Жеребцова, Полина Викторовна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Поли́на Ви́кторовна Жеребцо́ва тӀера хьажжина кхуза)
Жеребцова Полина Викторовна
ГӀуллакхан тайпа Поэт, историк, Журналист, философ, бакъоларйархо, автор дневника, йаздархо, антивоенный активист
Йина терахь 1985 шеран 20 март({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (39 шо)
Йина меттиг
Корматалла йаздархо
Гражданалла  РоссиФинлянди Финлянди
Викилармин логотип Жеребцова Полина Викторовна Викилармехь

Жеребцо́ва Поли́на Ви́кторовна (1985 шеран 20 март, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — йаздархо-документалист, поэтесса. Иза гӀарайаьллачу «Дневник Жеребцовой Полины» тептаран автор йу. Цуьнан дневник дуккха а Европерачу къаьмнийн маттахь гочйина, зорбатоьхна ара а хецна[2].

2013 шарахь Полинина йелира политикин кIелхьарйолийла Финляндехь[3].

Къаьсттина адамийн бакъонаш ларйечу хьокъехь болх беш а йу иза[4]. Иштта, Борис Стомахин паргӀатваккхаран хьолехь болх дӀакхоьхьуш а йу[5].

А. Сахарова цӀарах долчу совгӀатан финалист йу: «За журналистику как поступок» 2012 шо[6].

Нохчийн пачхьалкхан махкахь 19942004 шерашкахь хиллачу тӀеман зуламех лаьцначу докладан автор а йу.

Полина йина дуккхачу къаьмнийн доьзалехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР махкахь Соьлжа-гӀалахь (Грозный). ТӀеман кампанеш дӀайоьлхучу хенахь Нохчийн Республикин дозанал ара а ца йалла. Нохчийн махкахь тӀом болабелчу 1994 шарахь исс шо долчу Жеребцова Полинас йолайо шен долахь йолу дневник. Цу техь цо гойту шен Даймахкахь хуьлуш долу историн гӀуллакхаш.

1999 шеран 21 октябрехь Соьлжа-гӀалара маьршан базарахь, шен нанна газеташ дохка гӀо деш йолчу Жеребцова Полинина, йуккъерачу барамехь чевнаш хуьлу. Шен дневникан тӀехь маьршан бахархойх лаьцна цо йаздира:

8 ноябрехь 1999 шарахь:

«…Селхана суьйренца къемате герзаш диттира!

Ракеташ а снарядаш а керта эгара.

Еттара минометаш а пулеметаш. Пенаш ша-шех лелара.

Массеран лулахойн тӀаьххьара дисина корийн куьзганаш охьадигира…»

Жеребцова Полинас 1995 шарахь диллина сурт (цу хенахь цунна 10 шо дара)
Заветы Ильича урамехь долу цӀа, автор Жеребцова Полина
Жеребцова Полинин хилла дафтар, 1995 шо
Жеребцова Полина А. Сахаровн музейхь, 2011. Жайнан презентаци.

Бералла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Полина Жеребцова йина 20 мартехь 1985 шарахь дуккхачу къаьмнийн доьзалехь Соьлжа-гӀалахь. Цо лору ша космополит (дуьненан гражданин), шен тайпанехь дуккхачу къаьмнийн гергара нах хилара бахьанехь[7].

Полини да дӀакхелхина иза гуттар жима йолчу хенахь. Нана Полини — Жеребцова Елена, болх беш йара йоккхачу предприятехь лакхарчу товароведан даржехь. Шен йерриге мокъа хан цо лерина йара цхьаъ бен йоцу йоӀ кхиорна хьокъехь.

Къаьсттина гергара а, мерза уьйр йолуш йукъаметтиг йара Полинин шен ненан деца Жеребцов Анатолий Павловичца. Цо 25 шо сов болх бинера Соьлжа-ГӀалин телевиденехь журналист-кинооператор. Полинин ненан нана а, сурташ дохкуш говзанча (профессионалан художница) хилла. Ден да актёр а, музыкант а хилла. Иштта, ден нана а профессионалан актриса хилла.

