Орт (нахарт)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Орт (1664 ш.)

Орт (Орта, Ортуг) (шира маьІна нем. Ort — деалгІа дакъа; и термин лелош йу хІинца а нумизматикехь) — XVI—XVIII бІешерийн Германин а, Речь Посполитан а детийн, тІаьхьа биллонан нахарт.

Дуьххьала арахецна XVI бІешарахь Германехь талеранортсталер», Ortstaler) 1/4 декъе кхочу детийн нахарт санна. Нахарташ зорба туьйхира ортсталере а, полортсталере а (я ахтельталер).
Ортсталеран юьхь агІон тІехь императоран аьрзунан сурт а, терахь 4 (1/4 талерах) а дуьллура, тІехье агІон тІехь йоза дара Ortstaler.
Ахортсталеран юьхь агІон тІехь императоран аьрзунан сурт а, мах 8 (1/8 талерах) а, тІехье агІон тІехь — йоза 1 halb Ortstaler йа VIII einen Reichstaler (1/8 талерах).

1608 шарахь орт зорба тоха долийра Гданьскехь[1][2], цул тІаьхьа иза шуьйра даьржира Речь Посполитехь. 1618 шарахь орт зорба тоха долийра Быдгощехь, цул тІаьхьа кхечу Польшин нахартийн керташкахь. Дуьххарлера орт 7 г гергга (цІена дети — 6,089 г) дара, иза нислора 10 гроше, 1615 шарахь ортан дети охьадаьккхира 5,676 г кхаччалц. 1656 шарахь йукъахь долу дети кхин а охьадаьккхира — тІаккха иза нисдира 1/5 талерах. Амма грошан сакхташ тІекхетарна орт дазделира, цунах 16 а, 18 а грош лора.

Варшаван сеймо 1677 шарахь дІанисдира орт «злотица» («тымфица»), аьлчи а 18 гроше (мах 18 нахартан тІе тоха болийра), амма орт йукъахь дети алсама дара (3,9 г «тымфан» йукъара 3,36 г дуьхьала). Иштта, цунах хилира 1/6 талерах.

Паччахьалла Август III-гІачунгахь долуш орт дІанисдира «тымфе», зорба тухура биллонах. Нахар шина кепара ду: шинне а кепана юьхь агІон тІехь паччахьан Август III-гІачун сурт ду, тІехье агІон тІехь Речь Посполитан хІост бухахь йаздина цхьаьна терахь «18», вукханна — элп «Т» (Tymf).

ТІаьххьара Речь Посполитехь орт арахецна зиеран нахарт кепехь 1766 шарахь.

Пруссехь 1749 шарахь йуха а тоха долийра ортан зорба Польшин нахартийн кепаца; шен мах (18 грош) бахьнехь цунна цІе тиллира «ахтценгрошер» (Achtzehngröscher — берхІийттагрошдерг). ВорхІ шеран тІом болуш нахартан мах цІеххьана охьабожарна, 1765 шарахь пруссийн орташ арахецар сацо дийзира.

Оццу хенахь ВорхІ шеран тІом болуш российн зудчо-императоро Елизавета Петровнас зорба туьйхира дІалаьцна йолчу Пруссин, царна йукъахь биллонан 18-грошдерг а (ша-даьккхина зорба тухуш дара тера нахарт мах болуш 1/6 талерах).

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьасташ[нисйе бӀаьра | нисйе]