НогӀамирзин-Юрт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Эвла
НогӀамирзин-Юрт
Ломаз-Юрт, Номаз-Юрт[1]
IMG 20180323 135549 Ломаз-Юртара маьждиг.jpg
Пачхьалкх

Российн Федераци

Республика

Нохчийн Республика

КӀошт

Теркан

Юьртан меттиг

Ломаз-Юьртан

Координаташ

43°38′57″ къ. ш. 44°53′01″ м. д.HGЯO

Йиллина

1860 ш.

ХӀордан сизал локхалла

121[2] м

Климатан тайпа

барамера континенталан

Бахархой

5000[3] адам (2010)

Къаьмнийн хӀоттам

нохчий

Динан хӀоттам

бусулбанаш

Бахархойн цӀерш

ломазъюьртахой

Сахьтан аса

UTC+3

Телефонан код

87132[2]

Поштан индекс

366816

Автомобилан код

95

ОКАТО

96216804001

Картан тӀехь
НогӀамирзин-Юрт картан тӀехь
Locator Dot2.gif
НогӀамирзин-Юрт картан тӀехь
Locator Dot2.gif
НогӀамирзин-Юрт картан тӀехь
Locator Dot2.gif

НогӀамирзин-Юрт (Ломаз-Юрт[4]) — Нохчийчуьра Теркан кӀоштара юрт.

НогӀамирзин-Юьртан меттиган административан центр[5].

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Нохчийчохь уггар малхбузера юьрт ю, Къилбаседа ХӀирийчоьнан Мазалкан кӀоштаца доза ду малхбузехь. Лаьтта Теркан аьтту бердаца Ставрополан мехкара Курскан кӀоштан Гуьлгани гӀалан дуьххьала, кӀоштан юкъ йолчу ЧӀулга-Юртан 19 километр къилба-малхбузехь, 116 километр гена Нохчийчоьнан коьрта шахьран Соьлжа-ГӀалин, 24 километр гена цӀерпоштнекъа станцин Ишорен[6]. Уллора ярташ: къилбаседа-малхбалехь — Ӏелин-Юрт а, Бена-Юрт а[7].

Микротопоними[нисъе | нисъе чухулара]

Юьртан махка тӀехь ю лахара микротопонимиш:

  • Баьрзнаш – юккъерчу бӀешерашкара кешнийн баьрзнаш, юьртан къилбехьа.
  • Кешнаш – юьртан къилба декъехь.
  • Шира кешнаш – юьртан къилбаседа агӀора дӀатесна кешнаш, токхмаш хиларна духуш ду.
  • ГIонжин некъ – некъ араболу малхбалехьа аренашка. И некъ биллина Анстой тайпана хиллачу хьоладас ГӀонжас, юьртан гена йоццуш ГӀонжгӀеран кӀотар хилла.[8]
  • Манин саьнгар – Мани-Шайхан омрица цуьнан муридаш а, ломазюртхоша а, XX бӀешеран 20-гӀачу шерашкахь гӀалагӀазкхашна дуьхьала тӀом бан яьккхина саьнгар.
  • ГIарсин гIайре – юьртан къилбаседа-малхбалера Теркан гӀайре. ГӀарси – нохчийн боьршачу стеган цӀе ю.
  • БугIин некъенан кIотар – юьртан малхбалехьара кӀотар, цӀе ширъелла. ХӀинца Къурбан кӀотар я МТС олу. БугӀин некъе Чермойх дакъа ду.
  • Къурбан кӀотар – БугIин некъенан кIотар цхьаъ ду. Кхазакхстанера цӀехьадирзича Къурбан некъе дуьххьара охьахевшира цига НогӀамирзин-Юртара кхелхина. Къурбан некъе орстхойн тукхумара Анстой тайпах бу.
  • Элийн мохк – массо а аьлча санна теркан аьтту бердаца йолчу ярташкахь ю иштта цӀе, уггар дика латташ паччахьо совгӀатан лора эскаран гӀуллакхехь болчарна, хьоладайшна, элашна, гӀазакхийн тхьамданашна, шайн агӀора бевлла цӀе йоккхуш хилла болу нохчашна а.
  • Кхуран хи долу чоь – юьртан къилбехьара хьост долуш меттиг.
  • КIир боккху чоь – юьртан къилбехьа.
  • Белшин чоь – юьртан къилбехьа. «Белши» - наьртан Новран зуда.
  • Бесиран боьлак – юьртан къилбехьара коьллин хьун. Бесир – нохчийн боьршачу стеган цӀе ю.
  • Ирбаьхьанан барз – юьртан къилба-малхбузехь. Ирбяхан - нохчийн боьршачу стеган цӀе ю.
  • Ирзен гIайре – Теркан гӀайре тӀехь хьуьнан ирзе долуш, юьртан къилбаседа-малхбалехьа.
  • Оьзаг – юьртан малхбалехьа а, къилбехьа а долу дежийлаш.
  • ГIожакъан Iуьрг – юьртан малхбален агӀора лаьтташ доьду Ӏуьрг. ГIожакъ – наьрт ду вайнехан мифологера. Наьрташ ГIожакъ, Новр, церан зударий Сатиха а, Белши а дуккха а хьахийна бу теркхойн дийцаршкахь а, туьйранашкахь а. Теркан дукъ тӀехь а, Ӏалханчуртан тогӀен чохь а иттаннаш топонимаш ю наьртех техкина.
  • ГӀонжин боьра – юьртан малхбалехьа[9]. Цигахь лаьттина ГӀонжин кӀотар.