Жеребцова Полина кхиъначу доьзалехь цхьатеррачу барамехь ларара кху кепара жайнаш Тора, Библии, Къуръан. Бераллехь дуйна Полинас Ӏамадора тайп-тайпанчу къаьмнийн: дин, истори, философи а. Къаьсттина, цо, шена йезаш, билгалйаккхинчех йара литература.

Жеребцова Полинин доьзалехь сих-сиха олура: «Тхо дуьненан машаре адамаш ду!». Цу дешнин бахьана дара царна шайн тайпанахь тайп-тайпана къаьмнаш дуйла хаар.

ХӀалхара тӀом[нисйе бӀаьра | нисйе]

ДӀайолайелира хьалхарчу тӀеман кампани (1994—1996 шераш). ТӀом болабелла дукха хан йалале дӀакхелхира Полини ненан да Жеребцов Анатолий. Боккхачу Даймехкан ТӀеман 72 шо долу декъахо дарба лоьхуш чохьӀуьллу Соьлжа-гӀалара Первомайски урамера больница тӀеман хӀаваан кеманаша тӀе герзаш детташ йара.

Полинас шен дневник тӀехь до дуьххьарлера баккъал йаздарш. Цо ша шена до и йоза, ткъа цу тӀехь буьйцучу лулахошна, иштта накъосташна а, кхин цӀераш тохку. ДӀайазйо забаре а, сингаттаме а, шен дахарехь тӀеӀиттало меттигаш. Нохчийн Республикехь 19941996 шерашкахь хиллачу тӀамо галйоккху нохчийн а, оьрсийн а, халкъийн йукъаметтиг. Кхоллало вовшашца гамо, цабезам, иштта тӀехтохарш а нисло.

Шен фамили бахьанехь, Полинина нисло школехь олуш хийланза цадогӀу халахетарш. Нохчийн къоман, шен оьрсийн лулахошца, иштта бойзучарца а, кхоллайелла оьгӀазло а, цуьнан бахьанаш, Полина Жеребцовас йаздира шен тӀаьхьа арахецначу дийцаршчохь[8].

ШолгӀа тӀом[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йуха а, 1999 шарахь , Къилбаседа Кавказерачу Соьлжа гӀалахь дӀаболало шолгӀачу тӀеман керла мур. Ткъа Полини цу хенахь 14 шо кхаьчна. Цуьнан «Дневник» денна тамло хуьлуш долчу керлачу хӀуманех лаьцна.

ХӀора дийнахь, дешар чекхдаьлча, Соьлжа-гӀалара коьрта базарахь махбеш йолчу шен нанна гӀо деш йолчу Жеребцова Полинина, йуккъерачу барамехь когашна чевнаш хуьлу. ЦӀармата гӀарадаьлла, инзаре ларам боцу герзаш тохар маьршачу базарна 21 октябрехь 1999 шарахь, билгалйина тӀаьха хиллачу докладехь[9] «Харжамбоцуш герзаш детташ ницӀкъбар федеральни эскарша Нохчичохь тӀом болалучу хенахь сентябрехь-октябрехь 1999 шарахь».

Чевнаш а, цамгар а бахьанехь, Жеребцова Полина шен ненаца ца ларайо тӀеман цӀе кхерстачу Соьлжа-гӀаличура арайала. Йолало мацалла а, ца доьвлачу денца кхерстар а, иштта, кхечу лулахошца «зачистке» арадахар а. И дерриге Полинас шен «Дневникан» агӀонашкахь йаздина.

Жеребцова Полина маситтазза нисло дахарна а, Ӏожаллина а, йуккъехь. Делахь а, цо къарцалуш дӀакхоьхьу шен йаздаран болх, хӀунда аьлча, ша сатуьйса дела, цкъа мацца а шен тетрадаш цхьанна кара а дина уьш доьшур ду, тӀаккха царна хуур ду, маьршан бахархоша — бераша, къеначара а муха баланаш хьегна тӀом болчу хенахь.

Коьртаниг цунна — адамаш кхетар тӀемаш бийлита мегарг цахиларх, къаьсттина шайн пачхьалкхан махкахь. Иштта «Дневник» тӀехь цо дуьйцу, 1994 шарал хьалха Республикехь, оьрсийн а, нохчийн а халкъийн йукъаметтиг гергара а, лараме а йара бохуш.

