Петарбухан филармонин юкъаралла

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Петарбухан филармонин юкъаралла кхоьллина 1802 шарахь «Музыкхойн жеройн кассаш» цӀе йолуш, Ӏалашо хилла «шира а, керла а классикан музыкан тӀе публикан ойла яхийтархьама» а, рицкъаца гӀодархьама шайн декъашхойн жерошна а, байшна а, ткъа церан декъашхой хила йиш яра беккъа «Императоран капеллан декъашхойн» (Императорийн театрийн оркестрийн музыкхойн).

XIX бӀешо чекхдолуш юкъаралло дерзийра шен гӀуллакх диканашдаре, хӀора шарахь пенсеш лора 10 000 сом. 1865 шеран керла уставо тӀедожийра боккъала болчу берриг керла юкъабогӀучу декъахошна, юкъадилла 250 сом (50 сом дуьххьала, 1 туьма хӀора шарахь 20 шо чекхдаллалц). 1892 шарахь юкъараллин капитал 199 807 соьме кхечира.

Юкъараллин декъахь бара, масала, И. А. Всеволожский, В. В. Вурм, И. К. Ф. Габерцеттель, И. А. Л. Габерцеттель[1] И. Х. Гинрихс[2], Д. Н. Шереметев.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьосташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Общества // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Березовский Б. Филармоническое Общество Санкт-Петербурга. История и современность. // КультИнформПресс. СПБ. 2002.