Петрополисан барт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Петрополисан барт хилале пачхьалкхийн хӀоттам гойту Къилба Американ карта (Боливин доза ду алссама къилбаседехьа)

Петрополисан барт1903 шеран 17 ноябрехь Петрополисехь бина дозанаш къасторан Боливин а, Бразилин а юкъахь барт бу. Сацийна Амазонера тӀеман дов а, дӀаелира къобалъянза йолу Республика Акри а.

Республика Акри кхайкхийнера дуьххьара 1899 шеран 1 майхь Родригес де Ариас Луис Гальвеса. Цуьнан мехкан юкъахь дара Боливин а, Перун а дакъош, амма бехаш бара беккъа Бразилера каучук гулъешберш. Цунна дуьхьала, оцу регионан тергоян Ӏалашо йолуш Боливис юьллу Акрехь Пуэрто-Алонсо гӀала (хӀинца — Порту-Акри). 1901 шарахь Боливис юхку Акрин концесси американ инвесторшна (The Bolivian Syndicate of New York), цара аьтту бира каучук кхио иза гӀараяьлла йолучу хенахь. Америкахоша кхин а бара мукъабаьхна налогех. Бухара каучук лахьош болу бразилхошна хийтира шеш охьатовӀийна бакъонашкахь, гӀевттира бразилин эпсар Пласидо де Кастро Жозе куьйгаллехь волуш. И къовсам бахьнехь юхакхайкхийна, дӀахӀоттийра маьрша Республика Акри.

Акрис маршо кхайкхийча Боливис а, Бразилис а барт бира мехкаш хуьйцуш. Бразилин дехьаелира регион, хӀинца цуьнан штат Акри йолу. Боливина дӀабелира 3000 км² шен Рио-Мадейра а, Рио-Абунья хиш юкъара мохк. Петрополисера бартаца Боливин 2 миллион фунт стерлинг дала а дийзира, Бразилин дозанера Гуажара-Мирин гӀалара Боливин Риберальта гӀала кхаччалц цӀерпоштнекъ била а бийзира. ТӀаккха а и некъ билланза бисира. Оцу барт юкъатоьхнера могӀа, бразилин-перун дозанера къийсамаш берзор бу аьлла. 1909 шарахь, Аргентинин юкъалонца оцу пачхьалкхашна юкъахь Рио-де-Жанейрохь дийцарш хилира, Петрополисан бартаца, Перун белла 39.000 км² бразилин мохк. Американ синдикатан меттахӀоттийна 110 эзар фунт стерлинг.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]