Соьлжа-гӀалара, Заветы-Ильича урамера, тӀом балале хьалха Жеребцова Полинин доьзал чохь баьхна долу цӀа, шолгӀа 19992000 шерашкахь хиллачу тӀамехь, дохийна, кхин меттахӀотталур долучу хьолехь дацара[10]. Делахь а, Полинин шен ненаца кхин шо сов хан йаккха дийзира цу галдаьлла хьал долчу хӀусамашкахь.

Февраль баттахь 2000 шарахь, чевнаш хилла пхиъ бутт баьллачул тӀаьхьа бен ца йо,14-шо долчу Жеребцова Полинина операци. Операци йира 9-чу московски больницан лоьраша, йохийначу Соьлжа-гӀалахь йолчу МЧС госпиталехь — схьайаккхира уггаре йоккху гериг.

Чевнаш (16 гериг) бахьанехь могашаллина хилла зен Полинина хӀинца метта а ца хӀоттийна.

Корматалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Полина Ставрополь гӀалара исбаьхьаллин гайтамехь. 2005 шо. Жеребцова Полинас хийцира 5 ишкол Соьлжа-гӀалахь. Уьш ерриген а рогӀ-роггӀана йохийра Нохчийн Республикехь тӀом болчу хенахь.

  • 2002 шарахь 17-шо долу Жеребцова Полина деша дӀахӀоьттира НПХЬИ (Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте).

Ткъа 2004 шарахь цӀечу дипломаца чекхйаьккхира корреспондентин ишкол.

А 2003 шарахь дуйна цхьаьнагӀуллакхдо цо МХГӀ-хь (СМИ). Ткъа цуьнан литературни къахьоьгу аре йу: журналистски таллар, публицистика, интервьюш, очеркаш, дийцарш, байташ, эссе, фельетонаш, берашна туьйранаш.

Даимна лелхачу герзах, сих-сиха хуьлучу терактех кӀаддалар бахьанехь, 2005 шарахь Жеребцова Полина доьзалца дӀайоьду Ставрополе, бакъдерриг аьлчи, Нохчийн Республикехь, тӀом дӀабоьдуш болу дела. Ставрополехь Жеребцова Полина дехьайолу Къилбаседа Кавказера техникин университете дуьхьалйоцу декъе «Йукъара психологи» факультете (диплом схьаэцна 2010 шарахь).

  • 2006 шарахь , Жеребцова Полинех хуьлу шина номинацехь лауреат Иерусалимера Корчак Янушан цӀарах йолчу дуьненайукъара литературин къовсамехь[11].

Иштта 2006 шарахь цо кехат йаздира Солженицын Александре: шен Дневниках лаьцна а дуьйцуш и арахеца гӀо дийхира. Солженицына фонда белхалоша гӀо дира Полинина Москоха схьакхалха, делахь а, Дневник зорбатоьхна арахеца аьтту ца хилира.

А 20082010 шерашкахь Жеребцова Полинас цхьацца статьяш, дийцарш а зорбатуху Москохахь: журнал «Байракх», журнал «Йоккха шахьар», газета «Маьрша Дош».

Оцу хенах лаьцна иштта аьлла[12]:

«Жеребцова хӀинца а хене йолу наг-наггахь доккхучу алапах, ца йаьллачу денна хьалтакхархьама, цо йазйо цхьацца статьяш, берашӀалашдеш болх бо нехан доьзалехь, иштта, наггахь консультант а.»

Гурахь 2011 шарахь зорбанехь арайолу "Дневник Жеребцовой Полины" (1999—2002 шераш).

Карарчу хенахь иза цхьаьнагӀуллакхдеш йу хаамийн интернет-порталашца: Wordyou.ru, Грани.ру, Slon.ru, Медведь (журнал) ,Кругозор (журнал, Бостон).

КхобӀе сов байташ поэтессин арахецна МХГӀ-хь.

Ткъа 2013 шарахь П. Жеребцован байташ араевлира антологин поэзехь:[13].

