Петарбухан трамвай
Арахьара хатӀ
![](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/b/bc/TramMoskovskiyeVorotaSquare2008-04-12-1103c_cut.jpg/256px-TramMoskovskiyeVorotaSquare2008-04-12-1103c_cut.jpg)
Петарбухан тарамбай (оьрсийн маттахь Санкт-петербургский трамвай)- Санкт-Петарбухан трамвайн леларан система ю. Схьайиллина 1907-чу шарахь товбецан-беттан 29-чу дийнахь. 1980-чу шерашкахь дуьнентӀехь уггаре а йоккха трамвайн система яра иза. Гиннессан рекордийн тептаре яьккхира иза.
1992-чу шарахь дуьйна цуьнан барам жимбелла, цхьайолчу магистралшкахь трамвайн некъаш вовшахдаккха буьйлабелира. Делахь а, 2002-чу шарахь Петарбухахь ялх бӀе (600) километр сов трамвайн некъаш бара.
Цул тӀаьхьа Мельбурнан трамвайо лаьттина хилла йолу рекорд йохийна.