Оьрсийчоьнан эзар шо кхачаран эсалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
Оьрсийчоьнан эзар шо кхачаран эсалла
58°31′16″ къ. ш. 31°16′31″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Велики Новгород
Архитектурин хатӀ неовизантийский стиль[d]
Йиллина терахь 1862
Статус  ОТӀО № 5310033027№ 5310033027
Локхалла 15,7 метр
ГӀирс борза[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Оьрсийчоьнан эзар шо кхачаран эсалла (оьрсийн маттахь Памятник Тысячелетию России) — Сийлахь-Йокххачу Новгородехь лаьтташ болу борзанан хӀоллам бу. Эсалла йоьттина 1862-чу шарахь, Рюрик Новгороде веана эзар шо кхачаран сийнна.

1859-чу шарахь дӀабаьхьира хӀолламан проект хоржуш къийсамаш. Цигахь толам баьккхира архитектор волу Гартман Викторо а, суртдиллархо волу Микешин Михаило а. Микешин проектаца эсалла горгалин кепехь хила езаш яра, цунна пхийтта метр локхалла яра. Горгалин боххьехь паччахьан Ӏедал гойтуш жӀара хӀоттийра. Горгалин гонаха тайп-тайпанчу оьмаршкахь хилла, оьрсийн исторехь доккха дакъа лаьцна паччахьаш а, мозгӀарш а, инарлаш а, суртдиллархой а гойтуш магӀарш ду. Микешин скульптор вацара, цундела эсаллин цхьа бӀе ткъе исс статуй йира цу заманан оьрсийн коьртачу скульпторш — Шредер Ивано а, вевзаш волчу Опекушин Александро.