Нохьан кема


Но̄хьан ке̄ма, Нохьан хинке̄ма, Нӯхьан хӀордке̄ма (Ӏаьр. سَفِينَةُ نُوحٍ, Сафӣнату Нухь; Ӏеб. תֵּבַת נֹח, тева̄т Hо̄axь; схьадаьлла Ӏеб. תֵּבָה-х, тева̄ — «гӀутакх, тӀорказ, кема») — Къуръано а, Библино а ма-бохху, иза кема ду, Нохь пайхамаро Делан омранца шен доьзал а, ийман диллинарш а, массо а дийнаташ а Дерригдуьненан хитІедаларх кӀелхьардаха дина долу[1][2].
И тайпа кема хьахийна ду масех ширачу туьйранашкахь, царах ду шумарийн/аккадийн хитӀедаларан туьйра, цу тӀехь хьахийна хилла Нухь пайхамаран хитӀедаларан дийцарх тера дийцар.
ХитӀедаларан дийцарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Сумерийн хитӀедаларан дийцар
[бӀаьра нисйан | нисйан]ДӀадаханчу бӀешеран чаккхенга кхаччалц, нах тешаш хилла Товрат ХитӀедаларан дийцаран уггаре а шира хьоста ду аьлла, амма 1853-чу шарахь цӀеххьана карийна хилла Бабилан хитӀедаларан дийцаран копи. Ткъа 1889—1900-чу шерашкахь Ӏиракъехь ахкарш дечу хенахь, дуьххьарлерчу америкин археологин миссина карийна хилла Ниппур-гӀалахь Сумерийн хитӀедаларан дийцар тӀехь долу поппаран экъа (у). Цул тӀаьхьа кхиберш а цунна тӀаьхьабевлла. Ткъа сумерийн дийцар йаздинчу йозанан таммагӀах (лар) гуш ду, иза гергарчу хьесапехь, гӀараваьллачу Бабилан паччахьан «Хьаммурабин» заманера хилар, шеко йоцуш иза цул хьалха хилла хилар а.
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ The Impossible Voyage of Noah's Ark | NCSE . web.archive.org (2019 шеран 5 август). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 11 июль.
- ↑ Noah's Ark Found? Turkey Expedition Planned for Summer . web.archive.org (2018 шеран 24 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 11 июль.