Нохчийн Республикин къоман музей
Нохчийн Республикин къоман музей | |
---|---|
| |
Организацин тайпа | Музей[d] |
Кхоьллар | |
Кхоьллина терахь | 1924 |
nacmuzeychr.ru | |
![]() |
Нохчийн Республикин къоман музей (оьрсийн маттахь Национальный музей Чеченской Республики) — мохкбовзаран Ӏаламан а, историн а музей ю. Соьлжа-гӀалахь лаьтташ ю. Республикин ярташкахь цуьнан пхиъ филиал ю.
Хабар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Музей кхоллар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Нохчийн Республикин къоман музей схьайиллина Соьлжа-гӀалин халкъан дешаран декъо 1924-чу шеран лахьанан-беттан (ноябран) 7-чу дийнахь. Юьхьанцара иза гонан (округан) динан а, оьздангаллин а историн музей яра. 1925-чу шеран чиллин-баттахь (февралехь) схьадиллира нумизматикин дакъа. Музей чохь гул а еш яра Соьлжа-гӀалин а, Нохчийчоьнан а историца йоьзна экспонаташ. Музей кхолла белхаш бина меттигерчу гулдархочо а, чуваьржжиначу филателисто Скалиотти Борисо. Иза музейн хьалхара доладархо вара.
1930-чу шерашкахь музейх Ӏилманан-талламан хьукумат хилира. 1936-чу шарахь музейн Нохч-ГӀалгӀайн республикин мохкбовзаран Ӏаламан музей статус елира.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом а, махкахдаккхар а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом боьдучу шерашкахь музей болх беш яра. 1944-чу шарахь чиллин-баттахь (февралехь) Сталин Иосифан омраца нохчий а, гӀалгӀай а махках баьхнера. 1950-шерийн юккъе кхаччалц Соьлжа-гӀалин (Грозненски) мехкан мохкбовзаран музей яра иза. Цуьнан фондехь кхо эзар кхо бӀе шовзткъе ялхийтта (3356) экспонат яра.
Нохч-ГӀалгӀайн республика юхаметтахӀоттор[нисйе бӀаьра | нисйе]
1957-чу шарахь Нохч-ГӀалгӀайн Автономни Советийн Социалистийн Республика меттахӀоттийра, музей чохь Нохч-ГӀалгӀайчоьно экономикехь а, дешарехь а, оьздангаллехь баьхна кхиамаш гойтуш бара. Иштта дӀахьуш бара серладаккхаран а, кхиоран а, пропагандин а белхаш.
1967-чу шарахь музейн Советийн Социалистийн Республикийн Бертан оьздангаллин коьртачу урхаллин (министерствон) диплом делира, 1973-чу шарахь — РСФСР-ан оьздангаллин министерствон шолгӀачу даржан диплом делира. ТӀаьхьа музейн кхиъ дукха совгӀаташ делла.
1990-чу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан цхьаьнатоьхна музей Къилбаседан ДегӀастехь уггар яккхийчарех цхьаъ яра. Цуьнан фондехь герга 230 эзар ларбеш барам бара. Захаров Пётран цӀарах йолу Нохчийн республикин гайтаман исбаьхьаллин музейн фондехь — герга 4 эзар экспонат яра.
1994-чу шарахь Нохчийчохь шиъ регионан музей яра:
- Нохчийн цхьанатоьхна музей (мохкбовзаран Ӏаламан музей) а, цуьнан дакъош а:
- Теркан кӀоштан Лаха Невре юртахь йолу Мамакаев Ӏарбин литературин а, хӀолламан а музей;
- Шелковскан кӀоштан Старогладковски юртахь йолу Толстой Лев Николаевичан цӀарах литературин а, этнографин а музей;
- Шуьйтан кӀоштан Шуьйта юртара Шерипов Асланбекан цӀарах историн а, хӀолламан а музей;
- Захаров Пётран цӀарах Нохчийн республикин гайтаман исбаьхьаллин музей а, цуьнан ши филиал а:
- гайтаман цӀа;
- гайтаман исбаьхьаллин ишкола-студи;
1990-гӀа шераш долалучу муьрехь Нохчийчоьнан музейш заза даьккхира. Музейн керла гӀишло ийцира, цу чохь музейн раритеташ гайта яккхий майданаш а яра.