БуритӀе

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Орджоникидзе тӀера хьажжина кхуза)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ГӀала
БуритӀе

оьрс. Владикавказ,
хӀир. Дзæуджыхъæу,

гӀалгӀ. Буро
View of Vladikavkaz.jpg
ХӀост
ХӀост
43°01′00″ къ. ш. 44°41′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Къилбаседа ХӀирийчоь
ГӀалан гуо БуритӀе гӀала
Юкъара екъаялар 4 кӀошт
ГӀалан гуон корта Хадарцев Маьхьарбек Хазбиевич
Истори а, географи а
Йиллина 1784 шарахь
Майда 291,61 км²
ХӀордан сизал локхалла 620 м
Климатан тайпа барамера тӀуьна (Dfb)
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 303 597[1] стаг (2020)
Луьсталла 1050 стаг/км²
Агломераци 330 076[2]
Къаьмнийн хӀоттам хӀирий, оьрсий, эрмалой, гуьржий, гӀалгӀай, азербайджанаш, украинаш, желтой
Динан хӀоттам православи, бусалба-суннийш, ААЦ, католикаш, протестанташ
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 8672
Поштан индексаш 362ХХХ
Автомобилан код 15
ОКАТО 90401000001

vladikavkaz.osetia.ru
Картан тӀехь
БуритӀе картан тӀехь
БуритӀе
БуритӀе картан тӀехь
БуритӀе

Бури́тӀе (нохч. гӀалгӀ. Буро, хӀир. Дзæуджыхъæу Дзауган юрт) — Российн къилбехьара, Къилбаседа Кавказан юккъерачу декъера гӀала. Республика Къилбаседа ХӀирийчоь — Аланин коьрта гӀала[3][4]. Кхуллу муниципалан кхоллам гӀалан гуо БуритӀе гӀала. 2007 шарахь БуритӀе гӀалан елла сийлахь цӀе ТӀемлойн хастаман гӀала.

ЦӀе[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оьрсийн цӀе «Владикавказ» маьӀна долуш ю «Кавказан доладе» аьлла, гӀопан цӀе елла П. С. Потёмкина. «Лаьмнашка чудовлучехь омар делла аса сайна гиначу меттигехь гӀап йогӀа аьлла, цӀе Владикавказ а йолуш» — гӀап йогӀарх хаам бо шен рапортехь инарла-поручика П. С. Потёмкина 1784 шеран 25 апрелехь.

Император-аьзни Екатерина II-гӀачун 1784 шеран омарца: «Лаьмнийн кӀажошкахь омар до аса гӀала кхолла, суна гина билгалаяьккхинчу меттигехь, цӀе Владикавказ йолуш».

1920 шо кхаччалц гӀала юкъайодара Теркан областан.

1928 шеран 13 октябрехь Къилбаседа-Кавказан мехккоман ВКП(б) бюрос, цуьнан секретаран А. А. Андреевн докладаца сацам бира Владикавказ гӀалех лаьцна.

БуритӀе гӀалан советан даздаран цхьаьнатоьхна Пленуман 1931 шеран 2 сентябран № 7 йолчу протоколца, ССРС ЦКХК сацаман бух тӀе а таьӀна Владикавказан цӀе хийцира Орджоникидзе гӀала аьлла.

ССРС Лакхарчу Советан Президиуман 1944 шеран 28 февралан № 795 йолчу омарца Орджоникидзе гӀалан цӀе хийцира Дзауджикау гӀала аьлла.

ССРС Лакхарчу Советан Президиуман 1954 шеран 24 февралан (лоьмар яц) омарца Къилбаседа-ХӀирийн АССР гӀалан Дзауджикаун цӀе юха а хийцина Орджоникидзе аьлла.

Къилбаседа-ХӀирийн АССР Лакхарчу Советан 1990 шеран 20 июлан № 185 йолчу сацамца Орджоникидзе гӀалан цӀе хийцина Владикавказ[5] гӀала аьлла.

Физикан-географин амал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Географин хьал[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀала лаьтта Къилбаседа Кавказехь, Теркан шинне а бердашца, Теркан чӀажан 30 км генахь. БуритӀера болало ТӀеман-Гуьржийн некъ.

Климат[нисйе бӀаьра | нисйе]

Климатан хьолаш: лаьмнашна гергахь хиларна кӀадйина барамера климатан аса. Ӏа кӀеда, аьхке еха, амма екъа, дукхах дерг тӀех йовха а йоцуш. Январан юккъера температуран барам: −1,9 °C. Июлан юккъера температуран барам: +20,7 °C. БуритӀехь 2010 шеран 5 декабрехь хилла Россехь уггаре Ӏаьнан довха де, хӀаваъ дохделла +27,1 °C.

