Полимеран биргӀанаш
Полиме́ран би́ргIанаш — полимеран материалах бина цилиндр кепара чухула беса болу, бохалла диаметрал шортта беха болу гIирс.
Полимеран биргIанаш лелоран область чIогIа шуьйра ю. Полимеран биргIанаш лелайо бахаман, маларан довха а, шийла а хи лела биргIааса еш, тоеш, полимер химин агIора мегаш елахь кхин коча а, газкепара а хIуманаш лела а. Полимеран биргIанаш лелайо йогу газ юьллуш, хIусамаш йохъяран системаш, канализацеш йохкуш, хи дигаран машанаш бохкуш. ТIаьхьарчу заманахь полимеран биргIанаш сих-сиха лело яьхна гидротранспортехь. Полимеран биргIанаш лело тарло электрийн, зIен, хьесийн-оптикан кабелаш дохкуш а.
Полимер — юкъара цIе ю. Полимеран биргIанашна йекъало термопластан а, реактопластан а биргIанашна.
Полимеран биргIанаш ян тарло тайп-тайпанчу термопластикан материалех а, церан композицех а, масала: полиэтилен (ПЭ), поливинилхлорид (ПВХ), полипропилен (ПП), полиамид (ПА), полибутилен (ПБ), кхин а. Реактопластех йина биргIанаш — аьнгалипластикан а, аьнгалихьесийн а, эпоксидан я полиэфиран силамех йинарш.
Коьрта амалаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Габаритан[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Dn Диаметр номиналан — коьрта бараман амал хи-газйилларан биргIанийн а, уьш вовшахтосу дакъойн а
- Дб (ID) Диаметр билламан чеккхенан — миллиметрашкахь болу чоьхьара диаметран барам я цунна гергадина терахь (16,20,25,32,40,50 мм, кхин дIа а)
- Д (OD) Арахьара диаметр — миллиметрашкахь болу арахьара диаметран барам я цунна гергадина терахь
- En Пардонан стоммалла
- SDR (Standart Dimension Ratio) — биргIан стандартан бараман юкъаметтиг, гайта таро ю биргIан арахьара диаметран юкъаметтиг биргIан пардонан номиналан стоммаллийн екъна SDR = dn / en. Полимеран биргIанашна тIеэцна хIара барамаш SDR 41; 33; 26; 21; 17,6; 17; 13,6; 11; 9; 7,4; 6
Массийн[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Цхьаьна йохаллин метран йозалла дукха хьолахь юсту килограммашкахь.
- Луьсталла;
ЧIогIаллийн[нисйе бӀаьра | нисйе]
- PN (Nominal pressure) Номиналан (билламан) Iаткъам
- MRS (Minimum Required Strength) биргIа йина материалан минималан чIогIаллин хенан йохалла
- С — чIогIаллин запасан коэффициент (биргIа йилларан коэффициент), йозуш йолу йилларан хьолех, тIеоьцу барам: 1,25 — шийла хи луш йолу полиэтиленан биргIанашна; 2.. 3,15 — йогу газаш луш йолу полиэтиленан биргIанашна.
- MOP (Maximum Operation Pressure) Максимум белхан Iаткъам МОР=2 MRS/[C(SDR-1)]
- SN ХIозан чIогIалла, кН/м²
- Озийча иэхаран доза, Мпа
- Хедучу хенахь кхечунца юьстина яхъяр, %
- БиргIанийн йохалла йохйича хийцаялар, %
- БиргIанийн термоцхьаьнаэшаралла
- Меллаша ятIар яржарна дуьхьало
- Чехка ятIар яржарна дуьхьало
- Бужу кира тIекхетаран дуьхьало
Температуран[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Температура белхан, максималан, минималан. БиргIан чухула дIахьучу хьолан гуттаренна йолу белхан температура дукха къастало 20˚С температурал, температура хийцаялар лара деза проект йеш, хIунда аьлчи цуо йохоран Iаткъам бо биргIан материалан;