Парижан Делан Ненан килс
Сийлахь меттиг | |
Парижан Делан Ненан килс | |
---|---|
![]() | |
48°51′11″ къ. ш. 2°20′59″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Notre-Dame[d][2], IV округ Парижа[d] |
Дин | Католицизм |
Епархи | Архиепархия Парижа[d] |
Архитектурин хатӀ | Готическая архитектура во Франции[d], Ранняя готика[d], Лучистая готика[d], классическая готика[d] |
Архитектор | Шелль, Жан де[d], Монтрёй, Пьер де[d], Pierre de Chelles[d], Jean Ravy[d], Раймон дю Тампль[d] |
Йиллинарг | Морис де Сюлли[d] |
Йиллина терахь | 1160 |
Локхалла | 69 метр или 90 метр |
Материал | белый камень[d] |
Сайт | notredamedeparis.fr(Франц.) |
![]() |
|
![]() |
Парижан Делан Ненан килс иштта цунах олу Нотр-Дам-де-Пари я Нотр-Да́м (фр. Notre-Dame de Paris)- Париж шахьаран юкъахь лаьтта католикийн килс ю. Французийн нана-гӀалин билгалонах цхьаъ.
Парижан архиепархин коьрта (кафедралан) зиярт ду.
4-гӀа гӀалан гонехь а, Сите гӀайре тӀехь а лаьтташ ю. Парижан хьалхара керста килс- Сийлахь волу Стефанан базилика- литтина меттехь схьайиллина ю. Ткъа и базилика Юпитеран галлан-риман арда литтина меттехь яра.
Готикан зиярт дан долийна Парижан епископ хилла волу Морис де Сюлли инициативца. ГӀишло яран мур- 1163-гӀа-1345-гӀа шераш ду.
1182-чу шарахь серладаьккхина сагӀдаран (алтаран) дакъа; малхбузера хьалхе а, бӀаьвнаш а яран белхаш чекхдаьхна 13-гӀа оьмаран 25-чу шерашкахь.
Килс хӀаллак ца яр а, иза гӀараялар а доьзна дара 1831 шарахь Гюго Викторс 15-гӀа бӀе шарах лаьцна килсан цӀapax йолу роман арахецарна.
2019 шеран оханан (апрель) беттан 15-чу дийнахь цӀергахь яьгна килс.
ГӀишлон барамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Зияртан локхалла 35 метр ю, йохалла 130 метр ю, шоралла 48 метр ю, горгалийн бӀаьвнашан 69 метр ю, къилбера бӀов чохь йолу Эммануэль горгалин йозалла 13 тонна ю, цуьнан меттан йозалла 500 кийла ю.
ГӀорадолу хьалхе пиластраца ирх сизанца кхаа декъе екъна ю. Ткъа анахула- кхаа галерейшаца. ЛахӀара гӀатан кхоъ кӀорга портал ю- Къемат-дийнан портал а (юккъехь), Делан Ненан портал а (аьрру агӀорхьаpa) , Сий долу Аннан портал а (аьтту агӀорхьаpa).
Лакхахьахула ширачу ЯхӀудан паччахьашна ткъе бархӀ дина сарташ (статуяш) долу аркада ю (Королан уче).
Кхечу готийн килсашкахь санна, Нотр-Дам-Пари чохь пенаш тӀехь суьрташ дац.
Зияртан серло луш ю лекхачу муцӀара корийн витражыш.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ base Mérimée (фр.) — ministère de la Culture, 1978.
- ↑ 1 2 archINFORM (нем.) — 1994.