БуритӀе климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 20,2 23,0 30,3 34,0 35,0 38,0 37,5 39,2 38,2 33,5 28,7 27,1 39,2
Юккъера максимум, °C 3,3 3,6 8,1 15,2 19,7 23,7 26,2 25,7 21,3 15,4 8,7 4,6 14,6
Юккъера температура, °C −1,9 −1,7 3,0 9,6 14,1 18,1 20,7 20,2 15,6 9,9 3,7 −0,6 9,2
Юккъера минимум, °C −5,6 −5,6 −0,8 5,1 9,6 13,5 16,1 15,7 11,2 5,8 0,2 −4,2 5,1
Юьззина минимум, °C −27,2 −27,8 −22,5 −10,2 −2,8 2,2 6,4 6,0 0,0 −10 −23,1 −25 −27,8
Йочанан норма, мм 31 34 53 87 136 175 113 93 74 58 46 33 933
Хьост: «Пошоа и Климат»
БуритӀе 2001—2011 шш. муьрехь климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юккъера максимум, °C 3,0 4,1 8,8 13,0 19,5 23,4 26,4 26,6 21,5 15,2 9,3 4,4 14,6
Юккъера температура, °C −1,1 −0,1 4,6 8,9 14,7 18,8 21,5 21,5 16,8 11,1 5,1 0,5 10,2
Юккъера минимум, °C −5,1 −4,2 0,5 4,7 10,0 13,9 16,6 16,4 12,2 6,9 0,9 −3,4 5,8
Хьост: www.weatheronline.co.uk

Сахьтан аса[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лелочу хенаца а, географин дохаллийца а[6] юккъера маьлхан делкъе БуритӀехь хуьлу 12:01.

Гуонахьара Ӏалам бехдар[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Электроцинкера»[7] а, кхечу заводашкара а белхаш бо билггала экологин баланаш. Саьнгалмусталлин цехера баланаш атмосфере аракхуьйсийта саьнгалах а, саьнгалан а газаш. Алсама аракхийсарш хилла 2003 ш[8][9][10]. Доккха масала хилла 2009 шеран 5 октябрехь хилла аракхоссар. Аракхоссаран бахьна дукхахдерг — адаман фактор ю, тойинчул тӀаьхьа болх дӀаболош персонало бертахь болх ца бар, хьаькамийн агӀора белхан тӀехь куьйгалла ца хилар, тояран белхаш дика бина ца хилар. Саьнгалан диоксидца хӀиттийна нормативаш, экологийн хаамашца, сов бевлира пхоьазза гергга, саьнгалан триоксидца — 196,6-за[11]. ГӀалахь хилира массийн резабацарш[12]. Къилбаседа-ХӀирийн парламентареш кийча бара и бала РФ Пачхьалкхан Думе дийцаршка даккха[13]. 2018 шеран октябрехь Электроцинкехь йоккха цӀе елира[14], егира электролитан цех, цӀе йогуш хӀаваэ девлира саьнгал, мышьяк, саьнгалан мусталлин Ӏаьнарш, кхин дӀевше газаш. ГӀалан бахархой арабевлира юккъерачу майдане дукха сиха завод дӀакъовла аьлла, цул тӀаьхьа митинге баьхкинчарна дуьхьала веира РКЪХӀ-Аланин корта, дош делира завод дӀакъовларан хьокъехь кхаж таса, республикан парламенто, цхьаъ санна массара а, кхаж тесира завод дӀакъовларан хьокъехь.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀала кхоьллира, Теркан чӀаж чувоьдучехь, 1784 шарахь, оьрсийн гӀап санна. Иза доьзна дара Российн а, Гуьржийчоьнна а юкъара Георгийн трактат кӀела куьг яздарца, цул тӀаьхьа ТӀеман-гуьржийн некъ бан болабарца. ГӀап йиллира Теркан аьтту берд тӀаьхь, хӀирийн юьртан Дзауган гергахь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
  2. Предварительные итоги Всероссийской переписи населения 2010 года. Численность населения районов и городских населённых пунктов субъектов Российской Федерации. Росстат. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2011 шеран 26 июнехь.
  3. Официальное название на осетинском языке Дзæуджыхъæу
  4. Владикавказ — столица Республики Северная Осетия — Алания
  5. Историческая справка: История фондообразования Управления записи актов гражданского состояния Республики Северная Осетия — Алания
  6. Время во Владикавказе, Республика Северная Осетия - Алания, Россия. Сколько сейчас времени во Владикавказе (оьр.). dateandtime.info. Теллина 2017 шеран 19 октябрехь.
  7. ОАО «Электроцинк»
  8. Электроцинк отравляет Осетию (часть 1/3). Феликс Цоков. Теллина 18 декабря 2009.
  9. Электроцинк отравляет Осетию (часть 2/3). Феликс Цоков. Теллина 18 декабря 2009.
  10. Электроцинк отравляет Осетию (часть 3/3). Феликс Цоков. Теллина 18 декабря 2009.
  11. Ossetia.ru: «Электроцинк» оштрафован на 70 тыс. руб. за выбросы…. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 28 октябрехь.
  12. Newsru.com: Жители Владикавказа устроили стихийную акцию против удушающих выбросов с завода «Электроцинк»
  13. Депутат Госдумы Арсен Фадзаев пригрозил «Электроцинку» вынести проблему вредных выбросов на уровень Госдумы
  14. Пожар на Электроцинке Архивацийина 11 октябрехь 2019 шеран.