Оганаш

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

О́ганаш — цхьаьна гӀат тӀехь гӀишло чоьнашна екъа лерина пенаш. Коьртаниг оганаш дораха (дуткъа, дай), чӀогӀа, гӀовгӀа чекх ца йолуш, тӀуналла чекх ца йолуш, цӀоналлийца оьзда, цӀеран дуьхьала лаьтташ хила деза.

Оганан Ӏалашоне хьаьжжина, церан цхьаболу бехкамаш тергал ца бо, я кӀезиг тергал бо. Масала, квартирашна юкъара оганаш, чуьра оганел алсама гӀовгӀа чекх ца йолуьйтуш хила деза, ткъа санитарийн чоьнийн оганаш — тӀуналлан дуьхьала лаьтташ хила деза, дика санитарийн-гигиенан хьолаш хила а деза.

Шен конструкцица уьш хила тарло монолитан я гуран, къевлина тахьтанийн гӀирсашца, дина прокатан боршамех я кегийра гӀишлошъяран гӀирсех (кибирчиг, гипсобетонан экъанаш я чопанбетонан блокаш, кхин а).

Дукха хьолахь уьш хуьлу стационаран конструкцеш, амма хила тарло вовшахйоккхуш а, хийцалуш а — дӀасайоьдуш, чуччайиллалуш.

Оганаш декъало:

гӀирсашца:

  • дечиган;
  • тӀулган;
  • кхийран;
  • гипсобетонан:
  • гипсокартонан;
  • аьнгалин а; кхин а

ТӀаьхьарчу хенахь дукха хьолахь леладо вовшахтосу а, вовшахдоху а, хьаьнгга а эцало конструкцех дина оганаш. Массо а оганаш деш берш гӀерта, уггаре а атта ога, цӀахь хуьлда иза я офисехь хуьлда, муьлххачу белхалочуьнга вовшахтаслур долуш дан.

Технологин генаваларан амалан масала ду офисан-административан центрашкахь юкъарлонийн конструкцеш лелор, уьш ю

— вехачу хӀусамашкахь гипсокартонан оганаш;

— офисан оганаш;

— сантехникан оганаш;

Ерриг оцу системаша таро йира гӀишлошъяран процессийн технологийлла айа, тӀедачу процессашна (цеманц кегаяр, кхин а) генавалар, объект йина яьккхина сиха дӀаяла.

И системаш чӀогӀа мобилан ю, хӀунда аьлчи дукхаха йолу компанеш кхуьуш цхьаьна меттигера кхечухьа дехьайолуш, цхьа хало йоцуш кхелха шайн сал-палца, кхин тӀе оганаш оьций.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]