Чулацаман тӀегӀо

Нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Операци «Чечевица»
ССРС-ехь нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар

Нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар[1][2][3] йа (нохчий а, гӀалгӀай а цӀерабахар) (операци «Чечевица») — 1944 шеран 23 февралехь долина 9 март кхаччалц Нохч-ГӀалгӀайн а, ДегӀастанан а АССР-шкара нохчий а, гӀалгӀай а Йуккъерачу Азе а, Кхазакхстане а бахийтар.

Махкахбахаран бахьна

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ТӀом болабелчахьана 1944 шеран январь бутт кхачале республикехь 55 гӀера хӀаллак йина дӀайаьккхина йара, оцу йукъара 973 стаг а вуьйш, 1901 стаг схьа а лоцуш. НКВДс билгалйина йара Нохч-ГӀалгӀайн АССР-ехь 150—200 гӀера 2-3 эзар стаг йукъахь а волуш (гергарчу хьесапехь 0,5 % бахархой)[4]. Амма дукха нохчий а, гӀалгӀай ЦӀен эскар цӀе йолчу тобана йукъахь тӀом беш бара, (гергарчу хьесапехь 0,5 % бахархой)[4] нохчий а, гӀалгӀай а дӀакхелхира фронтехь. Брестан гӀап ларйарехь 250 тӀера 400 кхаччалц вайнехан тӀемалой хилла. Царех цхьаъ хилла Мохьмад Узуев. 1996 шарахь Брестан гӀап ларйар бахьнехь цунна Россин Федерацин турпалхо дарж делира.

1942 шарахь кхоьллира 255-гӀа къастина Нохч-ГӀалгӀайн дошлойн полк. Цо дакъа лецира Сталинградан тӀамехь. Оцу полкан дуккха а салташна чевнаш йина, дӀакхелхина хиларна а бахьнехь, йа хилла зенаш Нохч-ГӀалгӀайнчура меттахӀотто йиш ца хиларна, оцу полках бисина салтех шиъ талламан дошлойн дивизион а кхоьллина. Уьш, генерал-лейтенант Т. Т. Шапкин куьйгалхо волу, 4-гӀа дошлойн корпусан йукъайахийтира[5].

Нохчий а, гӀалгӀай а цӀерабахар бахьанехь цхьа бахьана хила тарло, «СССРн Иранаца а, ХӀункараца а дозанашкахь Ӏаш долу кегийра къаьмнех боцу тешам. Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанехь Ӏаш долу къаьмнаш «тешам боцуш ларарна», «хӀунда аьлча царех дукхахболчеран дозанал арахьа гергара нах хиларна»[6].

«Чечевица» цӀе йолу операци

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахаран операцин иштта цӀе тиллар бахьна билгала хууш дац. Схьахетарехь, и дош цӀерахбокххучу цхьана къоман цӀерах терахилар ду.

ХӀинца болу дуккхачу талламхойн операцин цӀе стенах схьайаьлла йу аьлла цхьа барт бац. Цхьаболу вайн заманхошна хетарехь «чеченцы» аьлла йолу цӀарах схьайаьлла йу иза.

Хиламан дахар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1944 шеран 31 январехь ПДО ССРС № 5073 сацам бина Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккха а, цуна бахархой махкахбаха Йуккъерачу Азе а, Кхазакхстане а бахийта «дӀалецархошна фашисташна гӀодар бахьнехь». Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхина цуна 4 кӀошт ДегӀастанан АССР-н дӀайелира ткъа 1 кӀошт Къилбаседа ХӀирийн АССР-н, Дисначу латтан тӀехь Грознин область кхоьллира.

1944 шеран 29 январехь ССРС-н чоьхьара гӀуллакхийн наркомас (халкъан комиссаро) Лаврентий Берияс чӀагӀдина «Нохчийн а, гӀалгӀайн а арабахаран къепен дилларан иструкци»[7], ткъа 31 январехь Пачхьалкхан Дуьхьалон Комитетас бина сацам нохчий а, гӀалгӀай а Кхазакхийн а, ГӀиргӀазойн а ССРшка бахийта аьлла[8]. 20 февралехь И. А. Серов, Б. З. Кобулов а, С. С. Мамулов тӀехьахь болуш, Берия Соьлжа-ГӀала веара операцин ша куьйгалла дан волавелира, «лаьмнашкахь Ӏабор» баьхкина санна чу эскараш далийнера оцу йукъахь бара 100 эзар эскархо, 18 эзар офицераш йукъаш а болуш цул совнах 19 эзар НКВД, НКГБ а, «Смерш» а оперативни белхалой[9]. 21 февралехь оцо приказ арадаьккхира НКВД-н гӀоьнца нохчий а, гӀалгӀай а цӀерабаха аьлла[7]. ШолгӀачу дийнахь республикин куьйгалхошца а динан лидершца гулам бина цаьрга шаьш бина сацам дӀахаийтира а, цул совнах дехар дира бахархошна йукъахь кечам беш болх бар[9]. Цунах лаьцна Берехь хаам бира Сталине:

