Поцелуев, Иван Николаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Иван Николаевич Поцелуев
Вина терахь 1916 шеран 14 январь({{padleft:1916|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2000 шеран 18 февраль({{padleft:2000|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (84 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж лакхара лейтенант[d], Советийн гварди[d], капитан[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.»

Иван Николаевич Поцелуев (1916 шеран 14 январь, Аткарск[d], Саратовн губерни[d]2000 шеран 18 февраль, Сочи, Краснодаран мохк) — гӀашсалти, капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Поцелуев винера 1915 шеран 22 декабрехь Аткарск гӀалахь (хӀинца Саратовн областехь) белхалон доьзаллехь. Цо чекхйаьккхира ворхӀ класс. Иза вара заводехь токарь болх беш[1].

1937—1940 шерашкахь иза ЦӀен Эскарехь вара. 1941 шеран июль дуьйна иза йуха а ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1942 шеран декабрь дуьйна иза фронтехь вара. 1945 шарахь иза КПСС декъашхо хилира[1].

1943 шеран декабрехь лакхара лейтенант Поцелуев вара 3-гӀа Украинин фронтан 8-гӀа гвардин армин 35-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 100-гӀа гвардин кхиссархойн полкан автоматчикийн ротан куьйгалхо. 19 декабрехь Поцелуевс дакъа лецира Никополь гӀалин уллехь мостагӀийн дуьхьалло йохайеш. Оцу тӀамехь Поцелуеван чевнаш йинера, амма тӀаман йукъара дӀа ца велира[1].

1944 шеран январехь Украинин Днепропетровки областан Николаевка йуьртан уллехь Поцелуевс шен ротан бӀаьхойца 100-гӀа гвардин кхиссархойн полкан куьйгалхон майор Воинкован теграме пунктан тӀелетта мостагӀаш йухатуьйхуьра. 1944 шеран 3 июнехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Поцелуеван Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1].

ТӀом чекхбаьлча капитан Поцелуев тӀаьхьаллоне велира. 1953 шарахь цо чекхйаьккхира Ленинградехь йолу махлелабаран школа. Иза Ӏаш вара Краснодаран махкан Сочи гӀалахь. 50 шо гергга иза вара Сочехь йолу № 1 гастроном. Иза велира 2000 шеран 18 февралехь[1].

Дагахьлаттавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

1996 шарахь Поцелуев хилира Сочи гӀалан Сийлахь гражданин. Аткарскахь болу цхьана ураман йелира Поцелуеван цӀе. Цо даьшна школан тӀехь хӀоттийра цуьнан барельеф[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Я люблю тебя, жизнь/ Поцелуев И. Н. Литературная запись Семена Моняка — Издательство «РАСТР», 1996

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]