Акциш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Июль баттахь 2012 шарахь Жеребцова Полинас куьгтаӀийра российн оппозицин кхайкхаман кӀеллахь: «Путин дӀавала веза»[14].

«И жоьжахате со Ӏаш хилла, и къемате, миллионаш адамаш Ӏаш долу РФ — хуьлийтила дац. Ӏедалехь хила беза филосовски кхетамехь хьекъал долу нах, даима машаре кхийдаш, ткъа иштта, хӀора хенахь шайн махкахошна адамашна догӀу хьакъ долу дахар хӀотто а гӀерташ. Ткъа хӀинца вайн долу хьал — йуханехьа йоьду процесс йу.»

П. Жеребцова

.

Декабрь баттахь 2013 шарахь Жеребцова Полинас йаздира къайлазан Кехат Ходорковскега[15].

"Со чӀогӀа доглозуш йара хьоьх, хьо набахтехь волчу хенахь. Суна хетара хьуна йина кхел харцонехь а, политически а. Иштта хӀинца а хета, хьуна цхьа гӀело йеш бахуьйтуш санна. Делахь а, ахьа хьайн интервьюхь элира:

«Путин мела вац. Со тӀом бан кийча ву Къилбаседа Кавказ вайн пачхьалкхан йукъахь ларйархьарма. Иза вайн латта ду, вай и схьадаьккхина!»

Ойлаехьа, хьа а дезар ма ду декъахо хила Кавказехь динчу тӀеман зуламех жоп дала дезаш хан йагӀахь.

Ешахьа сан дневник.

Дешахь, тхо муха къардина схьадехира.

Оха муха дӀабохкара, тхайн тӀеман кӀеллахь кхелхина лулахой, цкъа хьалха церан кешнаш гаьннашца дӀакъуьйлуш церан декъий мецачу жӀаьлешка вовшахцадахийта. Муха дайъира эзарнашкахь бераш, зударий а Нохчийн Республикехь.

Хьуна хӀинца а лаьий йукъаралла цу тайпанчу Россица? Суна-м ца лаьа!

Йа цуьнан гражданства а ца йеза суна.

Суна эхь хета цуьнах, ша лайн хӀостах санна.

.

Хуушдолу бакъдерш[нисйе бӀаьра | нисйе]

П. Жеребцова 2007 шарахь дуйна Российн журналистийн союз йукъахь йу. Иштта, дуьненайукъара журналистан профессионалан карточка а ду International Press Card.

Ткъа 2012 шарахь дуйна ПЕН-клубехь а йу.

Литературни совгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 2006 — Дуьненайукъара Корчак Янушан цӀарах литературин совгӀат цхьана Дневникан декъах («Крещение» — 2000 шо).
  • 2006 — Дуьненайукъара Корчак Янушан цӀарах литературин совгӀат тӀеман дийцарах «Жима Малик» (Маленький Ангел).
  • 2012 — Финалхо Сахаров Андрейн цӀарах долчу совгӀатан: «За журналистику как поступок».
  • 2017 — Дуьненайукъара Хемингуэй Эрнестан литературин совгӀат

Жайнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Дневник Жеребцовой Полины. — Москва., 2011. — 576 с. — 2000 экз. — ISBN 978-5-89935-101-3.
  • Муравей в стеклянной банке. Чеченские дневники 1994-2004 гг.. — Москва., 2014. — 608 с. — 3000 экз. — ISBN 978-5-17-083653-6.
  • Тонкая серебристая нить (рассказы) — Москва.: AST 2015. — 320 с. ISBN 978-5-17-092586-5
  • Ослиная порода (автобиографическая повесть) — Москва.: Время 2017. — 352 с. ISBN 978-5-9691-1536-1
  • 45 параллель (роман) — Харьков: Фолио 2017. — 506 с. ISBN 978-966-03-7925-1

