Чулацаман тӀегӀо

Оздоева, Фируза Гиреевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Оздоева Фируза (Фируза, Фирюза) Гиреевна (Гериевна)
Оздоева Фируза Гиреевна
Йина терахь 1929 шеран 31 декабрь
Йина меттиг Базоркино эвла, ГӀалгӀайн автономин гуо
Кхелхина терахь 2010 шеран 27 апрель
Кхелхина меттиг Магас, ГӀалгӀайчоь
Пачхьалкх Россин Федераци
ГӀуллакхан тайпа Ӏилманча, лингвист
Ӏилманан кхоче филологин Ӏилманийн доктор
Белхан меттиг ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет
Альма-матер ГӀиргӀизойн пачхьалкхан университет
Ӏилманан дарж Профессор
Ӏилманан цӀе профессор[вд]
СовгӀаташ а, премеш а

Оздоева Фируза (Фируза, Фирюза) Гиреевна (Гериевна) (31 декабрь 1929, Базоркино эвла, ГӀалгӀайн автономин гуо — 27 апрель 2010, Магас, ГӀалгӀайчоь) — советски а, оьрсийн а меттан говзанча, лингвист, филологин Ӏилманийн доктор, профессор, Россин Федерацин лакхарчу дешаран хьакъйолу белхахо (2005)[1].

Йина 1929 шеран 31 декабрехь ГӀалгӀайн автономин областан Базоркино йуьртахь.

1954-чу шарахь ГӀиргӀизойн пачхьалкхан университет (Фрунзе) дикачу баллашца ингалсан меттан говзалла чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, цигахь ингалсан меттан кафедрехь хьехна (1965-чу шарахь доцент, 1987-чу шарахь профессор)[2].

1994-чу шарахь дуьйна ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетехь меттан Ӏилманан кафедрин профессоран даржехь, ткъа 1995-чу шарахь дуьйна гӀалгӀайн филологин кафедрин куьйгалхочун даржехь къахьегна.

1984 шарахь дуьйна СССР a, Азин а, Африкин а пачхьалкхийн солидаран комитетан декъашхо, ткъа 2008 шарахь дуьйна ГӀалгӀайн Республикан интеллигенцин конгрессан председатель[3].

Майра: Руслан Израилович Мамилов (1928—1993), скульптор.

Дешаран а, Ӏилманан а болх

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1962 шарахь цо чӀагӀйира кандидатан диссертаци, ткъа 1985 шарахь докторан диссертаци.

1976-чу шарахь дуьйна гӀалгӀайн мотт Ӏамош йолу Ӏилманан школа вовшахтохархо йу иза.

Цо вовшахтоьхна а, куьйгалла дина а Йерригроссин Ӏилманан конференцешна: «ГӀалгӀайн мотт а, Россин Федерацин къаьмнашна а, меттанашна а йукъахь» а, «Хьалхара гӀалгӀайн Ӏилманча а, хьехамча а Ахриев Чаха вина 150 шо кхачар».

1990-гӀа шераш дуьйлалуш Калифорнерчу Беркли университетехь лингвистца, Кавказан говзанчаца Джоанница Николсца цхьаьна болх бира ингалсан-гӀалгӀайн дошам хӀоттош. К. Хетагуровн цӀарахчу Къилбаседа ХӀирийчоьнан пачхьалкхан университетехь а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а диссертацин кхеташонашкахь болх бина цо[4].

Цо шен Ӏуналлехь латтийна 11 кандидат.

Цо йаздина 70 сов Ӏилманан белхаш, шайна йукъахь монографеш а йолуш[5].

