Нухажиев Нурди Садин воӀ
Нухажиев Нурди Садин воӀ | ||
---|---|---|
Нухажиев Нурди Садиевич | ||
Вина терахь | 1955 шеран 2 октябрь (69 шо) | |
Вина меттиг | Трудовой эвла, Приишимскин кӀошт, Къилбаседа-Кхазакхстанан область, Кхазакхийн ССР, ССРС | |
Гражданалла: | ССРС → Росси | |
Къам: | Нохчо | |
Динлелор: | Ислам | |
ГӀулаккхан тайп: | политик | |
Да: | Сади | |
СовгӀаташ: |
|
Нухажиев Нурди Садин воӀ (вина 1955 шеран 2 октябрехь , Трудовой эвла, Приишимскин кӀошт, Къилбаседа-Кхазакхстанан область, Кхазакхийн ССР, ССРС) — Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларйаран векал (омбудсмен) 2006 шеран февралехь дуьйна. Тайпана гӀордало.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина Кхазакхийн ССР Къилбаседа-Кхазакхстанан областан Приишимски кӀоштара Трудовой эвлахь, цига арадаьккхинера цуьнан да-нана. 1957 шарахь доьзал цӀабирзира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Нажи-Йуьртан кӀоштара ГӀоьрдала эвла. 1973 шарахь чекхйаьккхира ГӀордалин йуккъера ишкол. 1974—1976 шерашкахь эскарехь вара стратегин лерина ракетийн эскаршкахь Комийн АССР Печора а, Сыктывкар а гӀаланашкахь.
Юридически а, экономикин а лакхара дешар дешна.
1997—1999 шерашкахь — Гуьмсан кӀоштан администрацин коьртан хьалхара гӀовс.
2002—2004 шерашкахь — Российн Президентан Нохчийн Республикера башха векалан гӀуллакх латторан урхаллин хьаькам.
2004 шарахь дуьйна — Нохчийн Республикин правительствон РФ гражданийн Нохчийн махкахь конституцин бакъонаш Ӏалашйаран комиссин председатель, 2005 шарахь дуьйна — Нохчийн Республикин президентан республикехь гражданийн конституцин бакъонаш Ӏалашйаран урхаллин хьаькам.
Соьлжа-ГӀалин сийлахь гражданин (2015 шеран 24 мартехь)[1].
Адаман бакъонийн йуьззина бакъонаш йолу векал
[бӀаьра нисйан | нисйан]2006 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан халкъан гуламо Нохчийн Республикин адамийн бакъонийн йуьззина бакъонаш йолу векалан даржехь чӀагӀвина[2]. Нухажиев дӀахӀотто масех де хьалха республикин парламенто «Нохчийн Республикин адамийн бакъонийн йуьззина бакъонаш йолу векалех» долу закон тӀеэцна[2]. 2016 шеран 30 декабрехь йухахаьржина оцу дарже[3].
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Официальный сайт уполномоченного по правам человека в Чеченской Республике Архивйина 2010-02-02 — Wayback Machine
- Нухажиев, Нурди — статья в Лентапедии. 2012 год.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Чеченский омбудсмен стал почётным гражданином города Грозный
- ↑ 1 2 Уполномоченный по правам человека в Чеченской Республике — Основные направления деятельности Уполномоченного по правам человека в Чеченской Республике(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ В Чечне избран уполномоченный по правам человека. Regnum. 30.12.16