Олимпийн стадион (Берлин)
Олимпийн стадион | |
---|---|
![]() | |
![]() | |
Хьалхара цӀе | Немцойн стадион |
Йолу меттиг |
![]() |
Ян йолийна | 1934 |
Йина | 1936 |
Схьайиллина | 1936 1 августехь |
Кеконструкци йина |
1974 (ДЧ-1974) 2006 (ДЧ-2006) |
Яран мах |
43 млн. RM (1936) 247 млн. € (2004) |
Архитектор |
Марх Вернер/Шпеер Альберт (1936) Фридрих Вильгельм Кроу (1974) |
Ерг | Olympiastadion Berlin GmbH |
Чухоам | 74 064[1] |
ЦӀера команда |
«Герта» Германин гулйина команда |
Майдан барам | 105х68 м |
Сайт | olympiastadion.berlin |
![]() |
Олимпийн стадион я «Олимпиаштадион» (нем. Olympiastadion; МФА: oˈlʏmpi̯aˈʃtaːdi̯ɔn) — Берлинера стадион, «Герта» футболан клубан а, Германин гулйина командин а цӀера арена, чухоам 74 064 хьажархо[1]. Яйн атлетикин къийсамаш дӀадахьа а таро ю.
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьалхара истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Шен йукъ «Олимпиаштадион» стадион йолу, спортан комплекс «Олимпиапарк», йина Дуьненан хьалхара тӀом болабалале, оцу хенахь Германин Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1916 дӀадахьа бакъо елира[2].
ГӀишло яр[нисйе бӀаьра | нисйе]
1933 шарахь Ӏедале веина Гитлер Адольф тидам бира «Грюневальд» ипподроман уллера еса лаьтта майданийн. Цуьнан 86 000 меттиган стадион ша йолу хоккейн стадион, говрахь леларан манеж, неканан бассейн, йиллина спортан арена, Эккарт Дитрихан йиллина театр йогӀа йоккха план хӀоьттира. Спортан комплекс тӀелетта яра Майн аренан, цигахь хуьлура Къоман-социалистийн партин массийн митингаш.
Олимпийн стадион йина елира 1936 шарахь архитекторан Марх Вернеран проектаца.
Стадион дӀаеллар а, 1936 шеран аьхкенан Олимпиада а[нисйе бӀаьра | нисйе]

1936 шарахь аренин тӀехь хилира германин правительствос йина йоккха Олимпийн ловзарш дӀаделларан церемони, иза дуьххьара гойтуш яра телевизион чухула дуьххьала дӀа йолчу эфирехь, ткъа стадион тӀийра олимпийн ловзарех материал хилира кинодокументалистикин шедевран — Лени Рифеншталан фильман «Олимпи». Оцу стадион тӀехь дӀабаьхьира 1936 шеран Аьхкенан Олимпийн ловзарийн коьрта къийсамаш.
Кхин дӀа истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
1938 шарахь стадион тӀехь футболех ловзаран Германин гулйина команда ийшира Ингалсан гулйина командина хӀаллакъяран чоьтаца 3:6.
«Олимпиаштадион» дикка йохийра Берлин тӀе бартхойн эскарийн авиацис бумбанаш кхуьйсучу хенахь, амма 1960-гӀа шерашна йукъахь юха йира иза. И хан яра, Бундеслигин хьалхара шераш — иштта олура ФРГ керла къоман чемпионатах — берлинан клубо «Гертас» хӀора матчехь гулвора 70 000 гергга хьажархо.