Нохч-ГӀалгӀайн АССРн СНК председатель волучу Моллаевега дӀахаийтина вайнах махкахбаха Ӏедало бина сацам буьйцуш а и сацам баран баьхьана а дуьйцуш.
Са хаам бешначул тӀехьа Малаевн бӀаьргех хиш деара, амма вайнах махкахбахаран хьокъехь шен тӀедиллинарг ша кхочуш дийр ду аьлла дош делла. Цул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀалахь сацам хилла схьакхайкхина нохчийн а гӀалгӀайн а йукъара 9 урхаллин белхалой, цаьрга дӀахаийтина вайнах махкахбохург хилар а махкахбахаран бахьана а.
…40 республикин а, партийн а, советски белхалошна а тӀедиллина 24 кӀоштехь хӀора нах беха меттиган 2-3 стаг харжар меттигера жигархойн йукъара агитаци йан.
Къамел дина Нохч-ГӀалгӀайнчохь уггара лараме болучу динан нахе Б. Арсановца, А.-Г. Яндаровца а, А. Гайсумовца, цаьрга доьхург дара моллашца а, кхин меттигера лараме болучу нахаца а гӀодар[10].

Махкахбахар а, эшелонаш дӀайахийтар а доладелира 1944 шеран февралехь меттигера хенаца 02:00 даьлча, ткъа чекхделира оцу шеран 9 мартехь. Операцин кодан дош дара «Пантера», иза радеочухула кхайкхош а хезаш дара.

Махкахбохучу хенахь цхьаберш лаьмнашка бовда гӀиртира, йа меттигера бахархой муьтӀахь бацара. НКГБс хаамбира революцин законаш талхийна аьлла махкахбаьхначул тӀехьа махках бисна къена-нохчийн зударий, цамгуш берш а, сакхт берш а эскархоша шайн лаамца тоьпаш тоьхна байина аьлла.

Документаш ма-боху цхьана эвлахь кхоъ адам дийна, цара йукъахь хила бархӀ шо долу кӀант, кхечу эвлахь «пхиъ къеда зуда» йийна, кхолгӀачу — «билгал ца динчу хаамшца» «эскархочун лаамца тоьпаш тоьхна 60 адам дийна». Цул совнах ГаланчӀожан кӀоштан йукъахь хиллачу Хьайбахехь 700 адам дийна доллушехь цӀе йилина дагийна аьлла Ӏедало хӀинца а бакъданза хаамаш бу[4].

ДӀайахийтина 180 эшелон 493 269 адам чохь долуш. Некъахь дийна 56 бера, дӀакхелхина 1272 адам, «уьш хуьлу 2,6 адам 1000 махкахбаьхначарна. РСФСР-н статистикийн урхаллас мах хадорца Нохч-ГӀалгӀайн АССРехь 1943 шарахь 1000 бахархойх 13,2 адам делла хуьлура». Цу тӀе баларан бахьна дара «махкахбохурш къена хилар», махкахбохучарна йукъахь «ширйелла цамгарш ерш хилар а», физикин хьесапехь ледарниш йукъахь хилар а. Табечу гӀишлошка бахийтина 285 адам.

ТӀаьххьара эшелон дӀайахийтира Нохч-ГӀалгӀайчоьнан куьйгалла деш хила белхалой а, динан лидерш а операцехь дакъалоцуш хийла болу[4].

Официалан хаамашца, операци дӀайоьдучу хенахь 780 адам дийна, совет Ӏедалан дуьхьала болу 2016 стаг лаьцна, 20 эзарал дукха долу герз даьккхина, 4868 пхоьазза йолу тоьпаш, 479 пулемёташ а, автоматаш. Лаьмнашкахь дӀалачкъа кархдаьлла 6544 стагна[11].

Махкахбахаран хьал

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Официалан хаамашца Нохч-ГӀалгӀайн АССРера ницкъаца ара баьхна 496 эзар нах — вайнех, оцу йукъара Кхазакхийн ССР махка — 411 эзар адам (85 эзар доьзал), кхин ГӀиргӀизойн ССР махка — 85,5 эзар адам (20 эзар доьзал)[12]. Кхечу хаамашца махкахбаьхнарш хилла 650 эзарал дукха[13].

