Океан

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Океанаш

Океан[1] (шира гр. Ὠκεανός / Ôkeanós) — географехь, инзаре йоккху меттиг дӀалаьцна лаьтташ массо а континенташна гобаьккхина долу дуьра хи ду. Латтан 71,1 % тӀехуле дӀалаьцна латтош ю «планетан океано» йа «Океан» (доккха О дуьллуш хьалха) Ткъа и-ша бу 5 океане бекъалуш. Берриге хӀорданаш цаьрна юккъе боьлхуш бу.


Бекъабалар[нисъе | нисъе чухулара]

ЦӀерш Майдан хьал  % Хаам
Тийна океан 165 250 000 kм2 43,5 Уггарe боккха а, уггар кӀоргa океан бу хӀунда аьлча цо Латтан 1/3 тӀехуле дӀалоцу. Иза бу Евразин а Австралин малхбузехьа, Къилбаседа а Къилба Американ а малхбалехьа, Антарктидан къилбехьа юкъехь. Цунан центр йолу меттехь а, малхбузеран агӀо йолу меттехь а, хина бухахь вулканизм ю.
Атлантикан океан 106 400 000 kм2 28,0 Тийна океан тӀехьа шозлагӀа боккха океан бу. Шораллина къилбаседер къилбе кхаччалц 5 000 км ю. КӀеззиг вулканизм йолуш хин бух бу цун. Ткъа иштта хина бух можа басехь бу. ХӀунд аьлча шорта дaккхи дуьра доцу хиш ду Къилба Америкера а, Юккъера Африкера цуьнах кхеташ, масалла: Амазонка, Конго (хи).
ХӀиндин океан 73 556 000 kм2 19,4
Къилба океан 20 327 000 kм2 5,4 Антарктидан гобаьккхина болу океан.Кхечу океанашка хьаьжча цунан шен кьастина доза дац.
Къилбаседа Шен океан 14 090 000 kм2 3,7 Уггар жима а, к1оргa а боцуш океан бу.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. - Русско-чеченский словарь - 1978

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]