Гочдина жайнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Жеребцова Полина, Le journal de Polina. France, Paris: Books Editions., 2013. ISBN 2366080328
  • Жеребцова Полина, Sodan sirpaleet. Finland, Helsinki: INTO, 2014. ISBN 978-952-264-312-4
  • Жеребцова Полина,LE JOURNAL DE POLINA. France, Paris: 10/18, 2015. ISBN 9782264064554
  • Жеребцова Полина, Polinas Tagebuch, Berlin 2015, ISBN 978-3-87134-799-3.
  • Жеребцова Полина, Чеченські щоденники 1994—2004 рр. Ukraine: "Клуб сімейного дозвілля, 2015.ISBN 978-966-14-8343-8
  • Жеребцова Полина, Polinos Dienorastis. — Lithuania, Tytoalba, 2015. ISBN 978-6-09466-107-5
  • Жеребцова Полина, Тонка сріблиста нить, Ukraine: BСЛ, 2016. ISBN 978-617-679-207-9
  • Жеребцова Полина, "Deníky Poliny Žerebcovové", BIZBOOKS, Czech Republic, 2016 ISBN 978-80-265-0500-6
  • Жеребцова Полина, Осляче поріддя, Ukraine: BСЛ, 2017. ISBN 978-617-679-357-1
  • Жеребцова Полина, TŠETŠEENIA PÄEVIKUD 1994–2004, Estonia, Tänapäev, 2017. ISBN 978-994-985-161-4

Махкахйалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхерамаш бахьанехь,- чӀаго йо Жеребцова Полинас, — уьш тӀаьхьарчу хенахь йухь дуьхьал тийсара, почтехула бахкийтара, телефонехула а хазийтара, цхьацца «Российн патриоташ» ду шаьш бохучу наха. Цундела, йаздархо январь баттахь 2012 шарахь Россира дӀа а йахана политикин кIелхьарйолийла дийхира Финляндехь[16][17].[18].

ХӀоразза а, цу кхерамийн чулацам кху кеппара бара: хьайн йаздар цу теманах сацаде, нагахь хьайна йаха лаахь, йа хьайн доьзал хӀаллакбайта ца лаахь. Даима оцу кхерамехь йаха ницӀкъ бацара. Сайн доьзалах са чӀогӀа дог лазара, иштта хӀинцаа а лозу. Тха дӀадаха аьтто хилира, тӀаккха оха политически убежище йихира. (Америкин аз, 2012)[19].

Аса сатуьйсу, Финляндис, ткъа иштта, массо йаккхичу малхбузерачу демократически пачхьалкхаша а, Российна а, Нихчийчоьнна а, шайн Ӏуналладеш тӀелаьцна, царна демократи йовзийтаре! Наггахь, аса сайга олу, гӀоли хира дара Наполеон тоьллехь…

Политикин мухажир 2013 шарахь дуьйна.

Телеканал ДогӀа (Дождь):[20]

Дневникан зорбатохарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Дневник Жеребцовой Полины» хӀокху (19992002) шерашкара. дуьххьара арахийцира московский издательствос Детектив-Пресс 2011 шарахь .. Презентаци дӀайаьхьира академика А. Сахарова цӀарах йолчу музейхь.

Ткъа и тептар арадоллушехь, дуккхачу сайташтӀехь гучаевлира харц информациш: иза бакъдац — иза «художественный кхоллар» ду бохуш. Авторийн бакъонаш йу галйаьхна.

«Суна гина цо йаздинарг баккъалчу кепехь, цундела са чӀаго йан йиш йу, шуна хьалха йерг цу йоьӀан бакъйолу дневник хилар а,, иза цхьа а бӀалгӀа ца хиларх а», — элира презентацехь Ганнушкина Светланас, («Гражданийн накъосталла» комитетан председатель, Бакъонашларйечу «Мемориал» центран «Миграци а, бакъо а» машан советан декъахо а, куьйгалхо а), цу кепара и тайпана харц хаамаш бух боцуш хилар а гойтуш,- йаздора «Российский газетас» шен агӀонехь.

.

Авторо дукхазза дӀахьедора шен дог-ойла хилар ерриге дневника томаш арахеца, Нохчийн Республикехь, иштта РФ кхечу меттигашкахь йазйина йолу. Цу могӀара, МХГӀ-хь зорбатоьхна арадевлира цхьацца дакъош «Европин дневникан», уьш Жеребцова Полинас йазйеш дӀахьушйара ша Финляндин махкахь лагерехь йолчу хенаь.[27]

Делахь а, 2013 шо долалуш хаам хилира, цуьнан дневникаш арахецар сацийна Россехь, цуьнан бахьана цензура реза ца хилар дара.

