Ованнисян, Раффи Ричардович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ованнисян Раффи Ричардович
эрм. Րաֆֆի Հովհաննիսյան
Ованнисян Раффи Ричардович
Эрмалойчоьнан арахьара гӀуллакхийн министр
 — 1992 шеран 16 октябрь
Хьалха хилларг Егиазарян Ашот (д. кх.)
Когаметтаниг Киракосян Арман

Дин Эрмалойн асхьабийн килс[d]
Вина терахь 1959 шеран 20 ноябрь({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (63 шо)
Вина меттиг Фресно, Калифорни, АЦШ АЦШн байракх
Да Ованнисян Ричард
Зуда Ованнисян Арменуи
Бераш Гарин, Ван, Дарон, Шуши, Армен-Ричард
Парти ТӀаьхье
Дешар 1) Лос-Анджелесера Калифорнин университет
2) Тафтсан университет
3) Джорджтаунан университет
Ӏилманан цӀе профессор
Динлелор Эрмалойн Асхьабийн Килс
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ованнися́н Раффи́ Ри́чардович (эрм. Րաֆֆի Հովհաննիսյան; вина 1959 шеран 20 ноябрехь Фресно гӀалахь, АЦШ) — эрмалойн политикин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, «ТӀаьхье» партии кхоьллинарг а, лидер а, Эрмалойчоьнан арахьара гӀуллакхийн министр (19911992).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 19771978 шерашкахь — дешна Берклера Калифорнин университетан политологин декъехь.
  • 19791980шерашкахь — дехьаваьлла Лос-Анджелесера Калифорнин университете, кхин дӀа Ӏамийра «Эрмалойчоьнан историн» говзалла. Историн а, малхбузеӀаморан а кафедрера «Bachelor of Arts» титул а, «Summa Cum Laude» билгалваларан мидал а йелира.
  • 19801982 шерашкахь — дийшира Дуьненайукъара законашкхолларан а, дипломатин а Тафтсан университетера Флетчеран институт (Массачусетс штат) чекхйаьккхира, цигахь дуьненайукъара законашкхолларан областера говзалла а, дипломатин истори а, демократин мехкийн арахьара политикин истори Ӏамийра. Магистран тӀегӀа йелира 1982 шарахь.
  • 1985 шарахь — Вашингтонера Джорджтаунан университетан юридически центрехь юридически Ӏилманийн докторан тӀегӀа йелира.
  • 19811982 шерашкахь — Тафтсан университетехь Эрмалойчоьнан историн хьехархо.
  • 19851989 шерашкахь — Лос-Анджелесера Хил, Ферер а, Брил а, Уитман а, Рансел а, Струк а, Лван а, вежарий Кудер адвокатийн конторашкахь юрист вара.
  • 1989 ш. йиллира Эрмалойн адвокатийн союз, тӀаккха куьйгалла а дира цунна. 1990 шеран январехь дуьйна, даймахка цӀехьа вирзина, коьрте хӀоьттира бохаман зона метахӀотторан Америкин эрмалойн Ассамблейн офисан.
  • 19911992 шерашкахь — вара Эрмалойчоьнан арахьара гӀуллакхийн хьалхара министр.
  • 1993 ш. Ереванехь йиллина Стратегин а, къоман талламийн а Эрмалойчоьнан центр, цуьнан куьйгаллехь ву тахана а. Диллина йукъараллин-политикин-оьздангаллин журнал «Айацк Ереваниц».
  • 1998 ш. Эрмалойчоьнан хаамийн а, жайнаш арахецаран а урхаллехь, Берригэрмалойн «Айастан» фондехь йоцучу ханна кхочуш беш вара йукъараллин болх. Иттаннаш талламийн, монографийн, йаззамийн белхийн автор, уьш арахецна Эрмалойчоьнан, Америкин, Европин, Российн, Йуккъера Малхбален а арахецараллашкахь а, муьран зорбанехь а.
  • 2007 ш. 12 майхь хаьржина парламентан депутат. «ТӀаьхье» партин куьйгалхо.
  • 2013 ш. 14 январехь шен кандидатура хӀоттийра Эрмалойчоьнан Президентан харжамашка, уьш хилира 2013 шеран 18 февралехь. ШолгӀа меттиг йаьккхира, 36,74 % кхаж а баьккхина харжамхойн дерриг кхаьжнех[1].
  • 2013 ш. 10 мартехь Ереванера Маршонан майданахь Ованнисян Раффис мацалла хьейира (чекхйаьккхира 31 мартехь), дош делира: 9 апрелехь — инаугурацин дийнахь — шен дакъан тӀехула ваьллий бен, Саргсян Сержа къера дуй буур бац Инжил тӀехь а, Конституци тӀехь а, ткъа Берриг Эрмалойн Католикоса Инжил бехдийр дац, Халкъан лаам галбаьккхинчу кандидатан[2].
  • 2013 ш. 9 апрелехь Ереванехь митингаш а, боламаш а хилира Ованнисян Раффин агӀончийн. Уьш шозза гӀоьртира полицин чӀагӀонаш хадийна, президентан резиденцин тӀебаха, оцу хенахь тасабелира Ованнисян Раффин агӀончаш а, полицин белхалой а[3].
Raffi Hovansisian fasting in March 2011.JPG

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]