Пионерийн де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Пионерийн де
Тайпа Социалистийн
Официалан В. И. Ленинан цӀарах болу Ерригсоюзан пионерийн кхоллам
Даздо ССРС хиллачу пачхьалкхашкахь
Терахь 19 май 1922
Даздар дац
Ламасташ Пионерийн цӀе ягайо
Доьзна Пионерийн боламца
Москохахь пионерийн де даздар — ЦӀиечу Майдан тӀехь масех эзар бер даздарца галстукаш а йоьхкуш пионерашна юкъаэцар[1]

Пионерийн де (таханалерачу Россехь — Берийн юкъараллийн цхьаьнакхетарийн де[2]) — берийн а, кегийрхойн а Ӏида, кхин а пионерийн (ишколан) хенарачу берашца болхбечу вожатийн а, хьехархойн а. Даздо 19 майхьВ. И. Ленинан цӀарах болу Ерригсоюзан пионерийн кхоллам бинчу дийнахь.

Ӏида кечдина дӀахьо пионерийн боламан ламасташ а, белхан кепаш а дӀакхоьхьу пионерийн а, берийн а кхолламаш.

ССРС пионерийн де дара советийн дешархойн коьртачу Ӏиданех цхьаъ.

Хаза факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

АЦШ цхьайолчу штаташкахь даздо Америкин пионерашна – дуьххьала баьхкина, Керлачу Дуьненна тӀе хевшинчу бахархошна лерина, цӀерца цхьаьнадогӀу Ӏида, дӀахьо "Пионерийн де" ("Pioneer Day") цӀе йолу фестивалаш. ХӀора штатехь иза даздо тайп-тайпанчу хенахь (майхь, июнехь, сентябрехь), ю шайн историйн ламаст. И Ӏиданаш доьзна дац ССРС а, Российн а пионерийн кхолламашца.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]