Нохчийн Республикан шатлакхан илли

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Шатлакхан Илли
Дешнийн автор Хож-Ахьмад Кадыров
Композитор Ӏумар Бексултанов
ЧӀагӀйина 2010 шаран 28 июль
Animated-Flag-Chechnya.gif

Нохчийн Республикин шатлакхан илли — эшаран музыкальни произведени ю, Нохчийчоьнан цхьа билгало ю, нийсса байракхца а, гербаца а.

Иза тӀелаьцна НР Законца, 28 июлехь 2010 шеран. Дешнийн автор ву вайн паччахь Ахьмад-Хьаьжи Кадыров. Эшаран композитор ву Ӏумар Бексултанов.

Шатлакхан Иллин текст:[нисъе бӀаьра | нисъе]

Харцоно цӏе тесна хийла хьо ягарх,
Нохчийчоь ца йоьжна, гӏаьттина яха
Кавказан ткъес хилла, маршонан ага,
Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.
Барт болу хьан къаьмнаш — мах боцу беркат!
Хьо йоцург, Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.
Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь,
Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.
Башламан баххьашка дайн синош дуьссу.
Органа тулгӏено ненан мотт буьйцу.
Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехь делла!
Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!
Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,
Хьалкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.
Машаран гӏаролехь ирсан некъ тайна,
Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!