Плотянский, Пётр Трофимович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Пётр Трофимович Плотянский
Вина терахь 1912 шеран 30 январь({{padleft:1912|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1997
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж капитан[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза орден Ленина орден Отечественной войны I степени медаль «За отвагу»

Пётр Трофимович Плотянский (1912 шеран 30 январь, Тепликский район[d]1997, Нальчик) — гӀашсалти, капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1912 шеран 30 январехь Стражгород юртахь (хӀинца Украинин Винницки областан Тепликски кӀоштехь). ВорхӀ класс чекхйаьккхинчул тӀехь иза вара Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш а, болх беш а. 1935—1937 шерашкахь иза вара ЦӀен Эскарехь. ЦӀа вирзинчул тӀаьхь иза вара Георгиевскехь болх беш а, Ӏаш а. 1940 шарахь Плотянский йуха а дӀакхакхира ЦӀен Эскаре. Цо дакъа лецира советско-фински тӀамехь. 1941 шарахь цо чекхйаьккхира Ростован артиллерин училище. ТӀом болабелча иза фронтехь вара. ТӀамтӀехь цунна кхузза чевнаш йинера[1].

1943 шеран апрель кхачале лакхара лейтенант Плотянский вара Къилбаседан Кавказан фронтан 18-гӀа армин 107-гӀа къастина кхиссархойн бригадан талламхойн ротан куьйгалхо. Иза шен майраллица билгалвелира Малая земля схьайоккхуш хилла тӀамтӀехь. 1943 шеран 16 апрелехь талламхойн тобанан коьртехь цо кхиамца чекхйаьккхира тӀемца таллам, 3 дзот схьа а йоккхуш, йийсархо схьа а лоцуш, кхоъ мостагӀийн тӀелатар йуха а тухуш. 1943 шеран 17 апрелехь Мысхако юртан уллехь Плотянский шен рота мостагӀан дуьхьала тӀелатан хьалагӀаттийра. Салтиш немцойн доккха зен а деш йухатуьйхуьра[1].

1943 шеран 25 октябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца лакхара лейтенантан Плотянскийн йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].

1948 шарахь Плотянскийс чекхйаьккхира Ленинградан эпсарийн лакахара артиллерин школа. Цу шарахь капитанан даржехь иза тӀаьхьалоне веккхира. Иза вара Красноярскехь а, Норильскехь а, Нальчикехь а Ӏаш а, болх беш а. Иза велира 1977 шеран августехь. Плотянский дӀавоьллина Нальчикан ширан кашнешкахь[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1988. — Т. 2 /Любов — Ящук/. — 863 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-203-00536-2.
  • Воробьёв В. П., Ефимов Н. В. Герои Советского Союза: справ. — СПб., 2010.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]