Петракова, Анна Викторовна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Петракова Анна
оьрс. Петракова, Анна Викторовна
Позици Форвард
Локхалла 188 см
Йозалла 80 кг
Гражданалла  Росси
Йина терахь 1984 шеран 4 декабрь({{padleft:1984|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (39 шо)
Вина меттиг Будапешт, Мажаройчоь
Колледж Луизиана штатан университет

Командаш
Мидалш
Универсиадаш
Дети Бангкок 2007
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
Билгало «Российн ДКСГ»

Петракова Анна Викторовна (йина 1984 шеран 4 декабрехь Будапештехь, Мажаройчоь) — российн профессионалан баскетболхо, левзина бакетболех ловзаран Росийн чемпионат. Дуьненайукъара классан Росийн спортан говзанча.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цуьнан хьалхара тренер хилла А. К. Орехов, ткъа хьалхара профессионалан команда хилира «Глория». 2001 шеран аьхка Петракова Анна дӀайахара АЦШ. Цигахь цуо пхеа шарахь дийшира Луизиана штатан университетехь, царех хьалхара деа шарахь левзира университетан баскетболан командехь. 2006 шарахь Анна йухайирзира Россех, цунах хилира Казанан «Нуран» ловзархо. 2007/08 - 2008/09 шерашкахь хилла Москохан областера «Спартакан» ловзархо, амма Петракова Анна шозза аренде йелира «Вологода-Чевакатин» а, «ЦСКА» а. Зударийн ЦСКА (Москох) йохийначул тӀаьхьа 2009 шарахь левзина Петарбухара «Спартак» йукъахь, йуха а «Вологода-Чевакатехь». 2011 шеран аьхка контракт дира Курскан «Динамоца»[1][2]. 2012 шеран 31 майхь УГМК (Екатеринбург) йукъайахара [3]. 2014/2015 шо дӀадаьхьира Динамо Москох йукъахь, ткъа 2015-2016 шина шеран йукъахь йуха а УГМК йукъайеира.

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сан Белт конференцин (АЦШ) Шеран ловзархо: 2004

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]