Пыжова, Ольга Ивановна
| Ольга Ивановна Пыжова | |
|---|---|
| оьрс. О́льга Ива́новна Пыжо́ва | |
| | |
| Йина терахь | 1894 шеран 18 (30) ноябрь |
| Йина меттиг | |
| Кхелхина терахь | 1972 шеран 7 ноябрь[1] (77 шо) йа 1972 шеран 8 ноябрь[1] (77 шо) |
| Кхелхина меттиг | |
| Гражданалла | |
| Корматалла | актёр немого кино, киноактёр, театральный актёр, театральный педагог |
| Театр |
МХАТ 2-гӀа; Революцин театр; Россин академин кегийрхойн театр |
| СовгӀаташ | |
| IMDb | ID 0701608 |
Пыжо́ва О́льга Ива́новна (1894 шеран 18 (30) ноябрь, Москох — 1972 шеран 7 ноябрь[1] йа 1972 шеран 8 ноябрь[1], Москох) — оьрсийн советийн театран а, кинон а актёр, хьехархо, режиссёр. РСФСР говзаллин хьакъдолу гӀуллакххо (1947), Таджикийн ССР говзаллин хьакъдолу гӀуллакххо (1964), кхоалгӀачу тӀегӀанан Сталинан совгӀатан лауреат (1950).
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Пыжова Ольга йина 1894 шеран 18 (30) ноябрехь Москохахь, тӀаьхьа доьзал кхелхира Петарбухе.
Дешар дӀадолийра цо сийлахьчу мехкарийн институтехь, амма дешар дитира, бухгалтеран курсашка деша йахара. Москох исбаьхьаллин театран Петарбухера гастролашца дог иракарахӀоттийна, 1914 шеран аьхка Москох кхаьчна, актерийн конкурсехь чекхйаьлла (ши бӀе абитуриентах шиъ чекхвелира), тӀеийцира Москохан исбаьхьаллин театран 1-чу студи чу. Дуьххьара сцени тӀехь иза гучуйелира шен ненайиша Е. Султанова бахьана долуш, цо дӀахӀоттийра Ольга профессионалан актерашца цхьаьна Соловьев Владимиран «КӀайн лили» сагӀадоьхучу спектаклехь дакъалаца.
1915 шарахь дуьйна Студин сценин тӀехь йу, 1924 шарахь цунах МХАТ 2-гӀа йина. М. А. Чеховца дов бахьана долуш 1927 шо чекхдолуш дӀайаьлла театрера А. Д. Дикийца цхьаьна.
1928—1934 шерашкахь Маяковский Владимиран цӀарахчу Москохан Академин театран актриса йара. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болчу хенахь Кхазакхстане эвакуаци йира, Ауэзовн цӀарахчу кхазакхийн драмин театрехь спектаклаш хӀиттийра, ткъа иштта Алма-Атахь йолчу Моссоветан театрехь актриса а, режиссер а йара.
Режиссер болх бира 1920 шарахь дуьйна, 1948 шарера 1950 шаре кхаччалц Россин академин кегийрхойн театран исбаьхьаллин куьйгалхо йара. Центральни берийн театрехь 1948—1949 шерашкахь Бибиков Борисца цхьаьна цо хӀиттийра «Лайн паччахь-аьзни», «Цуьнан доттагӀий», «Суна цӀа ваха лаьа!»
Щукин Борисан цӀарахчу театран институтехь а, М.Н. Ермолован цӀарах йолу театран студехь, ткъа 1934 шарахь дуьйна ГИТИСехь, 1942 шарахь дуьйна цхьана хенахь ВГИК-хь хьийхира.
ЙоӀ — Ольга Васильевна Пыжова[2] (ина1928), йаздархо а, драматург а, театран йемалча.
Майра — Бибиков Борис (1900—1986), актёр, режиссёр, хьехархо; Таджикийн ССР хьакъдолу гӀуллакххо (1964), III тӀегӀанан Сталинан совгӀатан лауреат (1950).
Пыжова Ольга Ивановна йелла 1972 шеран 7 ноябрехь Москохахь 78-гӀа шо долуш. ДӀайоьллина Москохахь Новодевичьи кешнашкахь (№ 1 дакъа).
Колларалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Театрера ролаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «Йуткъа йолчохь хеда» И. С. Тургенева — гувернантка
- «Сийна олхазар» Метерлинка — Берилюна фея
- «Баьллийн беш» А. П. Чеховн — Варя
- «Трактирщица» Гольдони — Мирандолина[3]
Фильмографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1916 — БӀаьрзанаш а, баьрза бинарш а — Ольга Морская
- 1916 — ГӀуллакххошна йукъахь — Лика
- 1917 — Тоьлларш а, эшнарш а — Балли
- 1936 — Къалиг — Харита Игнатьевна Огудалова
- 1937 — КӀайло кӀайн кеман гата — мадам Стороженко
- 1953 — Алёша Птицын амал тойеш ву — де нана Оля
- 1956 — Цунна хьо веза — станцехь новкъа воккхург (титрашкахь йац)
- 1965 — Гаргол бетта, неӀ схьайелла — Наталья Ивановна, пенсионерка (титрашкахь йац)
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- КхоалгӀа тӀегӀанан Сталинан совгӀат (1950) — ЦДТ-хь С. В. Михалковн «Суна цӀа ваха лаьа» спектакль хӀоттайарна (Б. В. Бибиковца цхьаьна)
- РСФСР говзаллин хьакъдолу гӀуллакххо (1947)
- Таджикийн ССР говзаллин хьакъдолу гӀуллакххо (1964)
- ГӀезалойн АССР говзаллин хьакъдолу гӀуллакххо (1949)
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 3 4 Internet Movie Database (инг.) — 1990.
- ↑ Василий Качалов - милый лжец - Совсем Другой Город. ТӀекхочу терахь: 2024 шеран 20 август. Архивйина 2024 шеран 20 августехь
- ↑ Maria Ignatieva Stanislavsky and female actors: women in Stanislavsky’s life and art. — University Press of America, 2008. — 46 p.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бинарш 30 ноябрехь
- Бинарш 1894 шарахь
- Бинарш Москохахь
- Белларш 7 ноябрехь
- Белларш 1972 шарахь
- Белларш 8 ноябрехь
- Белларш Москохахь
- «Сийн хьаьрк» орденан кавалераш
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал йелларш
- Сталинан совгӀатан лауреаташ
- РСФСР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххой
- Хьакъдолу говзаллин гӀуллакххой ГӀезалойн АССР
- Адамаш абатца
- Адамаш:Москохан Исбаьхьаллин театр
- ЕПКИ хьехархой
- Таджикийн ССР говзаллин хакъдолу гӀуллакххой
- Новодевичьи кешнашкахь дӀабоьхкинарш