Хаьржина Ӏилманан белхаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Оздоева, Ф. Г. ГӀалгӀай-оьрсийн фразеологически дошам. Нальчик: Эль-Фа, 2003. 132 агӀо. 1000 экз.
  • Оздоева, Ф. Г. Нахски меттанашкахь гӀуллакхан къамелан дакъойн исторически билгалонаш. Грозный: Нохч-ГӀалгӀайн книжни издательство, 1976. 237 агӀо. 500 экземпляр[6]
  • Оздоева, Ф. Г. Нахски меттанашкахь функциональни къамелан дакъош (синхронно-диахронически анализ): Филологин Ӏилманийн докторан тезис (диссертаци). Тбилиси, 1983. 31 агӀо[7].
  • Диплом а, совгӀат а академик А. С. Чикобавн цӀарах (1998) — иберо-кавказхойн меттаӀилма кхиорехь доккха дакъа лацарна
  • Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н хьакъйолу Ӏилманан белхахо
  • «Лакхарчу дешаран отличник» сийлаллин билгало (шозза)
  • Мидал «За трудовую доблесть».
  • ГӀалгӀай Республикан «За заслуги» орден
  • Знак «Россин Федерацин лакхарчу корматаллин дешаран сийлахь белхахо».
  • ГӀалгӀай Республикан хьакъйолу Ӏилманан говзанча
  • Россин Федерацин лакхарчу дешаран сийлахь белхахо (2005 шо)
  1. ГӀалгӀайчоьнан коьртачу гӀалахь Магасехь цхьана урамна цӀе тиллина Оздоева Фирузан цӀарах.
  2. Ф. Г. Оздоеван цӀе «Оьрсийчоьнан тоьлла нах» цӀе йолчу энциклопедин кхоалгӀачу зорбанехь йу.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. В День женщин в науке в Ингушетии вспоминают об ученом Ф.Г. Оздоевой(бил-боцу.). Сердало. ТӀекхочу дата: 2026 шеран 20 январь.
  2. В День женщин в науке в Ингушетии вспоминают об ученом Ф.Г. Оздоевой(бил-боцу.). Сердало. ТӀекхочу дата: 2026 шеран 20 январь.
  3. Оздоева, Мадина (2019-12-31). "Фируза Оздоева — славная соотечественница, которая не ограничила свою жизнь простым житейским бытом". Ингушетия/ГIалгIайче — интернет-газета(оьр.). ТӀекхачаран де: 2026 ш. 20 январехь.
  4. Админстратор (2019-12-30). "КНИЖНАЯ ВЫСТАВКА К 90-ЛЕТИЮ СО ДНЯ РОЖДЕНИЯ Ф. Г. ОЗДОЕВОЙ". Национальная библиотека Республики Ингушетия им. Дж. Х. Яндиева(оьр.). ТӀекхачаран де: 2026 ш. 20 январехь.
  5. Оздоева, Мадина (2019-12-31). "Фируза Оздоева — славная соотечественница, которая не ограничила свою жизнь простым житейским бытом". Ингушетия/ГIалгIайче — интернет-газета(оьр.). ТӀекхачаран де: 2026 ш. 20 январехь.
  6. Оздоева, Фируза Гиреевна. - Историческая характеристика служебных слов (частей речи) в нахских языках [Текст] / Ф. Г. Оздоева ; Науч.-исслед. ин-т истории, яз. и литературы. - Грозный : Чеч.-Инг. кн. изд-во, 1976. - 237 с.; 22 см. - Search RSL(бил-боцу.). search.rsl.ru. ТӀекхочу дата: 2026 шеран 20 январь.
  7. Оздоева, Фируза Гиреевна. - Историческая характеристика служебных слов (частей речи) в нахских языках [Текст] / Ф. Г. Оздоева ; Науч.-исслед. ин-т истории, яз. и литературы. - Грозный : Чеч.-Инг. кн. изд-во, 1976. - 237 с.; 22 см. - Search RSL(бил-боцу.). search.rsl.ru. ТӀекхочу дата: 2026 шеран 20 январь.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Гешаев Муса. ГӀарабоьвлла гӀалгӀай. — Турин: СТИГ, 2003. — Т. 1. 1. — АгӀо 10. 520—523 агӀонаш тӀехь. — 620 агӀо йу. — 2000 экземпляр.