Пхейн-Мохк
Пхейн-Мохк
ხევსურეთი | |
---|---|
Пхейн-Мохк, Хевсурети[1] (гуьрж. ხევსურეთი схьадаьлла гуьрж. ხევი — Iин) — Гуьржийчоьнан къилбаседа-малхбалера историн регион. Пхейн-Мехкан бахархой — пхий (гуьрж. ხევსურები) — ламаст хилла лекхачу лаьмнашкара йукъараллашкахь беха, шайн йукъахь тIегIанашна бекъабалар а доцу гуьржийн этнографин тоба. Йуккъерачу бIешерашкахь а, феодалийн муьрехь а пхий мукъабаьхна бара муьлххачу ясакхах, амма декхарийлахь бара лардан Гуьржийчоьнан къилбаседа дозанаш. Картлин а, КӀахетин а тIелетта меттиг хилчи пхийш эскар дохуьйтура церан паччахьашна гIоьнна. Пхийша ладаме роль лелийна 1659–1660 шерашкахь хиллачу Бахтрионан гIаттамехь.[2]
Дин
[бӀаьра нисйан | нисйан]Пхийша керсталла леладешшехь, гуьржийн килсе оьхуш боллушехь, ладаме роль лелайо пхийн дахарехь шира керсталлал хьалхарчу ламасташ.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Пхийн латташ ду уггаре лекхачу ломан тогӀенашкахь а, Кавказан лаьмнийн шина басахь а. Царна къилбаседехьа бу нохчий, малхбалехьа — лаьзгӀой, жӀайхой, тушинаш, малхбузехьа — гудомакараш, ткъа къилбехьа — шуой а, тушинаш а. Церан мохк къилбаседера къилбехьа — 53 км бу, ткъа малхбалера малхбузехьа, Кавказан дукъан юккъерчу декъехь — 43 км, ерриг майда хуьлу 2300 квадратан километр[3].
1876 шарахь гӀараваьлла немцойн новкъахо Густав Радде, хилла Пхейн-Махкахь, цуо «Chewsuren und ihr Land» (Kassel, 1878) цӀе йолу жайна йаздина. Оцу жайно бовзийтина Пхейн-Мохк малхбузан дешархошна. Пхейн-Мехкан уггаре ладаме объекташ йу шен чохь юккъерачу бӀешерийн гӀопаш йолу эвланаш Шатили а, Муцо а, ткъ иштта гӀопаш Хахмати, Ахиели, Лебаис Кари.[2]
1950-гIа шерашкахь пхий нуьцкъала охьакхалхийна акъарин тӀе, цундела дукхаха йолу лекха ломара эвланаш йаьсса йу.
Меттиг, климат, латта
[бӀаьра нисйан | нисйан]Доккхаха долу лаьмнашна тӀехь гуттаренна а лайш ду, дисинчарна тӀаехь ло ца хуьлу чӀогӀа йовха ца хилчи. Дерзина лекха тархаш айаделла дум ассо а агӀора, хьаннаш а йац, коьллаш а ца хуьлу наггахь бен. Климат луьра ю, чӀогӀа хийцалуш а ю меттиге хьаьжжина. Ӏа лаьтта бархI баттахь, гурахь а, бӀаьста а чӀогӀа мехаш хуьлу, доцца аьлчи, Ӏалам башха дика дац оцу меттиган бахархошна, церан амалехь а, гӀиллакхехь а гуш ю уьш бехачу лаьттан климат.
Латта кхузахь кӀезиг леладо, деккъа даьхний ду бахархойн бахам, Ӏа дахделча церан хьал дика ца хуьлу. Оцу меттигехь беха шуой а, тушинаш а алсама реза бу шайн дахарна, церан амал а йу кӀеда пхийнчул, цара дӀалоцу кхин а лакхара Кавказан ломан акъареш. Пхийн хьена доцу латто ялта кӀезиг даларна цара гуьржашца тӀаргӀа хуьйцу ялтан дуьхьала.
Пхейн-Мохк Кавказан уггаре лекхачу декъехь латтар бахьнехь, цигахь кегийра шовданаш а, Органан лакхе а (кхузахь цунах Ардоти олу), Пхейн-Арагви а бен дац; делахь а цигахь ду Кавказан басеш тӀехула охьаоьху дагар а ца далуш шорта цӀераш йоцу шовданаш, шортта чахьчариш а йу.
Мукх а, кӀонцерг а бен ца кхуьу пхийн; мекхо чӀогӀа кӀезиг йалта ло: дӀабийна цхьаьна буьртигах биъ бен ца кхуьу климат луьра хиларна. Хьаннаш оцу кӀоштахь йан а йац, коьллаш а ца хуьлу наггахь бен. Бахархойн берриг бахам — гезарийн а, уьстагӀийн а жаш ду, цара адамашна даар а, духар а латтадо, совдевлла сурсаташ пхийша хуьйцу туьханца, йалтанца, герзаца йа духку.