Новкъахь 56 бера динера, 1272 адам делира. Дукхачу нехан балар бахьанаш дара шело, дахаран таронаш хицадалар, цамгарш, кегий а, бакххий а нехан гӀело[14]. Къилба ХӀирийн КПСС обкоман отделан куьйгалхо Х. Арапиевс дуьйцара:

« ТӀех йузна «бежнийн» вагонашкахь, серло а, хи а доцуш, цхьа бутт гергга дагӀара тхо стенга доьду ца хууш… Тиф йолаелира. Цхьа а дарба дацар. Боьдуш тӀом бара… Поезд йоцца сецча нах боцу разъездашкахь поездан уллехь цӀерпоштан кӀурас Ӏарждина лайлах белларш дӀабухкура (вагонан уллера пхи метр сов генаваьлча вен кхерам бара)...[8]. »

1944 шеран мартехь, цӀерабехнарш шайн билгалйакххина метте дӀакхаьчча, шайга Ӏедало делла омра долушшехь, колхозаш а, совхозаш а бехкинчарна йа кхача, йа хӀусамаш, йа болх а ца белира. ЦӀерабехнарш шайн керла меттехь халла дӀанисбал гӀерташ бара[15].

Нохчийн а, гӀалгӀай а шайн даймахкара арабахаран сов, кхоьчу меттанашкара а арабохуш бара. Армехь берш эскарара мукъа а бохуш Сибрех дӀабохуьйтура[4].

1956 шарахь Кхазакхстанехь Ӏаш бара 315 эзар нохчий а, гӀалгӀай а, Киргизехь — 80 эзар. Сталин веллачултӀехь царна дӀасабаха маршо йелира, амма цера цӀабаьрза бакъо йацара. ХӀетте а 1957 шарахь меттахӀоттина Нохч-ГӀагӀайн АССР 140 эзар цӀеравекххинарг цӀавирзира. Цхьайолу лаьмнийн кӀошташкахь дахар дихкина дара. Цундела цигахь Ӏийнарш лахара йурташкахь охьахевшира.

Махкахбахаран тӀехье

[бӀаьра нисйан | нисйан]

СССРн планаца цӀахь биса цхьане бакъо йацара, цундела масийтта эвлахь (масала, Хьайбахехь) НКВДн эскаро мадарра аьлча маьрша бахархой хӀаллак бина. Пачхьалкхан кхерамзаллин наркоматас хаийтира «масийтта хилла революцин законаш талхош а ирча хиларг эскархоша шайн лаамца тоьпаш тоьхна нохчийн къена зударий, сакхт нах, цамгарш берш а тӀехьа баха ца луш берш а байина аьлла»[хьост?].

Нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахаран уггаре хьалха хилларг дара махкахбахнарш кӀезиг хилар дуьххьара шарашкахь. Меттигехь адаптаци хилар хала хилар ца тоьуш нохчий баларан бахьанаш дара шиъ: цхьалгӀа тӀеман хенан халонаш, шолгӀа дукху болу нохчий цӀахь болуш йуьртабахам лелош бара, ткъа кхузахь иштта белхаш кӀезиг бара (1949 шеран мартан хаамашца, 63,5 % нохчий йоза-дешар цахууш бара, ткъа 11,1 % у немцой)[16]. Махкахбаьхначарна аграран секторехь белхаш ца хилча дийна биса шансаш кӀезиг йара.

Вайнехан контингентан бераш даран а, баларан а ша къастина хаамаш бац, амма массо Къилбаседа Кавказера махкахбаьхначера хууш ду (Нохчий а, гӀалгӀай а, кхарачой а, балкхарой а). Махкахбаьхначхьана а 1948 шеран 1 октябрь кхаччалц Сибрех хилла 28 120 бер, кхалхина 146 892 адам. Къастина шарашкахь бераш дар а, кхалхар а дара иштта:[17]

ШоБераш динаКхелхинаТӀекхетар (кӀезиг хилар)
1945223044 652−42 422
1946497115 634−10 663
1947720410 849−3645
194810 34815 182−4834
194913 83110 252+3579
195014 9738334+6639

Нохчий а, гӀалгӀай а Сибрех кхаьчна хан тидаме эцча Къилбаседа Кавказера массо махкахбаьхначарца лерича 81,6 % вайнах хуьлура, оцу массо халкъийн баларш лерича 120 эзар адам делла ала мегар ду. «Ординаран» балар а лерича махкахбахар бахьнехь 90—100 эзар адам делла. И хуьлу 20 % герга дуьххьара махкахбаьхначеран дукхаллица.

1939 тӀера 1959 шо кхачалац СССРехь 2,6 % кхиъна нохчий бара (407 968 тӀера 418 756 кхаччалц), гӀалгӀай бара — 15,0 % (92 120 тӀера 105 980 кхаччалц адам). Оцул кӀезиг адам тӀекхетаран бахьна дара махкахбахар. Амма XX бӀешеран эхигехь вайнехан ламастан лакхара бераш дукху хилар бахьнехь демографин катастрофегара толам баьккхира. 1959 тӀера 1989 шарашкахь нохчийн дукхалла тӀекхиира 2,3-за, гӀалгӀайн — 2,2 за.