Стадионан реконструкции йира 1974 шеран дуьненан чемпионат йолалуш, кхузахь ловзийра тобан турниран кхо матч — ерриш Чилин гулйина командо дакъа лоцуш. «Олимпиаштадион» дуьненан чемпионатан программин йукъатохаро политикин хьал морса даьккхира малхбален а, малхбузан а мехкийн лагершкахь. Ткъа хилира иза уггаре хьалха, Немцойн футболан союзан куьйгалхочо Херман Нойбергера къахьегар бахьнехь.
Германи вовшахкхетначул тӀаьхьа, «Олимпиаштадион», юха а шена гонахьа немцойн футболан баккхий хиламаш гулбелла, йукъ хилира, ткъа Германин кедан финалан матч хӀинца, хьалха заманахь санна, ца хуьйцуш кхузахь ловзу.
Олимпийн стадионан инарлин реконструкци йира 2006 шеран дуьненан чемпионатан. Проект йираМайнхард фон Герканан gmp архитектурин бюрос, йина бевлира чемпионат йолаяла шо дисича, цунах делира 242 млн евро. «Олимпиаштадионан» уггаре ладаме матч дӀаяхьа тешам белира — финал.
2011 шеран 26 июнехь стадион тӀехь ловзийра футболех ловзаран зударшна йукъахь дуьненан чемпионат дӀаелларан матч. Германис иэшийра Канаду жамӀ 2:1 долуш. Чемпионата и цхьа матч бен ца ловзийра Олимпийн стадионехь.
2015 шеран 6 июнехь стадионо тӀеийцира УЕФА Чемпионийн лигин финалан матч[3], цигахь туьйлира «Ювентусца» левзина «Барселона» 3:1 жамӀ долуш.
Футболех ловзаран дуьненан чемпионат 1974[нисйе бӀаьра | нисйе]
Терахь | Раунд | Матч | ЖамӀ |
---|---|---|---|
14 июнь 1974 | Тоба 1 | ФРГ — Чили | 1:0 (0:0) |
18 июнь 1974 | Тоба 1 | Чили — ГДР | 1:1 (0:0) |
22 июнь 1974 | Тоба 1 | Австрали — Чили | 0:0 |
Футболех ловзаран дуьненан чемпионат 2006[нисйе бӀаьра | нисйе]
Терахь | Раунд | Матч | ЖамӀ |
---|---|---|---|
13 июнь 2006 | Тоба F | Бразили — Хорвати | 1:0 (1:0) |
15 июнь 2006 | Тоба B | Швеци — Парагвай | 1:0 (0:0) |
20 июнь 2006 | Тоба A | Эквадор — Германи | 0:3 (0:2) |
23 июнь 2006 | Тоба H | Украина — Тунис | 1:0 (0:0) |
30 июнь 2006 | 1/4 финалан | Германи — Аргентина | 1:1 д.в. (1:1, 0:0) 4:2 пен. |
9 июль 2006 | Финал | Итали — Франци | 1:1 д.в. (1:1, 1:1) 5:3 пен. |
Яйн атлетика[нисйе бӀаьра | нисйе]

- Стадион тӀехь хӀора шарахь дӀахьо ИААФ Дешин лигин яйн атлетикин цхьа мур, цигахь дакъа лоцу дуьненан коьрта байн атлеташ.
- 2009 шеран 15 - 23 августехь стадион тӀехь дӀаяьхьира яйн атлетикин XII дуьнан чемпионат.
Транспорт[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Стадионан гена йоцуш йира метрон станци «Рейхсшпортфельд», Дуьненан шолгӀа тӀом чекхбаьлча цӀе хийцира «Олимпиаштадион» аьлла.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Facts and Figures: Olympiastadion Berlin (ингалс.). Официальный сайт стадиона. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 27 апрелехь. Теллина 2014 шеран 30 майхь.
- ↑ Prof. Ing. arch. Jaroslav Paroubek, CSc., Doc. Ing. arch. Arnošt Navrátil, CSc. Občanské stavby. Stavby pro tělovýchovu a sport. — Praha: Vydavatelství ČVUT, 2000 (1980). — 52 с. — ISBN 80-01-01834-2.
- ↑ Финалы для Берлина и Варшавы Архивйина 2013-06-09 — Wayback Machine
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Официальный сайт Архивйина 2006-06-17 — Wayback Machine