Пропаганда

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
«Пропагандхо лацар», Репинан сурт.

Пропаганда (латинан маттахь propaganda ма-дарра яржо езаш, propago «яржош ву»)— таханлерачу политикин дискурсехь — йукъараллина хетарг кхолла а, кхийолу Ӏалашонаш кхочуш ян дуьхьа а пропагандхоша ойланаш а, факташ а, аргументаш а, кхиболу хаамаш а баржоран болх бу.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Пропаганда» дош схьадаьлла 1622-чу шарахь XV-чу Григорий Папас йиллина йолу Congregatio de Propaganda Fide (Дин даржоран конгрегаци) католикийн организацин цӀарах[1]. Цхьабакъду, и термин юкъаялале, дукха хенахь дуьйна пропаганда йолуш яра.

Масала, Хаммурапин Ӏедалийн гулам болалучу декъехь дуьйцура оцу низамийн ши коьрта Ӏалашо хилар: гӀийла нах Ӏаткъам болчу нахах ларбар а, пачхьалкхехь нийсо дӀахӀоттор а. Ткъа ма-дарра дийцича, низамийн чулацам хьал долчу нехан хьашташ бен лардеш яцара. Церан хьашташ кхочушдора къечу нехан чоьтах а, иштта магадора миска нах олаллехь бацор а.

Хьалхарчу дуьненан тӀамехь пропагандах пайдаоьцура алсамчу барамехь. Адамийн а, йукъараллин а юкъахь уьйр хилита а, нехан муьтӀахьалла хьалаяккха а, дог иракарахӀоттар дуьхьа а оцу оьмаран тайп-тайпана гӀирсаш лелабора, масала сарташ а, радио а.

Иштта пропагандистийн хаамаш баржорехь билгалделира массийн хаамийн гӀирсийн дакъа.

Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Свод законов Хаммурапи