«Ас цхьа а ца во сийсаз — йа гӀаттамхой, йа оьрсийн салтий а, — боху Полинас. — Тептар тӀехь йац гамо, йа хӀуьттаре а, иза йу, ца бевлачу денна, тӀеман кӀеллахь Ӏаш болчу маьршачу бахархойн дахарах лаьцна».

«The Guardian», Йоккха Британия

.

19992000 шерийн «Дневникан» дацдина дакъош. Жеребцова Полинин зорбанехь арадевлира российски а, дозанал арахьарачу а МХГӀ-хь 20062010 шерашкахь. Дневник дӀахьош йу 1994 шарахь дуьйна (авторна хӀеттахь бен ца кхаьчнера 9 шо) — таханлера денналц.

      • «Дневник Жеребцовой Полины» чура чулацам бу: Нохчийн Республикера тӀеман гӀуллакхаш, къаьмнашна йукъара йукъаметтиг, психологи, авторан шен кхиар, гӀенашгар, мистика а.

«Суна хетара, нагахь со ехь, нахана карор йу сан дневник, — дийцира Полинас: — Суна хетара, адмаша сан дневник йоьшур йу, тӀаккха уьш кхетар бу, кхи цкъа а, тӀом бан безаш цахиларх.» «The Guardian», Йоккха Британи

«Дневник Жеребцовой Полины» гочйина: французский, английский[21] и словенский языки[22]., словенский маттахь.

  • Йерриге тептаран текст йу оьрсийн маттахь Scribd иштта Проза.ру[23] и 'Проза.ру[24].

Тептарах аьлларг[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жеребцова Полинин дневникан кийсиг.

ТӀеман дневникашца йолу меттигаш ша-тайпана хуьлу, хӀунда аьлча, цу хаамийн гӀуртехь дукхахдерг ца дуьйцу, ткъа дуьйцург цхьана а ца догӀу. Амма, бехк, йа бахьана доцуш, цхьа ша кхолламан лаам хилла цу тӀеман йийсархо хиллачу адамо йина терго чӀогӀа мехала хуьлу,- цаьрга гайтало бакъдолу сурт хуьлушдолчух. Иштта масал хилла дӀахӀоьттина литературехь нохчийн «Дневник Жеребцовой Полины» (М.: Детектив-пресс, 2011), цуьнан арайалар чӀога билгале гӀуллакх хилла. Тептар шеко йоцуш бакъ йолу дневник йу, иза йазйина Соьлжа-гӀалара йахархочо Полина Жеребцовас, жимха йолчу 1999—2002 шерашкахь, шолгӀа нохчийн тӀом уггар марса баьллачу хенахь. Цхьацца долу дневникан дакъош арадевлира зорбанехь хьалхо а (масала, церах 2006 шарахь Полинас Иерусалимера Яноша Корчака цӀарах литературни совгӀат ийцира), делахь а, йерриге дневник арахеца цу хенахь аьтто ца хилира, хӀунда аьлча, цхьа а издательстваш «Нохчийчуьра бакъдерг» тӀелаьца а, йа арахеца а ца хӀиттара.

Лидия Хесед, критик.

Хилла меттиг — тӀом. Журнальный чоь[25].

.

«Дневник Жеребцовой Полины» чохь дуьйцу Соьлжа-гӀаличохь ШолгӀа нохчийн тӀом болчу хенахь хиллачу гӀуллакхех лаьцна. Шен дневникан чохь жимха-йоӀа йазйеш схьагайтина 1999—2002 шерашкара чолхе мур. Жеребцова Полинин лазаман истори дӀахӀотто мегар йу цхьана могӀара кхечу берийн тӀеман дневникашца — Савичева Танин блокадан Ленинградера, иштта, Франк Аннин, нацистски зуламех дийцина йолу.

Вагина Мария, Оьздангаллин декъан редактор.

