Панчала

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ведийн муьрехь Панчала паччахьалла лаьттина меттиг.

Панчала (санскр. पांचाल, Pāñcāla IAST) — Къилбаседа ХӀиндиера Ганган а, Ямунан а хишшан йукъара, историн регион ю, хӀинцалерачу хӀиндийн Уттаракханд а, Уттар-Прадеш а штатийн мехкашкара. Ведийн муьрехь, Панчала паччахьалла урбанистийн оьздангаллин центр хилла. И мур богӀу сира кечйина кхийран оьздангаллица, иза гучуяьлла вайн эрал 1100 шо хьалха, гӀелъелла вайн эрал 600 шо хьалха, Панчала паччахьалла махаджанападийн ялхийтта республиках цхьаъ хиллалц. Оцу кӀоштехь лаьттира шиъ ведийн шакхаШаунака а, Тайттири а.

Панчала лоцура лакхара Гималайни Ганг хиний йукъара мохк. Регион йекъало шина декъе: Уттара-Панчала а, Дакшина-Панчала а. Уттара-Панчалин коьрта шахьар яра хӀинцалерачу Рамнагар гӀалин меттехь лаьттина Ахиччхатра (кхин а евза Адхичхатра я Чхатравати). Дакшина-Панчалин коьрта шахьар хилла Кампилья я Кампил. Панчалин махкахь хилла гӀараяьлла гӀала Каньякубджа (Каннаудж).

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]