1945 шаран 1 январь тӀекхаьчча махкахбаьхнарш бара 440 544 нохчий а, гӀалгӀай а, 1949 шаран йуьхьангахь дукхулла кӀеззиг хилара 365 173 тӀе кхаччалц[18]. 1949 шарахь Сибрех бахаран адаптаци хилар духкучу хьолехь чекхделира, Баларал бераш дар сов деллара оцу бахьнехь контингентан дукхалла а тӀекхета йолайелира. 1953 шаран йуьхьангехь лерана комендатурехь дӀайазбина бара 316 717 нохчий а, 83 518 гӀалгӀай а. Оцу хенах цера СССРн регионашкахь баьржина хилар дара лахахь ма гойту[19]:

РегионнохчийгӀалгӀаймассо
Казахийн ССР244 67480 844325 518
Карагандан область38 699522643 925
Акмолан область16 51121 55038 061
Кустанайн область15 27317 04832 321
Павлодаран область11 63112 28123 912
Малхбален-Кхазакхстанан область23 060323 063
Алма-Атан область21 138182222 960
Талды-Курганан область21 04346521 508
Джамбулан область20 03584720 882
Кокчетаван область577914 90220 681
Семипалатин область194955819 553
Къилбаседа-Кхазакхстанан область12 030522117 251
Къилба-Кхазакхстанан область14 782118715 969
Кзыл-Ордан область13 5577413 631
Актюбен область10 394 —10 394
Гурьевскан область12441591403
Малхбузен-Кхазакхстанан область314
ГӀиргӀазойн ССР71 238233473 572
Фрунзен область31 713197433 687
Ошан область21 91929422 213
Джалал-Абадан область13 7303913 769
Таласан область3874133887
Тянь-Шанан область112
Узбекийн ССР а, Таджикийн ССР а249182431
РСФСР535142677
Тобаран-белхан лагерш а, ССРС МВДн лерийна гӀишлош йар а191534

Операцин мах хадор

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Диццадаларан хӀолламийн суьрташ
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана Мемориал «Ис бӀов» 1944 шарахь махкахбаьхначарна мемориал (Соьлжа-ГӀала)

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Гудермесская районная газета «Гумс»"(ТӀе цакхочу хьажорг)
  2. Вайнах махкахбахар дагалоцучу дийнахь
  3. Вайнах махкахбахар
  4. 1 2 3 4 5 Наказанный народ. Как депортировали чеченцев и ингушей
  5. [Висаитов М. А. От Терека до Эльбы. Воспоминания бывшего командира гвардейского полка о боевом пути в годы Великой Отечественной войны. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1966. — 128 с., с. 71.]
  6. Калыбекова М. Ч. Некоторые аспекты причины выселения и депортации народов. articlekz.com (2010). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 6 январь.
  7. 1 2 "Наказанный народ. Как депортировали чеченцев и ингушей"(оьр.). РИА Новости. 22/02/2008. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)
  8. 1 2 Николай Бугай. "Депортация народов"(оьр.). Научно-просветительский журнал «Скепсис».
  9. 1 2 Павел Полян. "Принудительные миграции в годы второй мировой войны и после её окончания (1939–1953)"(оьр.). memo.ru.
  10. "Документы из архива Иосифа Сталина"(оьр.). Независимая газета. 2000-02-29.
  11. Операция «Чечевица»: 65 лет депортации вайнахов
  12. Рассекреченные архивы И. Сталина
  13. Бугай Н. Ф. Правда о депортации чеченского и ингушского народов // Вопросы истории. 1990. № 7. С. 32-44.)
  14. см. Примечание 4 Архивйина 2014-11-11 — Wayback Machine
  15. см. Примечание 1
  16. Земсков В. Н. Спецпоселенцы в СССР. 1930—1960 гг. М.: Наука, 2005, с. 178.
  17. Земсков В. Н. Спецпоселенцы в СССР. 1930—1960 гг. М.: Наука, 2005, с. 193—195.
  18. Земсков В. Н. Спецпоселенцы в СССР. 1930—1960 гг. М.: Наука, 2005, с. 119, 164.
  19. Земсков В. Н. Спецпоселенцы в СССР. 1930—1960 гг. М.: Наука, 2005, с. 210—224.
  20. Лунина М. Терпение камня. — Собеседник Москва 1989, N 27, с. 12.
  21. Мемориал в Грозном: ликвидация памяти чеченского народа