Хийцините цу тептаро суна хетачу хьесапехь кавказски тӀемах сан кхетам? ХӀаъ-а, иштта хетта суна. Со урам новкъара политически хьолах ца кхеташ йу бохург-м дац иза. Со мелла кхеташ йу аьлла хетара суна дуьххьарлера а, шолгӀа а нохчийн тӀемаш муха хилла а, иштта Соьлжа-гӀала муьлхачу хьоле йалийна а. Делахь а, цигахь хилла а, Ӏийна а, кхалларан йуьхик бахьанехь къийсам латтийна, дийна йолу теш а гича, цо йаздинарг а дешча, шекойоццуш, кхетам а, дог-ойла а хуьйцу.

Давыдова Марина, театран критик, «Театр» журналан коьрта редактор

.

Жеребцован дара 14 шо, стиглара бомбанаш чуӀеначу хенахь. Уьш охьаегара цо шен ненаца болх беш йолчу базартӀе а, иза хӀора дийнахь лелачу урамашка а. Цара этира Грозный ша кегирий дакъош дича санна, цул тӀаьхьа хьоме гӀала ца йевзачу хьоле йелира. Дуьххьара дуйна Жеребцовас цуьнах лаьцна йаздора, цуьнан дагна и чӀогӀа лазаме а,.чевне а дара. Делахь а, шолгӀачу тӀемах документ хилла дӀахӀоьттина иза. Цо, шен кегарийн сихаллица дечу йозанца йуьзира иттех дневник, наггахь, лелхачу герзаша хӀаллакйо хӀусумаш, шен сурташца, генара хьаьжначунна зезагех а тарйеш.

Мириам Элдер, журналист, The Guardian корреспондент

Жеребцова Полинин Дневник мехала йу, йеккъа кху цхьана хӀуманца. Цо харцайо, адамашна даимна оьхьуш долчу суьртин кеп а, цуьнан роль а, ткъа хӀинца оьшу кхечу турпалчу адамийн аьзнаш — жимчу йоӀарийн, зударийн, къеначу зударийн а, Ӏожалле хьоьжуш болчу, цу жима а, онда а, тӀеман духарца болу оьрсийн стегарех. Полинас олу церах «немцой» а, «кӀайнаш» а,— хӀунда аьлча, СССР йолчу хенахь йина а йолу, советски фильмаш тӀехь кхиъна а йолу, цо муьлха цӀе тилла йезара мостагӀашна? Оьрсий « немцойн» суьртахь: герзаш кхуьйсуш болу мискачу къеназударшна а, йа боьлуш болу шайх кхераелла йиълара уьдучу жимчу йоӀах, — цу сурташна реза хила сел атта дац мел чӀога либеральни а, кхетаман серло коьртехь йолчунна а. Делахь а муьлххачу дешархочун къахьегар мехала хир ду, нагахь цуьнан ницӀкъ кхачахь хӀара «Дневник» дӀаелла.

Рыбакова Елена, «Москохан хаамаш» корреспондент

.

Ӏазапан дийцар Жеребцован хӀинцале дуста мегар долуш ду цул хьалха и санна хиллачаьрца — Анной Франк, ШолгӀа дуьненан тӀом болчу хенахь шен дневник йазйина йолу, иштта,Злата Филипович. Боснерачу тӀемах шен дневника тӀехь дуьйцуш йолу. Издателаш лакхара мах хадабора дневникан, делахь а, хӀораммо ша-ша йухатохара цунна зорбатоха, шаьш « Российн таханлерачу Ӏедална муьтӀахь» хиларна бахьанехь.

Alissa de Carbonne, «Reuters», Йоккха Британия

.

Повесташ а, дийцарш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 2003 — Лаамехь боцу мах.
  • 2004 — Лариса[26]
  • 2004 — Кхоллам бац.
  • 2006 — Керстанедерзар.[27].
  • 2006 — Жима Малик.[28].
  • 2007 — Пашбукъах лаьцна туьйра.
  • 2008 — Воккха стаг Идрис.[29].
  • 2010 — Шу соьх тешалаш…Вы мне поверьте… журнал «Знамя» 2010, № 5[30].
  • 2012 — Нохчий а, оьрсий а.. Соьлжа-гӀала 2003-04 шераш. ТӀом дӀабаьллачул тӀаьхьа дневник.[31].
  • 2012 — Суна къа хета салтичух. Жеребцова Полинин хьалхарчу тӀеман Дневникаш.[32].
  • 2013 — ДутӀкъа детин тай.[33].
  • 2013 — Керла легендаш къеначу Кавказан.[34].
  • 2013 — Политэмигрантан некъ. журнал «Байракх» 2013,№ 6.
  • 2013 — Дневник Нохчийчоь, 2003, журнал «Даймехкан йозанаш» № 2 (53)

