Омаев, Дагун Ибрагимович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Italian traffic signs - icona teatro.svg
Дагун Ибрагимович Омаев
Omaev Dagun.jpg
Вина де

1943 шеран 5 май({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (74 шо)

Вина меттиг

Сиржа-Эвла, Шелан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР

Корматалла:

артист

Гражданалла:

ССРС СССРРосси Росси

СовгӀаташ:
  • РФ Халкъан артист (2002)
  • Ленинан комсомолан совгӀат

Ома́ев, Дагу́н Ибраги́мович (1943 шеран 5 май, Сиржа-Эвла, Шелан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн театран, а кинон артист, Советски Союзан Турпалан Ханпаша Нурадиловн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драматически театран актер, Къилбаседера Осетин а, Абхазин а, ГӀебертойн а, Балкарийн а Республикан Сийлахь артист, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, Российн Федерацин а (2002 шо) Халкъан артист.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Дагун Омаев вина Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шелан кӀоштан Сиржа-Эвлахь 1943 шеран 5 майхь. Кхазакхстанера цо дийшира Назранан юртабахаман техникумехь. 1961 шо дуьйна 1963 шо кхаччалц цо дийшира Нурадиловн цӀарах йола театрех йолу школа-студехь. Цо чекхъяккхира Российн театран исбаьхьаллин университет — ГИТИС.

Болх[нисъе | нисъе чухулара]

Б. Равенских а, М. Анчаровн а «Драматически эшар» цӀе йолу спектаклехь Павел Корчагин роль левзина аьлла цунна елира Ленинан комсомолан совгӀат. «Лийр боцуш берш» спектаклехь Ханпаша Нурадиловн роль бахьнехь цунна шозза елира ЧИАССРн а, РСФСРн а культуран министерствашан дипломаш.

Дагун Омаев дакъа лецна М. Солцаевн «Асланбек Шерипов» спектаклехь коьрта ролехь, «Оптимистически трагеди» цӀе йолу Вишневскийн спектаклехь (Алексей), «Даймохк» цӀе йолу Руслан Хакишевн спектаклехь, «Дуьне духуш хенахь» Р. Хакишевн а, О. Иоселиани а спектаклехь (Анзор), «Маршо я Ӏожалла» М. Солцаевн спектаклехь (Байсангур), «Тайми Бейбулат» М. Мусаевн спектаклехь (Бейбулат), «Нигат» Л. Яхьяевн спектаклехь (Бексолт Исмаилов), и. к. д.

Классикан спектаклешкахь цо дакъа лецна «Кориолан» Уильям Шекспиран спектаклехь (Тулл Авфидий), «Ричард III» У. Шекспиран спектаклехь (Глостер), «ЦӀийх дуьзна ловзар» Гарсиа Лоркин спектаклехь (Леонардо), «Зуда ялор» Н. Гоголин спектаклехь (Жевакин), «Бехк боцуш бехкинарш» А. Островскийн спектаклехь (Незнамов), «Ромео а, Джульетта а» В. Шекспиран спектаклехь (Лоренцо), и. к. д.

Ерригроссийн театран фестивалашкахь дакъа лацарна а, «Лениниана» спектаклехь Забелинан роль ловзарна а, Шаулан роль «Лом а, чагӀалкх а» спектаклехь (Шандор Петёфи, Венгри), Живко роль «Говзанчаш» спектаклехь (Р. Стоянов, Болгари), Шахбулатан роль исбаьхьаллин фильмехь «ЦӀераш бӀоьвнаш тӀехь» (Къилбаседера Осетин телевиденин фильмашан студи) цунна делира СССРн а, РСФСРн а, ЧИАССРн а, культуран министерстваш а, Российн Федерацин театран белхалойн союзан сийлахь дипломаш.

1968 шарахь шен хьалхара кинохь роль левзира цо «ЦӀераш бӀоьвнаш тӀехь» фильмехь. Цул тӀаьхьа цо кхиъ 40 сов роль левзира кинохь, царех 35 — коьртаниш.

Фильмографи[нисъе | нисъе чухулара]

СовгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

  • Ленинан комсомолан совгӀат
  • Российн Федерацин Халкъан артист (2002 шо)
  • Знак «Культурехь бина кхиамашан» (2002 шо)
  • «Российн гӀулкхан са ца кхоадеш къинхьегаман» Сийлахь-воккха Пётран медаль (2004 шо)
  • Нохчийн Республикан Сийлахь гражданин (2007 шо)

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]