иза тренеран болх бан волавелира. Шен карьеран хенахь цо 515 ловзарехь дакаъа а лецира, 39 гол а чуьтуьхуьраа.

Гулйина табанашкахь ловзар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Таджикистанан гулйина тобанехь ловзар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
ТерахьСтатусКъийсархоЧотЛевзина хан
1992 шеран 17 июнь1992 шеран Йуккъера Азин КубокУзбекистан Узбекистан2:290 минот
1996 шеран 19 июнь1996 шеран Азин Кубок (къасторан матч)Узбекистан Узбекистан5:091 минот

Россин гулйина тобанехь ловзар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
ТерахьСтатусКъийсархоЧотЛевзина хан
1994 шеран 29 январьНакъосталин ловзарАмерикин Цхьаьнатоьхна Штаташ АЦШ1:18 минотехь ловза волавелира
1994 шеран 23 мартНакъосталин ловзарИрланди Ирланди0:090 минот
1994 шеран 7 август1994 шеран Дика 1алашойн ловзарашДуьненан гулйина тоба2:177 минотехь хийцина
1994 шеран 8 мартНакъосталин ловзарАвстри Австри0:345 минотехь хийцина
1994 шеран 19 июньНакъосталин ловзарСловаки Словаки2:174 минотехь хийцина

Футболистан карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

 ССРС «Памир»(Душанбе):

  • 1988 шеран ССРС футболан Хьалхара лиган толамхо;

 Росси «Спартак» (Москва):

  • 1991/1992 шерийн ССРС футболан Кубок йаьккхинарг;
  • 1992 шеран Россин футболан чемпион;

 Австри «Аустрия» (Вена)

  • 1999/2000 шерийн Австрин футболан Кубкан финалист;

Тренеран балхахь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

 Росси «Локомотив» (Москва);

  • Россин футболан Суперкубкан финалист.
  • 1991 шарахь ССРС чемпионатехь 33 тоьлла футболистийн мог1амийн йукъахь № 3;
  • 1994 шарахь Россин чемпионатехь 33 тоьлла футболистийн мог1амийн йукъахь № 2;

Коьрта тренеран белхан статистика

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2016 шеран 4 декабрехь долу хьал

Клуб Пачхьалкх Болх болабар Болх чекхбакхар Хилларг
ИВНПВ %
«Адмира»  Австри 2002 шеран 27 декабрь 2004 шеран 31 май 5719191933,33
«Амкар»  Росси 2006 шеран 5 сентябрь 2007 шеран 30 ноябрь 4820141441,67
«Локомотив» (Москва)  Росси 2007 шеран 6 декабрь 2009 шеран 28 апрель 3916111241,03
«Амкар»  Росси 2009 шеран 5 сентябрь 2011 шеран 27 сентябрь 7120183328,17
«Терек»  Росси 2013 шеран 7 ноябрь таханналц 9940233640,40
Йерриг 3141158511436,62

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Rashid Rakhimov // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Таджикистан со мной