Нова, Жуан да
Жуан да Нова | |
---|---|
порт. João da Nova | |
![]() | |
ГӀуллакхан тайпа | ХӀордахо, Новкъахо |
Вина терахь | 1460 шо |
Вина меттиг | Оренсе Маседа, Галиси |
Кхелхина терахь | 1509 шо |
Кхелхина меттиг | Кочин ХӀинди |
Гражданалла | Паччахьалла Португали |
Жуан да Нова (порт. João da Nova, хӀинца галис. Xoán de Nóvoa — Шоан де Новоа, испан. Juan de Nova — Хуан де Нова; 1460 — 1509) — галисихойх схьаваьлла Португалин хӀордахо, Баккхий географин белламийн муьран гӀараваьлла векал.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Вина Галисин областан Оренсе гуон Маседа эвлахь (Испани) 1460 шарахь гергга. Хуан бер долуш, испанин Галисехь дов хилира, девза Вежарийн тӀемаш (я Ирмандиньо) цӀарца, цундела доьзало дӀахьажийра иза маьршачу Португале. Цигахь иза португалин тажан тӀеман гӀуллакхе хӀоьттира. Къилбаседа Афикехь тӀемехь дакъа лацарна 1497 шарахь Нован Лиссабонан алкайд (Alcaide menor de Lisboa) дарж делира.