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Deutsche Nationalbibliothek Общий нормативный контроль (GND) (нем.) — 2012—2016.
  2. Суна къа хета салтичух. Дневники Жеребцовой Полины: Полина Жеребцова: Медведь. Первый Мужской журнал Архивйина 2022-04-08 — Wayback Machine
  3. Финляндис тӀелаьцна нохчийн тӀеман тептаран автор.
  4. ХӀокхунах олу следственни белхаш. Доза доцу дош. Архивйина 2013-10-17 — Wayback Machine
  5. ПаргӀато Борис Стомахинна!
  6. Дайджест Фонда защиты гласности № 594 Архивйина 2014-03-27 — Wayback Machine
  7. Къомах лаьцна.
  8. Полина Жеребцова. Чеченские зарисовки
  9. хӀоттийнарш: Черкасов. А., Орлов О. Архивйина 2014-02-03 — Wayback Machine
  10. http://forum.pridnestrovie.com/upload/img/375/dom.jpg(ТӀе цакхочу хьажорг)
  11. Èòîãîâûå îáçîðû íîìèíàöèé îò ÷ëåíîâ æþðè, âûäâèæåíèå ïîáåäèòåëåé (4 ýòàï)
  12. («The Guardian», Йоккха Британи) Архивйина 2011-11-01 — Wayback Machine
  13. «КӀайчу цициган бӀар».
  14. Поиск подписи|Путин должен уйти Архивйина 2014-02-25 — Wayback Machine
  15. Кехат Ходорковскега
  16. Коммерсантъ: Писательница из Чечни просит убежища в Финляндии
  17. Эхо Москвы: Писательница из Чечни Полина Жеребцова, попросила политического убежища в Финляндии
  18. BBC Russian — Россия — Автор книги о Чечне просит убежища в Финляндии
  19. Русская в Чечне и чеченка в России Архивйина 2014-12-21 — Wayback Machine
  20. Йаздархо Полина Жеребцова къайлайаьлла спецслужбех Финляндехь.
  21. Polina Zherebtsova’s diary of the second Chechnya war — extracts | World news | The Guardian
  22. AirBeletrina | Dnevnik Poline Žerebcove Архивйина 2013-10-16 — Wayback Machine
  23. Дневник-Жеребцовой-Полины-Чечня-1999-2002гг Архивйина 2013-10-16 — Wayback Machine
  24. Дневник Жеребцовой Полины (Полина Жеребцова) / Проза.ру — национальный сервер современной прозы
  25. Место действия — война
  26. ПАВЕЛ ЛЮЗАКОВ|ГАЗЕТА «СВОБОДНОЕ СЛОВО»|ИЗДАНИЕ МОСКОВСКОЙ ОРГАНИЗАЦИИ ДЕМОКРАТИЧЕСКОГО СОЮЗА
  27. Керстанедерзар
  28. Жима Малик
  29. Воккха стаг Идрис Архивйина 2014-08-01 — Wayback Machine
  30. Вы мне поверьте…
  31. Соьлжа-гӀала 2003-04 шераш. ТӀом дӀабаьллачул тӀаьхьа дневник. Архивйина 2013-10-16 — Wayback Machine
  32. Суна къа хета салтичух. Дневникаш Жеребцова Полини хьалхарчу тӀемах Архивйина 2022-04-08 — Wayback Machine
  33. Тонкая серебристая нить Архивйина 2014-03-03 — Wayback Machine
  34. Керла легендаш къеначу Кавказан. Архивйина 2014-08-17 — Wayback Machine

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жеребцовас йазйина статьяш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жеребцова Полинас йелла интервьюш[нисйе бӀаьра | нисйе]