Лакхахь дийцинчо пхий хала бахкаран сурт гойту, луьра климато а, лаьттан къоьлло а амалаш кхуллу бахархойн, уьш хьалха шайн луларчу шуойшла а, тушинашла а алсама къола деш хилла.[4]
1840 шеран эвланаш а, бахархой а
[бӀаьра нисйан | нисйан]1840 шарахь Пхейн-Мехкан 31 эвлахь бара 650 доьзал, уггаре йоккха эвлахь 50 керт яра. Вот перечень их поселений:
- 1. Моумова - 16 керт
- 2. Датуили - 14 керт
- 3. Ачахи - 8 керт
- 4. Гвилети - 9 керт
- 5. Чирдили - 20 керт
- 6. Укан-Ахо - 17 керт
- 7. Барис-Ахо - 18 керт
- 8. Харнаули - 16 керт
- 9. Рошкиони - 31 двор
- 10. Ликоки - 44 керт
- 11. Гули - 36 керт
- 12. Затечигели - 26 керт
- 13. Гудани - 26 керт
- 14. Укана-Ходо - 52 керт
- 15. Кмости - 28 керт
- 16. Цинхадо - 6 керт
- 17. Иситхи - 4 керт
- 18. Бло - 24 керт
- 19. Бацалинго - 26 керт
- 20. Атобети - 7 керт
- 21. Хахмати - 28 керт
- 22. Лебаш-Кари - 9 керт
- 23. Чормешава - 10 керт
- 24. Чия - 23 керт
- 25. Кистани - 26 керт
- 26. Муцо - 18 керт
- 27. Гуро - 22 керт
- 28. Шатиль - 32 керт (иза коьрта эвла йара Пхейн-Мехкан)
- 29. Ардоти - 22 керт (лаьтта Орган аьрру бердаца)
- 30. Хахабо - 18 керт (и эвла лаьтта иштта цIе йолчу эркан бердаца; и эрк кхета Органах аьрру агIора Хахабо а, Шатиль а эвланашна йукъахь, Боккха-Лам дукъан гергахь)
- 31. Хамар - 32 керт[5].
Антропологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Антропологи агIора пхий юккъера барамал лекха бу, айсина, цкъаццIа сира баьццара бIаьргаш а, сирла хьаьрса месаш йолу мезокефалеш бу.
Пхийн болх а, бахам а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Пхийн коьрта болх — бежний а, уьстагIий а, латта а лелор бу, кенан куьлтураш кхиайо.[6]
Пхийша говза кечбо тIаргIа: кIади дуцу, пазаташ юцу. Цул сов даьржина ду тегаран говзалла а, дечиг агар а, дешийн пхьола а.[6]
Зиссерманан гипотеза
[бӀаьра нисйан | нисйан]Российн этнографан Зиссерман Арнольдан гипотеза йу, цуьнца пхий — хIокху махка охьахевшина, гуьржаша Iаткъам бина, малхбузаевропан жIарахойн тIаьхьенаш йу. Гуьржийн XII—XIII бIешерийн малхбузан жIарахошца йолчу уьйранех лаьцна шортта тешаллаш ду; пхийн бахаман а, социалан а, динан а оьздангалла чIогIа тера ю юккъера бIешерийн малхбузаевропачух: XX бIешарахь а лелайора боьршачу пхийша гӀагӀ а, нийса тарраш а, церан духар иштта жIарашца кечдина дара, ткъа шеш цара лорура сийлахь гуьржийн паччахьийн эскаран гуттаренна а болу декъашхой.
Галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Описание Пхейн-Мохк
- Перцов В. Облака сверху и снизу . // Вокруг Света, №2 (2533), февраль 1970. ТӀекхочу дата: 2011-5-23. Архивйина 2012 шеран 4 мартехь
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Хевсурия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ 1 2 Historical Dictionary of Georgia Alexander Mikaberidze Historical Dictionaries of Europe, No. 50 The Scarecrow Press, Inc. Lanham, Maryland • Toronto • Plymouth, UK 2007
- ↑ http://www.vostlit.info/Texts/Dokumenty/Kavkaz/XIX/1820-1840/Blaramberg/text33.htm
- ↑ http://www.vostlit.info/Texts/Dokumenty/Kavkaz/XIX/1820-1840/Blaramberg/text33.htm
- ↑ http://www.vostlit.info/Texts/Dokumenty/Kavkaz/XIX/1820-1840/Blaramberg/text33.htm
- ↑ 1 2 Большая советская энциклопедия. Гл. ред. Б. А. Введенский, 2-е изд. Т. 46. Фусе — Цуруга. 1957. 672 стр., илл. и карты; 48 л. илл. и карт.