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархойн дукхалла
2002[10]2010[11]2012[12]2013[13]2014[14]2015[15]2016[16]
5042500052075330544654735532

Къоман хӀоттам (2002 ш.):

  • нохчий — 5 022 ст. (99,6 %)
  • кхин берш — 20 ст. (0,4 %)


Истори[нисъе | нисъе чухулара]

НогӀамирзин-Юрт йилина 1860 шарахь Теркан аьтту бердаца, тайпана чермо хиллачу НагӀмирзас.

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а махкахбаьхначул тӀехьа юьртан цӀе хийцира цӀе – Братски, ткъа нохчийн цӀе НогӀамирзин-Юрт юхаерзийраГӀалат дешнаш далорна ДӀакъовлуш йолу тег яц </ref>. Тахана юьртхоша дукхах дерг Ломаз-Юрт олу, ткъа НогӀамирзин-Юрт а, Турпал-Юрт а наггахь болчара бен ца олу.

Социалан объекташ[нисъе | нисъе чухулара]

Юьртахь ду доккха рузбанан маьждиг, оьздангаллин цӀа, масех туька, пошта, 2015 шарахь керла йиллина ишкол (НогӀамирзин-Юртан муниципалан юккъера юкъарадешаран ишкол[17]).

ГӀарабевлла юьртахой[нисъе | нисъе чухулара]

Юьртара тайпанаш[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.551
  2. 1 2 Село Братское / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  3. 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений. Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2012 шеран 16 апрелехь.
  4. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран grozny-inform йоза яздина дац
  5. Братский сельский округ (Надтеречный район)
  6. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.551
  7. Карта Чечни
  8. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.551
  9. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.552
  10. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  11. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  13. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  14. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  16. Чеченская Республика. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2008-2016 годов
  17. МОУЧ 'СОШ с.п. Братское' 89637016742, 2007003861
  18. Газета "Коммерсантъ" № 067 от 13-05-97 Полоса 001
  19. Умалат Лаудаев
  20. Новости мира из Вашингтона — Радикальный ислам или буддизм — религия как причина конфликтов September 8, 2017
  21. Интервью с Джамбулатом Умаровым от 21 ноября 2017 Говорит Москва 22 ноября 2017
  22. Победы и поражения комбата Ямадаева. Южный репортёр (2005, 27 июнь).
  23. Обращение к журналистам и общественным деятелям, признающим необходимость окончания войны в Чечне и начала мирных переговоров. Московская Хельсинкская Группа (2002, 1 октябрь).
  24. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.551

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]