ПӀаьнгиз

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

ПӀаьнгизан чӀож
гуьрж. პანკისის ხეობა
Дуй-Юртара маьждиг
Дуй-Юртара маьждиг
Координаташ42°08′15″ къ. ш. 45°16′36″ м. д.HGЯO
ПачхьалкхГуьржийчоьFlag of Georgia.svg Гуьржийчоь
Лаьмнийн системаКавказ
Дохалла28 км
Шоралла5 км
Майда140 км²
ПӀаьнгиз (Гуьржийчоь)
Lowland sign.svg
ПӀаьнгизан чӀож
Commons-logo.svg ПӀаьнгизан чӀож Викилармехь

ПӀаьнгиз (гуьрж. პანკისის ხეობა) (инг. Pankisi Valley) — Гуьржийчоьнан къилбаседера чӀож.

Йолу меттиг[нисъе | нисъе чухулара]

ПӀаьнгиз чӀож лаьтта Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитехь Алазани хин коьртехь. Гуьржийн-российн дозанах ломан дукъо къастийна, нийса 60 км ду чӀож. ЧӀожа йохалла ю 28 километр, шоралла 5 км. герга. ЧӀожахь лаьтта 16 нохчийн кистӀийн эвла.

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Паьнгизан чӀожахь беха коьртаниг кистӀий — иштта олу Гуьржийчуьра нохчех, уьш бу XVIXIX бӀешерийн мухажирийн тӀаьхьенех. Кхин а ю гуьржийн а, хӀирийн а эвланаш. 1990-гӀа шерашкахь кхуза дӀатарбелира Дуьххьара нохчи-оьрсийн тIом болуш Нохчийчуьра тӀемах бевддарш. Хаамашца, 2008 шеран февралехь, чӀожахь вехара 600 стаг гергга Нохчийчуьра тӀемах бевдда мухажираш[1]. 2000 шеран июнан хаамашца, уьш 6500 стаг гергга вара[2].

ШолгӀачу нохчийн тӀамехь чӀожахь машаре бахархошца цхьаьна къайлабевлира тӀемлой а, царна юкъахь яра Гелаев Русланан тобанаш а. 2004 шеран аьхкен юккъехь гуьржийн лерина ницкъашца а, Российн ФКХГӀца а ПӀаьнгизин чӀож цӀандира гӀеран векалех.[3] Амма цуьнга хьаьжина ца Ӏаш, тӀемлоша кхин дӀа а леладора ПӀаьнгизин чӀожах шайн база санна 2008 шеран август кхаччалц, церан цхьа дакъа тӀемашкахь хӀаллакдира, ткъа цхьа дакъа — дехьаделира ДегӀастанан а, ГӀалгӀайчоьнан а мехкашка.

Тайп-тайпана хаамашца 2012—2014 шерашкахь ПӀаьнгизан чӀожара 50[4] до 200[5] вахархо вахана тӀаме Исламан пачхьалкхан тӀемлошна юкъах. 2016 шеран 26 январехь РФ АГӀМ коьрто дӀахьедира, Российн агӀонан хаам бу, ца магийначу Исламан пачхьалкхан тобано Гуьржийчура ПӀаьнгизан чӀож шайн гӀуллакна лелош ду аьлла. И дӀахьедар Российн АГӀМ куьйгалхочо Лавров Сергейс дира пресс-конференцехь. Цу тӀе и дӀахьедар харц дархьама 30 январехь АЦШн Гуьржийчура векал Келли Ян а, Гуьржийчоьнан президент Маргвелашвили Георгий а хилира ПӀаьнгизан чӀожахь, цигахь къамелаш дира меттигерчу бахархошца. Гуьржийн паччахьа комментареш ца йира Лавровн дешнашна. Американ дипломата элира: «АЦШс Гуьржийчоьнца цхьаьна чӀогӀа дика болх бо терроризман дуьхьала. Суна юха а билгалдаккха лаьа, ПӀаьнгизехь террористийн база яц».[6]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]