Радиожигара изотопаш

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Радионукли́даш, радиожигара нукли́даш (башха нийса дац - радиожигара изото́паш, радиоизото́паш) — радиожигара дохар хуьлу, цхьаьнаэшшара доцу хӀоьънийн нуклидаш. Дукхахдолу девза нуклидаш радиожигара ду (цхьаьнаэшшара ду Ӏилманехь девзачу 3000 нуклидех 300 гергга). Массо нуклидаш, шен дуладаларан терахь 43 я 61 я 82 сов – радиожигара ду; цуьнца догӀу элементех Радиожигара элементаш олу. Радионуклидаш ду (коьртаниг бета-цхьаьнаэшшарадоцу) кхин дуладаларан терахьаш долуш (1 - 42, 44 – 60, 62 - 82).

Муьлххачу кепара Бета-дохаро ца хуьйцу массан терахь A нуклидан, массин терахьан (изобарийн) нуклидашна юкъахь ду уггар кӀезиг а цхьа бета-цхьаьнаэшшара нуклид, цуо жоп ло минимум Z хӀоьан булабалар деллачу A (изобаран зӀенера) атоман масса совъяларх; бета-дохар хуьлу оцу минимум агӀора хуьлу. Дукха хьолахь шинна ца декъало A иштта минимум цхьаъ ю, тӀаккха шина декъалуш долу A бета-цхьаьнаэшшара изотопаш хила тарло 2, 3 хила а тарло. Бета-цхьаьнаэшшара дай нуклидаш цхьаьнаэшшара ду кхечу тайпана радиожигара дохарна, иштта хуьлу уьш абсолют чӀогӀа (хӀинццалц цхьанне карийна йоцу протон йохаран терго ца йичахьа, хӀинцалерчу хила тарло бохучу шордаларан Стандартан Моделан теорица). Долалой А=36 тӀиера шинна екъалучу изобарин зӀен чохь гучуйолу шолгӀа минимум. Бета-цхьаьнаэшшара хӀоьънийн изобарин зӀен локалан минимумашкахь таро ю шалха бета-дохар дан зӀен глобалан минимумехь, тӀаккха а оцу харш чуьра ахдохаран муьраш чӀогӀа бакхий бу (1019 шо а, сов а). Бета-цхьаьнаэшшара беза хӀоьънашна хила тарло альфа-дохар (A≈140 тӀиера дуьйна), кластеран дохар а, цӀеххьана дохар а.

Дукхаха йолу радионуклидаш хуьлу адаман гӀоьнца. Ӏаламехь ду нуклидаш ахдохар баккхийчу муьрашца долуш (>5•107 шо, масала уран-238, торий-232, калий-40), уьш доьхча долу сурсаташ (масала, радон-222) а, космогенан нуклидаш а, уьш кхоллало космосан излучени бахьнехь (тритий, углерод-14).