Нунуев, Сайд-Хьамзат Махмудович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Сайд-Хьамзат Нунуев
Саид-Хамзат Нунуев.jpg
Вина терахь

1952 шеран 1 январь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (66 шо)

Вина меттиг

КхазакхстанFlag of Kazakhstan.svg Кхазакхстан, Голубиновка

Гражданалла:

Нохчийчоь

ГӀуллакхан тайпа:

поэт, яздархо, публицист, историк

Произведенин мотт:

Нохчийн

Нунуев Сайд-Хьамзат Махмудович (1952 шеран 1 январь — Голубиновка) — нохчийн яздархо а, поэт а.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Нунуев Сайд-Хьамзат Махмудович вина 1952-чу шарахь Казахстанехь Голубиновка — олучу юьртахь. Шен дай баьхначу махка цӀа вирзинчул тӀаьхьа, дешна МахкатӀерчу юккъерчу школехь. 1968-чу шарахь Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультете деша воьду.

И чекхъяьккхинчул тӀаьхьа доьшу Орджонокидзе-гӀаларчу юьртбахаман институтан экономикин факультетехь. Белхаш бина школехь, партийни органашкахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н Лакхарчу Советан, Российн халкъан депутат лаьттина. ТӀаьхьарчу хенахь жигара дакъалаьцна тайп-тайпанчу юкъараллин-политикин, культурин организацийн балхахь.

Школехь доьшуш волуш дуьйна а вара Сайд-Хьамзат литературица уьйр-марзо йолуш. 1983-чу шарахь арайолу яздархочун дуьххьарлера киншка — «Малха тӀехь хьоькхнаш» цӀе йолу дийцарийн гулар. Цул тӀаьхьа цо арахецна масех киншка: «Даймехкан мукъамаш», «Гезгамаша», «Йилбазан оьмар», кхин а. Прозехь бина ца Ӏаш, Нунуев Сайд-Хьамзата болх бо драматургехь а. Нохчийн къоман театрехь кхиамца хӀиттийна цуьнан пьесаш: «Лулахой», «Дела воцург, накъост воцуш».

Цул совнаха, Нунуев Сайд-Хьамзата къахьегна нохчийн къоман хилларг, цуьнан истори толлуш, оцу декъехь масийтта киншка арахеца а ларийна иза. Яздархо, публицист, историк волу Нунуев Сайд-Хьамзат шен кхолларалло зазадаккхаран муьре кхаьчна.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]