Паредес, Роберто

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Паредес Роберто
Йуьззина цӀе Рубен Роберто Паредес Вера
Вина терахь 1955
Вина меттиг Асунсьон, Парагвай
Гражданалла
Позици турсло
Информаци клубехь
Клубан карьера[* 1]
1969—1973 Парагвайн байракх (1954—1988) Соль де Америка
1973—1977 Мексикан байракх Крус Асуль
1978 Парагвайн байракх (1954—1988) Атлетико Тембетари
1979—1982 Парагвайн байракх (1954—1988) Олимпия
1983 Колумбин байракх Атлетико Насьональ
1985 Колумбин байракх Депортиво Перейра
1987 Парагвайн байракх (1954—1988) Соль де Америка
Тренеран карьера
Парагвайн байракх Либертад
Парагвайн байракх Либертад Кегийрхой
СовгӀаташ а, мидалш а
Америкин кад
Деши 1979
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Робе́рто Паре́дес (испан. Rubén Roberto Paredes Vera; вина 1955, Асунсьон) — парагвайн футболист. 1979 шарахь баьккхира асунсьонан «Олимпийца» Либертадоресан кад, Дуьненайукъара кад, Америкин йукъара кад, Парагвайн чемпионат, мехкан гулйина командица — Америкин кад. Левзира турслочун позицехь.

Карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Роберто Паредес кхиийна «Соль де Америка» клубо, цуьнан коьртачу хӀоттамехь дебют хилира 1969 шарахь. 1973 шарахь Паредес ловза вахара Мексике, «Крус Асуль» йукъахь хьалхарчу шарахь йаьккхира къоман хьалхейаккхар а, Чемпионийн чемпион хӀонс а. 1978 шарахь цӀавирзира Парагвай, цигахь цхьаьна шарахь левзира «Атлетико Тембетари», оцу хенахь иза Лакхара дивизионехь йара. Командехь дика ловзаро терго тӀейахийтира коьрта шахьрарчу грандан, «Олимпийн», цунна йукъа вахара Паредес 1979 шо долалуш.

1979 шарахь Паредес Робертос «Олимпийца» баьккхира Либертадоресан кад, цул тӀаьхьа, шина матчан жамӀехь иэшийра Европин чемпионийн кедан финалист «Мальмё» (толамхо, «Ноттингем Форест», ца левзира), иштта Дуьненайукъара кад баьккхира. ТӀаьхьа «Олимпийс» баьккхира дикка кӀезиг престиж йолу Америкин йукъара кад а.

Оццу хенахь, Роберто левзира Парагвайн къоман командехь а. Оцу шарахь Америкин кад къовсуш бара хӀусамда-дӀахьуруг а воцуш, турниран йерриг тӀегӀанаш дӀайаьхьира олимпийн системица иэшарш йукъарабовлуш — цӀахь а, хьошалгӀахь а, лаьттира июлера декабрь кхаччалц. Цундела къоман командашна йукъахь дакъа лецира дуккха а ловзархоша. Иштта, Америкин кедан толамхо хилира 32 футболист. Паредес левзира хьалхарчу цхьанакхетарехь хьошалгӀахь Эквадорца, цул тӀаьхьа 4 матчехь ца левзира, цул тӀаьхьа йухавирзира къоман команде коьртачу ловзаршка — шолгӀа ахфинале а, финалан матчашка а. Асунсьонехь ахфиналехь хьалхарчу ловзарехь парагвайхоша иэшийра Бразилин гулйина команда 2:1, ткъа йукъахь Паредес волуш 31 октябрехь совцабелира Мараканин тӀаьхь хӀусамдай, левзира 2:2 чот йолуш, иштта кхечира финале. Чемпион билгалаваккха ийшира кхо ловзар. Дефенсорес дель Чако тӀаьхь «альбиррохас» хӀаллакйира Чилин гулйина команда чот 3:0 йолуш, тӀаккха чихоша чӀира ийцира Къоман стадионехь Сантьягохь, амма чот жима йара 1:0. КхоалгӀа ловзар дӀадаьхьира Хосе Амальфитанин тӀехь Буэнос-Айресехь, амма голаш цигахь ца туьйхира, цундела Парагвай кхайкхийра чемпион финалан матчашкахь буьрканаш алсама тохарна. Паредес Робертос дӀадаьхьира оцу къовсамера 5 ловзар цкъан а ца хуьйцуш, цуо доккха дакъа лецира Америкин кедехь Парагвайн команда толарехь[1]. Иштта, Паредес йукъавахара, 1979 шарахь йерриг дуьненан футболан турнираш йаьхна, «Олимпийн» 8 ловзархочун.

1983 шарахь, «Олимпийца» тӀаьхьий-хьалхий йиъ Парагвайн чемпионат йаьккхина, Роберто дӀавахара Колумбе. Шина шарахь цуо башха кхиамаш ца бехира «Атлетико Насьонал» а, «Депортиво Перейра» а йукъахь, 1987 шарахь цӀавирзира Соль де Америке, цигахь тӀаьххьара футболистан профессионалан карьерехь шо дӀадаьхьира.

Цул тӀаьхьа Паредеса тренер болх бира. Коьртехь хилира, масала, «Либертадан». ТӀаьхьарчу шерашкахь Ӏамош ву оцу клубан кегийрхойн командаш[2].

Титулаш а, кхиамаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ловзархочун[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Tabeira, Martín Copa America 1979(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). RSSSF (2009, 12 август). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 29 августехь. Теллина 2013 шеран 20 февралехь.
  2. Los campeones uno por uno (испан.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). abc.com.py (7 декабря 2009). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 18 мартехь. Теллина 2013 шеран 20 февралехь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]