Петран а, Павлан а гIап

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ГIала
Петран а, Павлан а гIап
RUS-2016-Aerial-SPB-Peter and Paul Fortress 02.jpg
59°57′ къ. ш. 30°19′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Оьрсийчоь
Лаьтта меттиг Санкт-Петербург
Архитектор Доменико Трезини
Йиллинарг Пётр I
Йиллина терахь Lua гӀалат Модуль:Dates чохь 417 могӀанан тӀехь: bad argument #3 to 'format' (number expected, got string).
Статус Wiki Loves Monuments logo - Russia - without text.svg ОТӀО № 7810390000№ 7810390000
Сайт spbmuseum.ru
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Пётран а, Павлан а гӀап (леррина йолу цӀе- Санкт-Петарбухан; 1914-чу-1917-чу шерашкахь Петроградан гӀап; оьрсийн маьттахь Петропавловская крепость) — Петарбухан архитектурин уггаре шира хӀоллам бу. Российн Империн гӀепийн классификацица 1-чу классан гӀап ю. Пхьагалан гӀайренан тӀехь лаьтташ ю. ГӀап йиллина 1703-чу шарахь хӀутосург (май) беттан 27-чу дийнахь. Иза иштта Санкт-Петарбух гӀала йиллина шо ду.

Цкъа а тӀамехь пайда ца эцна гӀап яц иза. 18-чу бӀешаран хьалхара чийрик дуьйна- 20-чу бӀешаран 20-гӀа шераш кхаччалц набахти санна лелош яра гӀап. Ткъа 1924-гӀа шо дуьйна пачхьалкхан музей ю.

Петропавлан гӀап — оьрсийн гӀишлош яран исбаьхьаллин хӀоллам бу. Дукхачу архитекторш къахьегна цуьнан гӀишло йеш.

Таханлерачу гӀопан юкъайогӀуш ю: Петран а, Павлан цӀарах килс а, Элийн кешнаш а, Жимачу хикеман цӀа а, Комендантан цӀа а, Инженеран цӀа а, Ахчан цӀа а, Петарбухан историн музей а, артиллерин а, инженерийн эскарийн а, уьйрийн эскарийн а

тӀеман-историн музей а, Космонавтикан а, ракетийн техникин а музей а.

Санкт-Петарбухан гӀалан историйн декъе чуйогӀуш ю гӀап. Цуьнан йистехь лаьтташ йолу хӀолламийн комплексца Дуьненаюкъара хазанаш лардечу ЮНЕСКО-н тептаре яьккхинера Петран а, Павлан а гӀап[1].

Туристаш эзарнашкахь лела гӀап ган.

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Historic Centre of Saint Petersburg and Related Groups of Monuments (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). ЮНЕСКО. — Исторический центр Петербурга в списке Всемирного наследия ЮНЕСКО. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 24 январехь. Теллина 2011 шеран 21 октябрехь.